Your browser doesn’t support HTML5
Шема тIаме ихнарш я хьиджра до шаьш бохуш Иракъе а, Шема а баха дагахь дIабахнарш "Исламан пачхьалкх" олучу ДАIИШ тобанан тIеман эшамаш кIарг мел ло а, шаьш, тIагIутан мохк а лерина, дIаихначу пачхьалкхашка юхаоьхуш бу.
Цхьаберш юха берза некъаш а, аьттонаш а ца карош я иракъхойн а, шемахойн а къайлахчу сервисийн а, эскарийн а набахтешкахь бу, я лечкъина, цу мехкашкара арабовла некъаш лоьхуш бу.
Нагахь санна Къилбаседа Кавказера, къаьстина Нохчийчуьру Шема бахнарш Нохчийчоьнан куьйгалло жим-жима бахкош, ДегIаста юха ца берзош белахь а, - къаьстина зударий, бераш - Европера тIаме баханачеран хьал чолхехь ду.
Немцойн а, австрихойн, британхойн а, францхойн а доьзалшкахь хьала а кхиина, иман диллина бусулба дин тIе а эцна, дIабаханарш цу пачхьалкхийн векалташа гIо а деш, цхьацца валийна а цIабалош белахь, мухIажираш санна Европерчу мехкашкахь Iаш болчара джихаде бахана болу кхечу къаьмнех болчу нахана юхабахка гIо деш цхьа а вац.
Мелхо а, меттигера Iедалш а, къайлаха сервисаш а саготта ю и нах шайна ца хууш шайн пачхьалкхашка юхакхачарна а, цара шайна хетарг а, тIеман зеделларг а схьа а деана, шайн юкъараллашкахь царах кхерам хиларна а.
Делахь а, хIинцале а иттанашкахь бу Европерчу пачхьалкхашкахь Шемара юхабирзнарш. Къаьстина дукха бу уьш, мохк ша жима хиларе хьаьжча, Австрехь. Iедалхоша чIагIдерахь, 40 сов стаг веана Алпийн махка цигара Шема вахана хиллачу 300 герга адамах юха.
ТIамера Австре юхавирзина гучуваьлларг Iедалхоша лоцуш ву, террористийн цхьаьнакхетараллехь дакъалацарна бехке а вой. ХIинцале а ткъех цу кепара процесс хилла цу махкахь джихадхошна тIехь я Iедало джихадхой леринчу нахана тIехь.
КIеззиг бац цу кепара чубоьхкинчарна юкъахь нохчийн къомах нах. Доккхачу декъана 20 шарера 35 шаре кхаьчна божарий бу уьш, цхьа масех зуда а ю. Шемара Австре цIабирзинчара шаьш Шемахь хиларна мукIарло дахь а, амма цхьаммо а тIе ца дуьту, шаьш цигахь ДАIИШ-ан могIаршлахь къизаллаш лелош бара я шайн карах нехан цIий Iаьнна бохург.
Мискачу нахана гIо дан дагахь дахнера шаьш цига я Асадан режиман дуьхьал летачарна гIо дан дахнера олу дукхачара. Цхьаболчара шаьш цигара хьал ма-дарра ца девзаш дахнера, амма цигахь лаьттарг гинчул тIаьхьа цигара девдира шаьш бохуш чIагIдо.
Иштта, масала, даханчу шарахь ДАIИШ-ан тобанехь хиларна масех шо хан тоьхна чувоьллинчу цхьана нохчочун вашас Маршо Радионе иштта дийцира хилларг.
ДАIИШ-ан декъашхо хиллачуьнан ваша: «Сан ваша чохь воллуш ву. Иза цига дIавахча, цигара "пал" ган а гина, кхера а велла, оцу сохьта цигара вада гIерташ вара, аьтто бацара цуьнан. Цул тIаьхьа иза Туркойчу дIавахара. Кхузара цуьнан хIусамнана тIаьхьа яхара цунна иза схьавалон. Со кхузахь, полисхочунна тIе а вахана, сан ваша суна схьавалош гIо де, суна сайн ваша веза, аьлла, сан иза схьавалон таро яц, амма сагIа дехна а ас иза схьавалор ву, элира ас».
Кху гуьйранна Австрин тайп-тайпанчу гIаланашкахь масех кхел хилира Шема бахана юхабирзинчарна а, цига баха гIертачохь лаьцначу а нохчашна тIехь. Цара массара а харц дора шаьш джихад даккха гIерташ дара бохург. Ткъа цхьана зудчой, майрчой-м шаьшшиъ джихад хьовха, кхин башха дIогара Делах тешаш а дац элира кхелехь.