Your browser doesn’t support HTML5
Екатеринбургехь кхел йолийна Хасаев Мовсарна тIехь – нохчо бехкево меттигера бизнесхо Арутюнов Ашот верна
2011-чу шарахь дина зулам. Амма цул тIаьхьа ворхI шо даьлча лаьцна Хасаев, 2018-чу шеран Дечкен-баттахь. Нохчийчоь цецъяьлла ца Iа хиллачух – Хасаевгахьа пикеташ дIаяьхьина Москох а.
Славянех тера вогIу нохчо
Шен цIенна гергахь, коьртах герз тоьхна вийра Арутюнов Ашот 2011-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 27-чу дийнахь. Полицино хIоттийначу васто бахарехь, "25-30 шо хир долуш, славянех тера вогIу, 165-170 сантиметр лекха, еха бедар йоьхна, бIаьргаш тIе бейсбол-куй теттина" стаг ву зулам динарг. БукътIехьара гина иза Аратюновца хиллачу цуьнан шина хадархочунна, амма ма-варра иза ган ца ларабелла уьш – сихха ведда, къайлаваьлла зуламхо.
Адвокаташа Хасаевца ца догIу боху и сурт. Мовсар заьIапхо ву, цхьа ког бу вукхул боца. Вац иза вада таро йолуш, некъахьовзамехь чолакхвисина 1998-чу шарахь.
Бехкеван цхьа а стаг ца карош деха Iийна Iедал. Юхьанца йийцаяьккхира Екатеринбургехь вехачу нохчочун Юсупов Романан цIе. Иза вара талламна юкъаозийна, амма, Арутюнов верах долу тоьшаллаш ца карийра, Iадвитира. ХIан-хIа, ца хийцира дIа – бехкевира кхечу зуламна, гIалин администрацин куьйгалхочун гIовсо Контеев Виктора беллачу мехах меттигера бизнесхо Волков Андрей верна. Юсуповс тIеийцира бехк.
Пехийн цамгарх 2013-чу шарахь, шена кхел ечу юкъанна, велла Юсупов Роман.
Арутюнов верах йолчу шеконах талламо мукъа ца витина Юсупов. Иза веллехь а, цуьнан телефон чохь карийначу зIено кхачийра низамхой Хасаев Мовсарна тIе. Аьлча а, Юсуповн телефон чохь сурт карийнера, иза нохчийн лаьмнашкахь Хасаевца жижиг кхорзуш Iаш.
КХИН А ХЬАЖА: Хасаев Мовсар чохь вуьтуш сацамбина кхелахоша2017-чу шарахь Iедало зен долийра, мила ву Юсуповца суьрта тIехь верг. Нохчийчу, иза вехачу Ведана баьхкина, Юсуповх лаьцна хеттарш шаьш дича, Екатеринбургерчу талламчаша мукъавитира Хасаев Мовсар. Амма кхин а ах шо даьлча, Устрада-гIала воьдучуьра лаьцна, БуьритIе дIавигира иза, цигарчу кхело изоляторе кхачийра.
Талламчаш харц бу, алиби ю Хасаевн, тоьшаллалехь бу дуккха а веданхой, чIагIдо адвокаташа. Екатеринбургехь Арутюнов вуьйчу минотехь заьIапхо шен цIахь, Веданахь, гергара стаг дIавуллучу тезетахь вара, боху массара а.
Халкъ Хасаевгахьа ду
Москох, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан цIенна хьалха Хасаевгахьа пикеташ йира жигархоша. Цуьнан гергарчарна Москох гулам хIотто а магийра мэрино. Екатеринбурге Хасаевн хьокъехь дийцарш дIадахьа вахара Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс Алаудинов Апти.
Нохчийн юкъархочо Саратова Хедас Хасаев Мовсаран агIо лоцуш къамел дира Екатеринбургерчу кхелехь - дукха хан йоццуш листа долийна цуьнан дов. "ГIалатбийла талламчаш юьхьанца дуьйна боьлла….Юрист хила ца оьцу, кхелехь лела харцо, гIурт кхето", яздина цо социалан машанашкахь.
КХИН А ХЬАЖА: Хасаевн гIуллакх Москох таллар тIедожийна адвокаташаБакъоларъярхочо Саратовас ша Нохчийчохь Хасаевна гIоьнна акцеш хIитто дагахь ю, дийцира "Кавказ.Реалиига". "18 эзар стагах лаьтта кIошт (Веданан кIошт – редакцин билгалдаккхар) кийча ю Хасаевна орцахъяла. Дуьйцу зулам хиллачу сахьтехь иза Веданахь, гергара стаг дIавуллучохь, хилла. Полиграфах чекхваьлла, Хасаев шайна гарх лаьцна тоьшалла дан кийча ву тезетахь лаьттина ши эзар стаг лаххара а. Тезет, хууш ма-хиллара, деа дийне а долу", элира Саратовас.
Арутюнов вуьйчу дийнахь Хасаев Екатеринбургехь хилла ала цхьа а документ дац талламчашкахь, иза цигахь хилла вац цкъа а, чIагIдо Саратовас. "Сила йолчу кIошто боху иза Веданарчу тезетахь вара, амма цхьа а вац бохучуьнга ладугIуш, нехан тоьшаллаш тIеоьцуш", цецъюьйлу бакъоларъярхо.
Цо дагадоуьйту Хасаев Мовсар челакх хилар, цуьнан цхьа ког шолгIачул ялх сантиметр боца хилар, цу тIе Паркинсонан цамгар цуьнца хилар. "Шуна муха хета, даима а куьйгаш эгош волчу стаге генара хьажийна, тохалур дуй герз? Стаг вийна ялх шо даьлча, цхьана "бомжаша" (хIусам йоцчу мисканаша) тIе пIелг хьажийна аьлла, лаьцна иза. Ткъа 18 эзар стаг вехачу кIошто чIагIдийриг дац тергалдеш а. Масара а цхьабосса боху, Мовсар тезетахь вара. Делахь а, хезна цигахь аьлларг, амма ца хеза кхузахь оха бохург", элира Саратовас.