Таршхойн лаьмнашкарчу ГIалашка нускал дига бахханчохь Кадыров Рамзанан бIаьхоша хIаллакбина вежарий Зоврбек а, ИбрахIим а АвдорхановгIар, аьлла, кхаъ баржийра Соьлж-ГIаларчу хьостанаша бутт хьалха. Байъинарш банне а бац уьш, аьлла, дуьхьалвелира Евкуров Юнус-Бек. Иштта иккхинчу къовсамо эгIийра нохчийн а, гIалгIайн а ши администратор .
Бакъду, гIалгIайниг дикка галваьккхинчух тера дара цуьнан куьйга къелхьарчу бIоно - цIа чохь лилхина, аьлла, цо бийцинарш кхин нах хиллехь а, АвдорхановгIар ГIалашкахь гIазот хиллийла хаийтира Кавказ-Имаратан векалша.
Шайн-шайн мехкашкахь, "паччахь" олий, вазвеш волу ши хьаькам оцу дар-дацар тIера ваьлла хIинца шина мехкан дозанаш къестадечу тIегIантIе.
ХIинцццалц Iора даькхина а дацарна, сенсацин могIарара ду хIара гIалгIайн Iедало хIинцачул кхо шо ах шо хьалха мехкан дозанаш билгалдахар юьхьара оьцуш кечдина омра.
"2009-гIачу шеран Дечкен-беттан 19-гIа де. № 27-р. Федералан ... низам кхочушдеш, Нохчийчоьнан Республикаца ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанаш къастор дийцаре дан: 1. ГIалгIайчоьнан Iедалан комисси кхолла... 2. Комисси декхаре йо бертан кеп а, оьшуш долу кхин кехаташ а низамца а догIуш кечдан. 3. Iедалан аппаратна тIедожадо кху омран копи Нохчийчоьнан Iедале дIахьажор". Официоз "ега а йина", довзийтича, иштта ду документ.
ХIинцца гучудевллачу кху кехаташа гойту шина вайнехан къоман ши мохк, зил а тоьхна, дIасахадон дагадарца Кадыров Рамзан хьалхарниг воцийла, и дан дуьххьара арабевлларш гIалгIайн Iедалхой хиллийла.
Дозанаш къастор Кадыровс дийца даккхаро халахетар доссийнера оцу некъан тIаьхье мел къиза хир ю кхетачийн кортошка. ХIунда аьлча, Оьрсийн импери яра 200 шо хьалха вайнехан цхьа къам гаранашка даьккхинарг, делахь а я гIалгIай а я нохчий а ца хIуьттура шайн вошалла латтанийн дозане дохадайта.
Ткъа Несарахь кхо шо хьалха когахIиттийначу кехаташа гойту вежарийн зама кхачош юйла. Шичой хилла дуьсуррий те цул тIаьхьа, я маьхчой? "Вайнах" боху нохчийн а, гIалгIайн а синош эзарнаш шерашкахь хьистина мерза дош хийца дезар-м дац те кестта "хийранах" бохучух? ...Кийра ша боссабо оцу шеконаша.