Your browser doesn’t support HTML5
Divide et impera – нахана тIехь, бекъа а боькъуш, урхалла де. Divide et impera.
Хьан иза аьлла дуьххьара, хууш дац, амма хаьа вуно дукха зама хьалха аьллийла а, вуно нийса аьллийла а. Мел лач харцо иза елахь а, ду лелаш а, лелар долуш а. Шинна я эзарнашна тIехь олалла латтаде, иза шеко йоццуш чекх а дер ду, нагахь санна ахь царна юкъа кест-кеста, говзза питана кхуссуш а хилахь, уьш цхьалха а бохуш, гIорасиз а латтабахь…
Заманан мехаша дамар-дарце баьхна нохчий. Малхбале кхаьчнарш, уьш доккхачу декъанна, юкъа цIий доьллачу мостагIийн могIара баьхна го, Кремле а, цуьнан Нохчийчуьрчу архашка а ладоьгIча.
Ткъа Малхбузера нохчий? Уьш, дукхахберш, муьтIахьбан тарлуш а, бан безаш а бу, аьлла хеташ го.
Бакъду, урхалла шинхьарчарна а тIехь дан зеразакъ ю Кадыров Рамзанан карахь – хIора а цунна луьйчу а, цалуьйчу а нохчочун гергарнаш беха махкахь, ткъа дац Кремло доьхкуш дерриг а дан, нохчийн къам цунна кхин бале ца даьлчхьана.
ДIа – кхийссарш, схьа – кхийссарш.
«ДIа» кхуьйсурш – даймахкахь лела къизалла ла ца луш, шайн кепехь Кадыровга Ютубехула дукха хьолахь дош олурш бу. «Схьа» кхуьйсурш – я ша Кадыров, я цуьнан гонернаш, оццу Ютубехула я Инстаграмехула.
Масалш делла вайна кхушара маситтаммо.
Your browser doesn’t support HTML5
Аьзнаш: "Схьадерзал, адам! Тхо тиларчу дига гIерташ, тхан тIекхиина чкъор тиларчу дига гIерташ, оцу Россин олалле текхадо ахь тхо! Хьуна лотореях яьлла яц и Нохчийчоь! Хьо а, хьо саннарг а тIевахана-кх цу мостагIчунна!"
"ХIара къамел Рамзан Владимировиче ду, цуьнга ладогIийта. Рамзан, со ву хьоьга вон кхаъ бохьуш вогIуш. Тахана Венехь митинг хилла хьуна дуьхьал. Хьуна ши кепек мах а хадийра хьуна!"
"И ахь лелориг, Рамзан, оцу хьайна гонахарчу подхалимашка ла ма догIа! Путин кеста дIавер ву хьуна. Хьайн берашна, гергарчу нахана ахь дина вонаш дуьхьалдевр ду хьуна. ...Хьо вуьззина хьераваьлла а ма вац, къематде ма ду ахь хIттийнарг".
"Рамзан, хьоьга деш къамел ду, оцу зударшний, берашний, къаношний тIе куьг ма кхийдаде! Ахь хьийзочу нахах бекхам хир бу хьуна!"
Кхеташ ду, ю бакъо политикийн а, бакъоларъярхойн а, иштта дIа кхечу юкъархойн а хетарг ала а, дехардан а, кхоччучу кепехь, барамехь хьехамаш бан а – цунах олу демократи, дешан маршо. Амма оцу кепехь, маьттаза, аьхаза юьхь яьхча, нийсонан семана хуур вуй-те цара «ладогIал, хIай» бохуш, тергаме воьху стаг, хьаькам?
ЖамI дан а ду, гуш а ду, даймахкара гергарнаш жоьпе кест-кеста дIаидочу Кадыров Рамзана оццу маьттазчу, оьздангаллах хаьддачу маттаца ло шен жоп. ХIара, масала.
Your browser doesn’t support HTML5
Кадыров: "...Ас терроризм эшийна. Ас терроризм кху махкара лаьллина, ягийна. Аш хIун боху, шу евдда, шу гезарий ю, аш шайн накъостий боьхкина. ...Шун Ичкери цкъа а хилла яц, ...шу санна йолчу еса хIуманашна дуьне а дац я эхарт а дац".
Диалоган, юкъаметтигийн, иштта дIа аьлча, оьздангаллин лардаца доцчу къамело пайда бохьу я зен совдоккху?
Оцу хаттарна жоп луш ву Европехь тховкIело елла веха Ичкерин куьйгаллин векал Исханов Хьусайн. Цуьнга Маршо Радионо хаттардар дозу, дерриг а кхузара дIа мел эриг, Кадыровн агIонна ичкерихойн болх бу олий хеташ гарца.
Your browser doesn’t support HTML5
Исханов: "Кадыровга къамелаш дар эрна ду, иза шеггара вац, иза Кремлера ваийтина ву, цуьнга хетта ца деза, Путинера деха деза, иза ву уггаре хьалха бехкениг. Маьттаза мотт Кадыровга бийцар эрна а ду, зуламе а ду, маршонан новкъара вай дохадо ишта маттаца дечу къамелаша".
