Your browser doesn’t support HTML5
«Новая Газето» арахецна керла артикл цо хьалхо баржийначу таллам а, кхел а йоцуш нах хIаллакбарх болчу хаамийн кочарера ю.
Нохчийчоьнан кхелехь цкъа а ца хилларг хилла – дов талла балийначара дуьйцу шаьш лецна кхобучара шайна тIехь латтийначу Iазапах лаьцна, ца кхоьрруш царна тIехIуьтту церан гергарнаш.
ДАIИШ-хой? ГIаттам?
Керла шо тIекхачале, ГIуран-беттан 17-чохь, нах инзарбохуш тIематасалар хилира Нохчийчохь. Официало бахарехь, кегийнехан тоба – царех «даIишхой» элира – летира полисхойх, иза хIаллакйира. Баккъал а хIун дара хилларг вайна ца хаьа – талламо (иза а бу къайлабаьхьна) шеконаш йитина дуккха а. Ткъа хиллачун тIаьхьало къаьхьа юьйцу махкахь.
Кегийнах леца болийра цул тIаьхьа. Юхьанца лийцира байинчаьрца юкъарлонехь хилларш. ТIаккха – и мел лецнарш бевза нах, 200 стаг. Царех лаххара а 27 тоьпаш тоьхна вийна Кадыров Ахьмадан цIарх йолчу полкан декъатIехь Дечкен-беттан 26-гIачу буса.
Цхьа хан яьлча бухабисинчу лецначарна бехк тIебаьхьира – «Шема баха дагахь хилар». Оцу хьокъехь айдина девнаш луьстуш ша меттиг дIалоцу бехкебечара динчу дареша.
Биъ бутт гергга хан ю Къилбаседа Кавказан Талламан комитето шега «Новая Газето» дIаделла тоьшаллаш толлу: тоьхна кегийнахана тоьпаш я ца тоьхна?
Турбина майраллин масал гойтуш ю
ТIаьххьара мур тIехIотталц доьза байначийн гергарчаьрца къамел дина а бацара талламчаш.
Цкъа а ца хилларг хилла кху деношкахь – лецначара шайна ечу кхелехь дийца долийна шаьш эха шарахь лайнарг.
Дахначу кIиранах кхелехь вистхилийтина низамехь йоцчу тIеман тобанехь латтарна бехкевен Соьлж-ГIалин йистерчу Турбинера Тарамов Мохьмад а (иза вина 1996 шарахь), Тазбиев Жамалай а (вина 1998 шарахь). Кхелехь лаьтта оцу хьукматна цкъа а ца дайнарг: ерриг а санна, шина кIентан юьрт хIоьттинна царна тIе, кегийнах банне а бацара Шема баха лерина, чIагIдо наха.
Бахархой гайта буьйлабелла Iедало лоьцучу наха ловш долу Iазап царна шайнна дуьтийла доцийла, иза лазаме массарна а дуйла.
Стенна эшна шина кIантах зуламхо ван?
Тарамов Мохьмад а, Тазбиев Жамалай а Дечкен-беттан 27-чу сарахь цIера лаьцна вигина Старопромыслан кIоштан полице. Царна тIахьабахначу гергарчаьрга аьлла, са ма гатде, цаьрца къамел а дина, уьш дIахьоьцур бу.
Иза 27-чохь хилла. Ткъа ши де даьлча, 29-чохь, Шелахь полисхошца тIемакхийсаре ваьлла шайн машен сацо хьовзийна меттигера кхо кIант – вийна ши полисхо а, тIелетта кхоъ а.
Цундела ара ца хецна, хоьцийла а дацара, Турбинера вигина Тарамов, Тазбиев. Шела веъначу Кадыров Рамзана аьлла боху, «шайтIанашца» мел генара гергарло дерг а, «уьш гIенах байнарг а» хIаллакве.
Тарамов Мохьмадна а, Тазбиев Жамалайна а уьш лецна кхобу ши бутт гергга хан яьлча бен бехк тIе а ца баьхьна. И шиъ шо гергга хьалха волавелла, вовшашца дага а волуш, Шема тIаме ваха некъ леха. ГIаш, Гуьржийчухула а ваьлла, Туркойчу а кхаьчна, цигара дIакхета дагахь хилла ДАIИШ-ах. Оцу балханна IаIош хилла цара шайна дас-нанас мел луш йолу кепек.
Иштта ю талламчийн фабула. Талламчашна информаци елларг ву Старопромыслан кIоштарчу полицера оперативан белхахо Храмов. Ткъа Храмовга «дерг ма-дарра дийцинарш» бу шаьш Тарамов а, Тазбиев а.
Делахь а, хьал кхеле кхаьчча хийцадала доьлла – шиммо а боху шаьшшиъ хIуманна а бехке вац.
Iедало беллачу адвокатех ца тешна
Турбина юьрто ша лаьцна царна адвокаташ, Iедало белларш юьстах а буьтуш. Керлачу адвокаташа Рудковский Владимира а, Ахмадова Хьавас а дийцарехь, «таллам» бинчу юристаша дукха шеконаш йитина шаьш бинчу балха тIехь.
Коьртаниг а даьккхина шина адвокато Iора – дареш етташ, ницкъаша даьхна хилар. Оцу бахьанийца юхьанца шиммо а шаьш ваха лерина вара Шема баьхна талламхошка.
Цхьа башхалла ю кхузахь. Тарамов Мохьмадан да Салман стохккалц тIеман иччархо (ГРУ) лаьттина майор ву, хилла Либанехь, Гуьржийчохь, ГIирмехь, совгIаташ дина Iедало дуккха а.
Цундела а хила тарло кхелехь ший а кIант а, юьртахой а майрабовлар.
Тазбиев Жамалай эшарлакхархо ву, конкурсашкахь толамаш а баьхна цо.
ТIехIуьттучу юьртахоша и ший а кIант а дика вуьйцу.
ШолгIа башхалла ю кхелан дов хоттуче хьалхо талламчашна «тоьшаллаш» делла нах а бахар. Масала, Турбинерчу Сусуркаев Ахьмада а, Байсултанов Денис а, шаьш тIекхайкхича, тIе а ца хьожуш, куьйгаш яздина хилла шайга талламчо кховдийначу кехаташна буха.
Шаьш харц тоьшалла динийла а кхетта, и шиъ а веъна кхеле бакъдерг ма-дарра дийца – ца хиинера шайна шаьш бехк-гунахь а доцчу шина адаман кхоллам бохош хиллийла аьлла цара кхеле.
Оццул майра нах кхелехь тоьшаллаш дан бахьар дуьххьара ду Нохчийчоьнна.
Иштта бу, боцца бовзийтича, «Новая Газетан» артиклан чулацам.