Your browser doesn’t support HTML5
Дукха хан йоцуш Нохчийчу веанера Тюмень-ГIалара вахархо. Иза ша Соьлж-ГIалахь вина а, кхиъна а вара. Хьалхара тIом болабалале дIаваханера. ХIинца кхуза веънера шен деца, деден каш лаха. Каш а карийра, цуьнан барз а тобира. Ша ваьхначу меттигашкахула леллера иза, амма веза-вевза стаг ца карийра.
Шен жималла дIаяханчу петар чу а ваханера иза, цу чохь бехачаьрга дехар а дина. Цара веза хьаша санна, тIе а эцнера. ДIавоьдучу хенахь бIаьргах хи а даьлла, вахара иза. Иштта адамалла шена ганза дукха хан яра бохуш. Юха, шен кIантаца вогIур ву аьлла дош а делла, вахара иза.
Шен боцучу махка хьажа-хIотта вогIучух турист аьлла цIе ю официале лелош. Амма Нохчийчохь ца бевлла бен ца олу иштта. Хьаша ву иза олу. Цундела тIеэцар а иштта хуьлу. Тахана туризмехь болх бечарна, уьш Iедалехь белахь а, бацахь а жоьпалла тIедужу къам юьхькIам болчу агIор гайтар. Иза хала дац, хьо нохчийн амалца а, леларца хилчахьана.
Туристийн шен компани йолчу Болотбиев Iадлана дуьйцу кхуза богIучарах: "ТIаьххьарчу 3-4 шарахь стамлуш ю Нохчийчу йогIучу туристийн тобанаш. Дукхачу хьолахь Москохара а, Петербухера а хуьлу кхуза чубогIурш. Масех агIор гойту тIебогIучу хьешашна вайн мохк. Царах коьртаниг - Соьлжа-ГIала ю, цул тIаьхьа -Къоьзан-Iам бу, тIаккха - Органан чIож, хIинца дукха хан йоцуш юкъаяьккхина ю Ножай-Юьртара Бена".
Ша тIеэцначу хьешашна йоккха культурин программа ю Болотбиев Iадлана хIоттош. ХIора тоба сарахь шен да-нана долчу а юьгий, цигахь нохчаша дан ма-деззара хьошалла до. Хийла автобус йоьттина нах баьхкина церан кхерча. Iадланан да ХIарон махкахь вевзаш волу пондарча, илланча ву. Дашна аьлча, "Теркаца суьйре" иллин мукъаман авторех цхьаъ ву иза. Цо шен похIмаллица самукъадоккху баьхкинчеран.
Нанас Зараъа хьешашна хьалха хIоттабо кхача. Зараъа дийцарехь, муьлхха а хьаша тIеоьцучу стагана а, доьзална а тIехь йоккха мисси ю, вайн къомана тIехьекхна йолу нехаш дIаяхарехь: "Тхоьга хеттарш до оццул дукха адам тIелацар хIун Iалашо ю шун олий. ХIун Iалашо хир ю? Вайх вон ойла кхоллаеллачу къаьмнашна вайгара хаза гIиллакхаш гайтар. Оха тхайн хIусамехь кечбо нохчийн кхача.
Нохчийн чорпа йо, чIепалгаш а, хингалш а до. Баьхкинчарна уьш деш гайта а гойту. Баьхкинчарна чIогIа хаза а хета. Цаьрга а дойту оха чIепалг а, хингал а. Тхан чIогIа самукъадолу-кх кху вайн республикех цу хьешийн хаза ойла кхоллаяларх а, вайн хаза гIиллакхаш царна довзарх а".
Къаьсттина баьхкинчу хьешашна хаа лууш хуьлу нохчийн доьзалера юкъаметтигаш, бохуш кхин дIа а дуьйцу Болотбиева Зараа: "Баьхкинчу хьешашна дуккха а хеттарш до дений-нанний, доьзалний юкъахь йолчу меттигах а. Тхан вовше лераме хиларх чIогIа цец а буьйлу. КIанта дена-нанна хьалха шен доьзал ца хьастарх чIогIа цеце а хуьлу уьш. Иза вайн гIиллакхца догIуш ду. ХIусамнана шен цIийндел а хьалха ца лелхар а, цуьнан меттиг тIехьа хилар а. Цуьнах а чIогIа цецбуьйлу уьш".
Кху деношкахь Ростуризмо хаам гIарабаьккхина, Нохчийчохь туризм кху тIаьхьарчу 4 шарахь 250 ца кхоччуш процент лакхаяьлла аьлла. И терахь Оьрсийчохь уггаре а лакхара ду боху цигахь. Ма дарра дийцича, и хьал иштта ца хила а мега, хIунда аьлча, кхузахь цхьатерра хьаша лору цхьана денна веънарг а, эха шарана болх бан веънарг а. Амма хьаша-да тIеэцар тахана а коьртехь ду нохчийн амалца. Диц ца до хьаша-беркат хилар.
Your browser doesn’t support HTML5