Рохинжаша хьоьгучу баланна Кадыровс бехкейира Малхбузе
Your browser doesn’t support HTML5
Ши де хьалха Араканерчу бусалбанашна сагатдойла хоуьйтуш, Кадыров Рамзана реза вац ша элира Малхбузено а, Оьрсийчоьно а рохинджа къам къелхьардоккхуш дина хIума а дацарна. Амма оршоьтадийнахь Соьлж-ГIаларчу митингехь хьаха а ца дира оцу къоманна дуьнено дан тарлуш долчу гIоьнна дуьхьало йийриг Оьрсийчоь а юйла.