Майртуп, ша ма-ярра майра туп!

Маршо Радион корреспондент воккхаверца вахара шена наха дуьйцуш хезначух цец а ваьлла, хьал объективан бIаьрге лацийта! Кхо шо дара иштаниг махкахь хезна а доцу - Майртуьпарчу школин кертах тоьхна вайнах махкахбохор дагадоуьйту банер.

Нохчийчохь магош а доцург шайна майратуьпхоша магор дан а ду тамаше. «Кхин цкъа а ма йогIийла нохчийн къоманна 1944 шеран 23-чу февралехь еана шийла Iуьйре!» Ца теша шу? Хьовсал юха а!

…Хьан-хIа, дац и сурт тахана махканна юкъара, Майртуьпахь бен а ца карийра Маршо Радиона мехкан куьйгалло дихкина кхобу къам дохорах долу бакъдерг гойту сурт.

Кхин де, кхин хьал, кхин сурт ду таханенна-кханенна Нохчийчохь гайта, хIотто магошдерг — Оьрсийчоьнан Эскаран васт, цуьнан Де. Ткъа Сибрех, цигахь вайнахана Сталина жоьжахати кечйина де мегаш дац хьахо — хьахо ваьхьинчунна ю набахти.

Майртуьпахь даккхинчу Чиллан-беттан 22-чохь Соьлж-ГIалахь даьккхира оха хIара сурт а.