Замане хьаьжжина бу нохчийн мотт

Архивера сурт.

Your browser doesn’t support HTML5

Замане хьаьжжина бу нохчийн мотт

Ткъех сов шо хьалха махкахь политикан хийцамаш буьйлабелла зама яра иза. Дерриг адам меттахдаьлла дара цу историн голатухучу хенахь. Цхьана дийнах, Соьлж-ГIалахь дикка хан а яьккхина, эвла вахача сайна гина сурт дагара ца долу суна.

Дечках дина герз а карахь, а йоI а, кIант а ца къастош могIа бина «оппозици - Дудаев» бохуш, чан эккхийтина, салтий санна лаьттах когаш бетташ дуьйладелла лелаш дара жимий бераш.

«Дела доьхьа, ма оьшуш яцара-кх вайна и суверенитет» аьллера цо.


Харц хир дацара и ши дош - оппозици а Дудаев а - цу деношкахь нохчаша уггаре а алсам хьехочух дара аьлча. Царна, шеко а йоцуш, тIетоха мегар дара «суверенитет» олу нохчашна цIеххьана девзина а, дезаделла а керла дош а.

Дийнахь-буисий, цхьа тоба вукхо а хуьйцуш, и суверенитет нохчашна оьшуш хиларх лаьцна дуьйцуш хилара цу хенахь дахаран коьрта дакъа а хилла дIахIоьттинчу телевизионехь жима а, воккха а.

Иштта цу могIарехь нисвелира цхьана дийнахь политикана дукха гена волу тхан лулахо а. Эххаре а рагI шена тIекхаьчча, программа дIахьочо, ахь алал хIинца, хьанех, хьуна хIун аьлла хета «северенитетах» лаьцна аьлла дош делча, дикка дIа а нисвелла, шега кхаьчначу даржаш воккхавевеш санна, «Дела доьхьа, ма оьшуш яцара-кх вайна и суверенитет» аьллера цо.

Шена уллера накъостий, гIад а бахана, белабелча, ша аьллачух шеко а кхоллаелла, вайна оьшург маршо а, нийсо а, барт а бу-кх аьлла, сихха тIетоьхнера цо, шена дийнахь а бусий хезаш йолу нохчийн триада.

Цул тIаьхьа хиллачу тIамца доьзна дешнаш ца дийцича, нохчаша уггаре дукха хьехош дерш дара замано Iаткъам баран билгалонаш лара мегар долу дешнаш. Уьш дара коьртачу декъана динца доьзна. Амма дукха хан ялале, керлачу Iедал дарца, дуза доладелира нохчаша юьхьарлаьцначу керлачу алсам лелочу дешнийн кочар.

Гарехь, тахана нохчийн мехаллийн системехь меттиг йолчух тера дац, вайн наха 20 шо хьалха дог ирахIоттарца тIеэцначу «маршо, нийсо, барт» дешнашна. ​

ДагадогIучу суна Ичкерин президентан Масхадов Асланан рогIерчу зорбанан коференцехь цхьана журналисто, лараме паччахь аьлла, цуьнга вист а хуьлуш, шен хаттар делла. Иза сихха марзделира президентан уллехь хьаькаман меттиг дIалаца гIертачу нахана.

Цул тIаьхьа сих-сиха хезара телевизионехь «паччахь» боху дош. Ткъа тахана цхьана предложенехь «вай паччахь» шозза ца алар криминал ю моьттуш бха нах, къаьсттина Iедалхой.

Вуьшта аьлча, замане хьажжина хуьлу мотт. Гарехь, тахана нохчийн мехаллийн системехь меттиг йолчух тера дац, вайн наха 20 шо хьалха дог ирахIоттарца тIеэцначу «маршо, нийсо, барт» дешнашна.

Цуьнах лаьцна дуьйцу философо, нохчийн меттан говзанчо Аьрсбин Абу-Бакара.

Аьрсбин: «Советан Iедал долуш цара дихкина хилла дешнаш ду, вайн къоман маттера пачхьалкхаца доьзна а, маршонца доьзна а. Таханлерчу дийнахь изза юха схьадена вайна. Тахана маршо боху дош хьехо йиш йолуш дац. Доьналла а, къонахалла а, нийсо а бохург а дийца йиш йолуш дац. Цундела хьалхалера коммунисташ болчу хенахь хилла хьал юха а дIахIоьттийна. Цул сов, цхьа а доцург а долуш.

Цера цхьа доза а дара. Цера цхьа кеп а яра, низам боху, мегаш а, ца мегаш а. Тахана, цхьа а дозу а доцуш, коьртехь волчу хьаькаманна луъург а деш... цо деш дерг паргIато а, маршо а юьйцучохь мича ду иза. Хьахо а кхераме а, цIе яккха кхераме дешнаш уьш долуш хьал дац вайн цIахь хIоттийнарг?

Кхин цхьа ира проблема ю нохчийн мотт кхиорца йоьзна. Нохчийн маттаца болх бечу хьехархоша а, журналисташа а, Iилманчаша а даима а далхош ду цунна тIехь вуно онда болх бан безаш хилар: керла дошам кхоолар, дош нийсаяздаран низамаш кхоллар, орфографи тояр иштта дIа кхин а.

Амма кхин дIоггара кхимаш бац цу тIехь. Цуьнан бахьана иштта го Аьрсбин Абу-Бакарна.

Аьрсбин: "Суна цаьргара цхьа а жамI ца гина-кх, хIара ду аьлла цаьргара схьаэца... Цхьацца жайнаш арахоьцу. ЦIена дог-ойла а йолуш, нохчийн маттах а, синкхетамах а сагатдеш нах бу цигахь. Амма царна некъ дIабахьа урх яц".

ЮНЕСКО дуьненаюькъарчу организацино далочу терахьашца, нохчийн мотт а бу кху дуьненчохь лелочура дIабала мегачу кхерамехь. Масийтта шо хьалха Нохчийчоьнан Iедалша юкъадаьккхира нохчийн меттан де даздар.

Амма шарахь цкъа нохчийн меттан де даздарх, хала хеташ делахь а, иза денлур бу аьлла ца хета говзанчашна. Амма цуьнах гIуллакх хир дац, нагахь нохчаша шайн мотт доьзалехь Iамош ца хилахь, боху нохчийн пачхьалкхан университетехь болх бечу нохчийн меттан говзанчо Вагапов Iаьрбис.

Вагапов Iаьрби: Уггаре коьртаниг, нагахь санна халкъо ша-шен меттан сий деш, ларам беш доьзалехь дуьйна Iамош ца хилахь, гIуллакхаш атта хийцалур дац. Нагахь ша-ша волчехь, доьзалехь велахь а, кхечу махка вахана велахь а, цо хIара сан нохчийн мотт бу-кх, хIокхо сан нохчалла а, бусалбалла а йо-кх аьлла, цуьнан кийрахь ца хуьлий, цунах гIуллакх хир дац.