Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь Австрерчу болхбоцучийн хьукматана тIе а тевжаш, хаамийн гIирсаша йийцаре яьккхинчу рапортехь чIагIдеш ду, цу махкахь уггаре а балхана тIерабоцурш, балха дIатарбан халаниш а нохчий бу, бохуш. Arbeitsmarktservice, я доца аьлча, AMS цIе йолчу австрихойн хьукматан тайп-тайпанчу гIаланашкарчу декъийн куьйгалхошка а, белхахошка а хеттамашца кхоьллинчу рапортехь чIагIдо, нохчашца цхьаьнаболх бан вуно хала ду, бохуш.
Нохчийн божарий оьгIазе хилар а, лата кийча хилар а ду хьахийна. Масала, рапортехь чIагIдо, нохчийн божарша AMS-хьукматан белхахошна кхерамаш туьйсу, царна лата чугIерта, аьлла. Ткъа сервисан белхахой царех кхоьру, бохуш. И бахьана долуш нохчашна болх бе я курсашка гIо аьлла тIедожон цу сервисан белхахой ца боьхьу, аьлла билгалдаьккхина ду.
Нохчашний, шемахошний, овхIанхошний гастрономехь я социалан белхашкахь къахьегар тIедожон а хала ду, хIунда аьлча кхечеран хьашташка хьажаран сервисехь болх бан царна иза осала хета, бохуш чIагIдо рапортехь.
И документ зорбане далар ларамаза нисделла. ХIунда аьлча, AMS-хьукматан куьйгалхочо Копф Йоханнессас шен Фейсбукерчу агIонна тIехь билгалдаккхарехь, хьукматан белхахошна чоьхьарчу хьашташна лерина хIоттийна досье яра иза. Иза нахала яккха йиш йолуш яцара. Цул совнаха, и санна йолу досьеш сих-сиха цо куьйгалла дечу хьукматехь кхуллуш ю, шайна белхан эвсаралла лакхаяккхархьама.
Цхьадолчу къаьмнийн векалш болх бан лууш бац бохуш царна паушале цIекхоллархьама язъеш яц иза. Цо емал дина, шайн чоьхьарчу документах бахьана а дина, цхьаццаболчу хаамийн гIирсаш къаьмнашна юккъехь барт бохон цима тийса гIертар.
Австрехь бехачу нохчашлахь а шуьйра дIасаяьржина болхбоцучийн хьукматан рапортана тIе а тевжаш, нохчийн болх бан лууш бац бохуш чIагIдеш йолу артиклаш. Социалан машанашкахь а, вастаппехь халонга даларца дуьйцу вайнаха, шаьш къахьоьгуш хиларх а, шайн гонера адамаш доккхачу декъехь уггаре а халчарех белхаш деш хиларх а лаьцна. Юккъера нохчий къахьегарна тIера бац бохург халонга а даьлла царна.
Нохчий къахьегна ца Iаш, вуно халчу хьелашкахь дан дезаш долу, дегIана а, сина а ницкъ хуьлуш долу белхаш деш бу бохуш дийцира Маршо Радионе гIишлош юхаметтахIитторан фирмехь болх беш волчу Тарсаев Рамзана: „Со болх беш ву, сан накъостий а болх беш бу. Iедало нуй хьакха я цIанонаш е бахахь, нохчаша и саннарг дийр дац, вайн дайшкара дуьйна схьа вай и санна болу белхаш ца бина дера. Вай цIийца дерг ду иза.
Амма вуьшта муьлха а лортIехь болх шайна белча нохчаша иза бийр бу-кх. Даима а къахьоьгуш хилла бу-кх нохчий. Шайца болх беш болу кхечу къомах нах цецбохуш болх бо нохчаша. ГIишлошъярехь а, машенашна тIехь а белхаш бо нохчаша. ГIишлошъярехь болх бан атта ма дац. Хазнехасанна къахьегна къам ду нохчийнарг. Хьоьгуш а ду, хьоьгур долуш а ду“.
Тарсаев ца кхета, юккъера нохчий цу рапортехь хьахийна хиларх. Шена гонахьара кегирхой берриш аьлча санна къахьоьгуш бу, боху цо. Ткъа болх бан ца луурш нохчашна юккъехь хилла а ца Iа: „Кегийчара-м бо и болх. Дала а ма боху къахьега, болх бе. Кху Iедало схьалоцуш бергш даима а нохчий бу, нохчаша хIара дой, хIара ца дой олий. Ткъа болх ца беш берш кхечу къаьмнашна юккъехь а ма хуьлу“.