Your browser doesn’t support HTML5
Стигалкъекъа-беттан 16-чу а 17-чу а деношкахь стратегин некъаш толлучу «Оьрсийчоь – Исламан дуьне» Тобан 3-гIа кхеташо яра йоьдуш Соьлж-ГIалахь.
Дийцаредан хIиттийнера Оьрсийчоьнан исламан мехкийн юкъаметтигаш чIагIъярх а, дуьненаюкъарчу терроризмца къийсам латторах долу хеттарш.
Товш къамелаш дира оха чай молучу юкъанна.
Барам болабала сахьташ дуьсуш, Кадыров Рамзана хаийтира: «Кху сарахь ас пхьуьйран шун хIоттийра стратегин некъаш толлучу «Оьрсийчоь – Исламан дуьне» Тобан куьйгалхочун а, ГIезалойчоьнан президентан Минниханов Рустаман а, иштта форумехь дакъалаца яьхкинчу делегацийн а хьомара. Товш къамелаш дира оха чай молучу юкъанна.
Шемин муфтис Бадр ад-Дин Хьассун Ахмада форуман декъашхойн цIарх баркалла элира барам ладаме вовшахтохарна а, дуьненаюкъарчу терроризмца къийсам латточу шемахошна гIортор ярна а. Къаьсттина доккха баркалла элира цо Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирна а, вайн пачхьалкхан халкъна а Шемина гIодарна».
Иштта яздира Кадыровс инстаграмехь.
Боьду барам маситтаза юкъахбелира «Нохчийчоьнан Дог» маьждигехь динчу ламазашна а, хIолламашна тIехIитта делегаташ бахарца а.
Гулбеллачийн Тобан шен сайт ю интернетехь. Цо бахарехь, Соьлж-ГIала а баьхкина, кхеташонехь дакъалоцуш бу Оьрсийчуьра а, дуккха а бусалба мехкашкара а Iеламчаш, политикаш, Iилманчаш, бевзаш болу экономисташ, банкираш.
Делегатийн мехкаш охьабагарбича а го бараман йозалла кхачам боллуш юйла: Азербайджан, Албани, Алжир, ОвхIанистан, Бангладеш, БахIрейн, Мисара, Индонези, Урдун, Иракъ, ГIажарийчоь, Йемен, Казахстан, ГIиргIазойчоь, Кувейт, Либан, Малайзи, Марокко, Кувейт, Iаьрбийн Эмираташ, СаIуда Iаьрбийчоь, Нигери, Сенегал, Судан, Таджикистан, Туркойчоь, Тунис, Оман, Пакистан, Палестина.
Стенна оьшу Кремлна шен бусалба мехкашца лела юкъаметтигаш Соьлж-ГIалахь листа?
Соьлж-ГIаларчу бараме дуккха а финансисташ, банкираш бахкар тергоне эцча, дийцаре дехкинчу гIуллакхашлахь коьртачех лара тарлуш ду бусалба мехкийнний, Оьрсийчоьнанний экономикийн гергарлонаш.
Барамо бина сацамаш а, юкъаметтигийн чIагIонна кечдина документаш а цкъачунна Iорадовлаза ду.
Амма хIинцале даьржина лела хаамийн гIирсашкахь, «хIун Iалашо ю Кремлан шен бусалба мехкашца йолу юкъаметтигаш кест-кеста Соьлж-ГIала къасторца», боху хаттар.
2006-чу шарахь кхоьллира «стратегин некъаш толлу "Оьрсийчоь – Исламан дуьне» Тоба" шех олу дуьненаюкъара хьукмат. Малхбалерчу Исламан юкъаралонийн организацех Оьрсийчоь дIакхетча, тергамхочун функци а йолуш, вовшахтуьйхира и Тоба Iедалан лаккхара даржхо волчу Примаков Евгенийс а, ГIезалойчоьнан президенто Шаймиев Минтимира а.
Кхо шо ду Тобан куьйгаллехь таханлера гIезалойн президент Минниханов Рустам волу.
Карарчу хенахь гIерта оцу форуман декъе Кадыров Рамзан а.
Шех, барамах, Тобано шен кхеташо Соьлж-ГIалахь дIайолорах дерг аьлча, дуьззина къаьсташ дац, стенна болийна цо шен болх цигахь.
Тергам тIеберзош ю Оьрсийчоьнан президента кхеташоне хьажийна телеграмма . «Дуьненаюкъара стабилалла чIагIъен фактор ю вайн бусалба мехкашца лела юкъаметтигаш кхуьуш, юкъахь массо а къаьмнашна, пачхьалкхашна мехала йолу глобалан проблемаш луьстуш, сацамаш тIеоьцуш хилар», боху Путина цу тIехь.
Мерза дара Кадыровс даийна жижиг, тешна ву кхана ГIезалойчохь а иштта мерза жижиг дуург хиларх"
Амма я стратегин некъаш толлучу «Оьрсийчоь – Исламан дуьне» Тобан сайта тIехь я кхечу хаамашкахь дац аьлла, муьлха стратегикаллин Iалашонаш, некъаш, дахаран агIонаш хьехийра Соьлж-ГIалахь.
Делахь а Кремлна лиинчух тера ду Оьрсийчоьнан бусулба дуьненца йолу юкъаметтигаш чIагIъен цхьа шахьар Соьлж-ГIала хуьлийла. Ткъа бусалба мехкашкарчу а, Оьрсийчуьрчу а юккъерчу хьесапехь бевзачу политикаша, Iеламчаша, Iилманчаша дина дIахьедарш доцуш, экономикаца, банкан системица боьзна сацамаш Соьлж-ГIалахь бина аьлла дац цхьаьнхьа а.
Кхеташоне гулъеллачу Тобан сайто беш хаам бацахь а, Шемарчу муфтис Бадр ад-Дин Хьассун Ахмада яьстира шен къамелехь бараман рогIерчу дийнан къайле – Казанехь дIабахлур бу кхеташонан болх. Цо элира, мерза дара Кадыровс шайна даийна жижиг, тешна ву ша, кхана ГIезалойчохь а иштта мерза жижиг дуург хиларх.