Исханов Хьусайн, лаахь а, ца лаахь а, политик хиларе терра, шайн кепехь туьдур ду ладугIучара цуьнан къамел. МогIара вахархо, хьаннал къахоьгуш, гIишлошъярхо ву Европехь Ломаев Муса. Иза а кест-кеста хаало кхузарчу нохчийн протестан митингашкахь, даймахкарчу хьолах сагатдечаралахь.
Делахь а Муса ца хаало Ютубехула я вуьшта Кадыров Рамзане, «схьаверзал, хьо» бохучу дешнашца къамел дечаралахь. Стенна? Цунна дастаме хета, я маьIна а ца го маьттаза къамел даймахкарчу коьртачу хьаькаме дар.
Your browser doesn’t support HTML5
Ломаев: "Охьа а хиина, дан йиш йолуш къамел-м ду иза, делахь а суна цунах пайда ца го. Рамзане а, и санна волчуьнга а цIармат къамел дарх толуш дац хIумма а. Иза Путина ваийтина ву, Рамзан хийцича, и саннарг хаор ву цуьнан метте. Вайн дов Кремлца ду, цуьнга деха а деза дерриг а.
Нохчийчуьрчу хьаькамийн луьралла, нехан бакъонаш цара хьешар, халкъера ирча хьал гуш Iечарна, иза шаьш ца далхийча ца бовлу аьлла хетачарна хIун некъ бу маьршачу Европехь, оьший Кадыровга д1ахьедарш дан, селхана хьашна къоман пачхьалкхалла къийса? Деза, хала хаттар ду иза тахана массо а нохчашна. Исханов Хьусайнна иза го ичкерихойн бIаьргашца.
Your browser doesn’t support HTML5
Исханов: "Доьзалшка дийца деза, хаийта деза берашна цIахь тIом хиллийла а, церан даймохк Оьрсийчоь йоцийла а, лелларг а. Оцу цкъораца болхбича, юхакхоллалур ду маршоне кхийда чкъор, иза кхетамчохь, маршоне кхийдаш кхио деза, иза ду вайна тахана оьшург а, кхочург а".
ХIунда оьшу къийса, дерриг а дIадаьлла, маьрша пачхьалкх кхолла некъаш бац, къарло бохучаьрга стенна ца дугIу ла, хIун маьIна ду хьан къийсаман, аьлла хаьттира Маршо Радионо Ломаев Мусага а. Цунна шен чохь социйла дац, даймохк балехь а боллуш, аьлла хета.
Your browser doesn’t support HTML5
Ломаев: "Со хьийзийна шарахь Кремлан цIарх цунан Нохчийчуьрчу нохчаша. Ас иза дуьйцу массанхьа а, дуьненна хаа деза махкахь къизалла лаьттийла. Суна хаьа, со а, сан накъостий а тахана эшна. Амма кхане йилла еза маршонна. Суна иза ду деза. Соьга бераша цкъа хоттур ду, ахь хIетахь хIун лелийра, сан ала хир ду - со маршонехьа къийсавелла".
2016-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалло арахьарчу мехкашкарчу диаспорашна тIеIаткъамбар совдаьлла цо махкахь бухабисинчу гергарчарна доьхкуш хиларна цара аьлларг, динарг, бохура кху деношкахь бакъоларъярхоша Сокирянская Екатеринас, Ганнушкина Светланас, Локшина Татьянас, Орлов Олега.
Ткъа махкахь шайн гергарнаш бисинийла а хууш, царна сагатдо диаспорашкарчу наха, оцу аспектах низамехь боцу пайда оьцу Кадыров Рамзана, билгалдоккху бакъоларъярхоша.
Цара боху, махкара дIабахначу нохчашна гергарчаьргахула низамехь боцу тIеIаткъамбар Кадыровн политикан цхьа кеп ю, амма Кремло бIаьргаш шен къевлинна цунна.
Орлов Олегна хетарехь, масала, Нохчийчоьхь гергарчаьргара шайн цIийнах волчу стаге динарг дехар, цунна бекхамбар жимма хьалха акхалла хетара, хIинца еррриг а Оьрсийчохь и жоьпаллин кеп яржо лаам бу Iедалан. Ткъа хIинцале и кеп-м лелайоьлла Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, кхечу Къилбаседа Кавказерчу бусалба нехан мехкашкахь а.
Мел мухха а делахь а, дIалоь Европера цхьа нохчий, схьалоь децIахь Кадыровн сий шаьш Iалашдо аьлла хета кхин нохчий. Оцу шатайпа концерташка лерг таIIийна ладоьгIу бухабисинчу нохчаша.
Иштта шен екъа, адаман лерган пот а этIош, эчигах эчиг хьекхалуш санна, дIаоьху къоман истори, цунах иштта ала торуш делахь. Ткъа цуьнан чкъург хийца, карчар аттачу даккха цхьаъ вала а ма тарлой, цкъачунна хила ду ала гуш бахьана дацахь а.
Даима а санна, собар, собар хьехар шена а, уллерчунна а ду тахана нохчочунна дисина лаьтташ.