Нохчийчоь кхечу Оьрсийчурча регионех дIанисян сацам бина Оьрсийчоьнан финансийн министралло, бюджетера цу республике хьажош долу ахча саца а дина. Цу хьокъехь сацам тIеэцийта дагахь ю министралла хIара шо чекхдалале. Амма Нохчийчоьно, шен агIора, мелхо а алсам даккхар дехна шена федералан бюджетера деш долу гIо.
Цхьаболчу Оьрсийчурча бахархоша латкъамаш бо, Нохчийчоьнан экономика юхаметтахIотто ахча далар, тIамехь эшначул тIаьхьа, толамхочунна эхье йолу ясакх ялар санна хIума ду бохуш. Соьлж-гIалахь стигала ирх дахана тIекъелдина цIенош гуш, шайн кисанара делла цу гIуллакхана ахча бохуш, реза бац уьш. Шайн дахаран къелла гуш, гуттар а оьгIазе хьожу оьрсий, къизчу шина тIамах чекхяьллачулла тIаьхьа, керла чиркхех йогучу Нохчийчоьне.
Ткъа хIинца Оьрсийчоьнан финансийн министро Силуанов Антона хьалхататтар дина, Нохчийчоьнна ахча латторан кеп хийца еза, кхечу регионех иза дIатареш аьлла.
Оьрсийчоьнан регионашна федералан бюджетера ахча латтор къастош ду хIора регионо доккхуш долу а, дойуш долу а ахча тидаме а оьцуш. Ткъа 2000-чу шарахь дуьйна Нохчийчу ахча хьажош ду нисса социалан хьашташна хьажийна йолчу объекташна инвестициш ян.
Финансийн министарна хетарехь, хIинца цига ахча хьажош тидаме эца еза республикехь гулйеш йолу ял. ТIехула тIе цу хьокъехь сацам тIеэца безаш ду Оьрсийчоьнан Iедал хIара шо чекхадалале.
Оццу хенахь, нохчийн Iедало дехар дина Оьрсийчоьнан куьйгалхошка ша тайпа йолу бюджетца йоьзна йолу юкъаметтигаш йитина ца Iаш индустрин объекташ меттахIиттон а, керланаш ян а керла ахча латтор доладахьара федералан бюджетера аьлла. Нохчийчурча Iедалан векалшна хетарехь, республикан хазна юза ахча даккха алссам индустрин хьостанаш дезар ду. Ткъа уьш кхолла 5-8 шо дезар ду.
2008-чу шарахь Товбеца-баттахь Оьрсийчоьнан Iедалша федералан Iалашонан прграмма чIагIйира «Нохчийн Республика 2008 -2011 шерашкахь социалан а, экономикан а кхиор» цIе а йолуш. Цу программица а догIуш, цига хьажо лерина дара 120 миллиард 600 миллион сом. Цуьнан цхьа Iалашо яра 2012-гIа шо тIекхачале Нохчийчохь белхан меттигаш шозза алсам яха.
Цул сов, цу программица а догIуш, республикехь юхаметтахIотто езаш яра 200 сов хIусамийн коммуналан бахаман а, могашалла ларйон а, дешаран а, Iилманана а объект. И ахча хьажийра некъаш тадан а, махкахь телефонийн зIе таян а.
Оьрсийчоьнан финансийн министралло хIинца юьхьарлаьцнарг бахьана долуш, хаттар кхоллало, баккъалла а шен Нохчийчоьнца йолу политика хийца дагахь ю Москох олий. Цу хьокъехь йолчу комментаришка ладоьгIча, Нохчийчоьнан кьйгалхой кхера оьшуш хIума долчух тера дац.
Иштта ойла йолуш ву, масала, Москох йолчу Глобализацин проблемашкахула йолчу институтан директор Делягин Михаил. Цуьнах лаьцна цо дуьйцу Свободная Пресса олучу интернет-газетана ша еллачу интервьюхь.
Делягинна хетарехь, Оьрсийчоьнан финансийн министралло юьхьарлаьцнаг бу бюрократин некъ. Цуьнан куьйгалхочунна Силуановна хета, нагахь контртерроран раж дIаяьккхина хилча, Соьлж-гIалара дуьненаюкъара кеманпорт, ларйеш а йоцуш, болх беш а хилча, формалан кепара ялахь а, болх беш суьдаш а хилча, Оьрсийчоьнан низамашца дIахьуш харжамаш а хилча, могIарера бюджетан юкъаметтигаш хила еза цу республикица аьлла.
Амма Делягина дийцарехь, Москох цхьа а лаам болуш яц Нохчийчоьнца йолу бюджетан юкъаметтигаш хийца. Цуьнан коьрта бахьана Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца юкъаметтигаш дика хилар ду аьлла, хета цунна.
Министр Силуанов Антон Кадыровс эшор хиларх шеко йолуш вац вевзаш волу политолог Белковский Станислав. Оццу Свободная Пресса интернет-газетана ша еллачу интевьюхь, Белковскийс чIагIдо, дуккха а эскаран буьйранчаш а, политикаш а бара, Казанцев Викторна тIера Хлопонинна тIекхаччалц, шайн хьам а ца хуьлуш Нохчийчоь караэца аьтто хир бу моьттуш, амма цу тасадаларшкахь дукха сиха толам баьккхинарг вара Кадыров Рамзан, бохуш.
Белковскийна хетарехь, аппаратчик волу Силуанов дукха гIийла ву Кадыровца вуьстича. Тахана, шена хетарехь, Кадыров ша шолгIа федералан политик хеташ ву, Путин дIаваьккхича, бохуш дуьйцу цо.