Your browser doesn’t support HTML5
Нохчийн къам дохийна махкахдаьккхина де дагалоцуш цхьамогIа цхьаьнакхетарш дIадахьа кечлуш бу Европера нохчий. ГIура-беттан 23-чохь Австрин шахьарерчу уггаре а хазчех гIишлонна чохь дIахьур ю нохчийн бохорна лерина конференци. Венин 5-чу кIоштан урхаллин кхерчахь хир ю иза.
Цу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш хир бу Австрера Къилбаседа Кавказах болу Iилманчаш. Цул совнаха, политикаш а, юкъараллин жигархой а хир бу цигахь. Дагалацаман суьйренна модераци еш Нохчийчоьнах лаьцна масех киншкин автор йолу Шолль Сюзанне хир ю. Нохчийн къам дIадохарехь Германин а, Австрин а хIетахьлерчу ролах лаьцна дуьйцур ду политолого Шмидингер Томасас.
Австрехь дина а, кхуьуш долчу нохчийн бераша шайн доьзалш дIабохоран истореш юьйцу исбаьхьаллин проект юьллур ю гулбеллачийн кхеле. Цул совнаха, нохчий дIабохийначул тIаьхьа чартех некъаш а, гIишлош а йина хиларх лаьцна а рапорт хир ю конференцехь.
И цхьаьнатохар кечдеш ерг Венера ши нохчийн юкъаралла ю. "Австрера нохчийн наной» а, "Ичкерия" цхьаьнакхетаралла а ю уьш. Австрихойн дийна цхьа белхан тоба ю нохчийн бохамн де дагалацар кечдеш гIодеш. „Венера берийн адвокаталла“ а, университетан белхахой а, бевзаш болу журналисташ а бу цу белхан тобанехь вовшахкхетта. Ткъа суьйре дIайолош йистхир ю кIоштан куьйгалхо магистр Шефер-Виери.
Францера нохчийн а бу дIадохоран де дагалаца кечамаш беш. Ниццерчу нохчийн-гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо Магомадов Рамзанс вовшахтоьхначу тобано оцу бохамехь кхелхинарш дагалоцуш митинг дIахьур ю.
Магомадовс дуьйцу: "Кхузахь баккхийчарна хьалха ваьллачу Гулаевца а, кхечаьрца а гулам а бина, тIеэцна сацам бу оха и де дагалаца. Вайн Iалашо 1944-чу шарахь нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш дIадохор дагалацар ду. СагIа а доккхуш, вайн беллачарна доIанаш а деш. Вайн тIаьхьадогIучу чкъурана иза дIадовзийта лаьа вайна. Сталинс а, цуьнан накъосташа а вайн къомана тIехь дина таIзар кегийчарна диц ца далийтар ю вайн коьрта Iалашо".
Иштта Францерчу Нант гIалахь беха вайнах а бу депортацин де дагалаца кечлуш. "Маршо“ цIе йолчу ассоциацино ГIура-беттан 25-чохь кхойкху махкахой къоман бохаман де дийцаре дечу суьйрене. Депортацех лаьцна филм а, къам дохорах лаьцна берийн дийцарш а ду цхьаьнакхетаран программехь.