Амриев Мурад, ММА-н чемпион, къайлаваьлла ша лаца баьхкинчех

Your browser doesn’t support HTML5

"Нохчийн "Колобок" санна: со Дадех ведда, со Бабех ведда"

Инзаречу блокбастерехь санна хьийзира шинарийдинан делккъалц прессехула хаттар: валалур ву ММА-н чемпион Амриев Мурад Нохчийчуьра баьхкина, Брянскерчу прокуратуре ша дIавоьхуш лаьттачу ницкъхойн карара, я вац?

Хеппи-энд ю цкъачунна. Еха ойла ца еш, шен адвокаташ, талламчаш, Соьлж-ГIалара оперативхой къийсалучу юкъанна, арахь лаьттачу тIутмIаьжгашна юккъехула а ваьлла, машенчу а хиина, ведда Амриев.

Вуй Амриев кхерамзаллехь, ша деношкахь схьавеъначу Германе юхаваха аьтто бала тарлой цуьнан, кхидIа хIун дан дагахь бу адвокаташ, бакъоларъярхой?

Маршо Радион хеттаршна доцца жоьпаш делира Амриевна орцанна Брянске кхаьчначу цуьнан Оьрсийчуьрчу адвокато Заикин Петра.

Маршо Радио: Карарчу муьрехь муха бу кхоллам, мичахь ву Амриев, иза кIелхьара ваьллий?

Заикин: «Хетарехь, кхоллам гIолехьа бу, Нохчийчоьнан полицин тобано ницкъала лаьцча гундолчуьнга хьаьжча».

Маршо Радио: Иза лаца гIертар дитина, я Амриевн аьтто баьлла вада?

Заикин: «Сан а, сан меттигерчу коллегин-адвокатан Тарасовн а аьтто баьлла. Массех сахьтехь, 10 сахьт даьлча 12 даллалц, тхо оцу нехан низамехь боцу болх юкъахбаккха гIиртира».

Маршо Радио: ХIинца иза кхерамзаллехь ву?

Заикин: «Суна хетарехь, цкъачунна ваьлла кIелхьара. Цуьнан ситуаци хIинца нохчийн «Колобокан» санна ю: «со Дадех ведда, со Бабех ведда»…

Маршо Радио: КидIа иза кIелхьараваккха, Iедало лохучийн тептарера дIаваккха аьтто беррий-те?

Заикин: «ХIаъ. Суна хетарехь. Иза кхидIа бан беза болх бу. Цкъачунна кхерамах ведда. Цо дийна а волуш, Нохчийчу ша вуьгуьтур вац боху. Ткъа вигина хиллехь – Нохчийчохь цо дика ловр дацара, хьал да хьоьгучех хир дац. ХIинца ситуаци оццул кхераме яц, хила тарлуш хиллачуьнга хьаьжча.

Мила ву Амриев Мурад? ХIун даьлла цуьнгара?

Шоьтадийнахь Брянсканна гергарчу Суземка станцехь полицино цIерпоштачуьра ваьккхина, лецира ММА-н World Mixed Martial Arts Federation версехь дуьненан чемпион волу Амриев. Иза Европера вогIуш хилла, адвокаташа дийцарехь, Москох виза дIаяхъян а эшна (хIинца а Оьрсийчоьнан вахархо ларало иза).

Харц документашца ву аьлла, федералан тIегIанахь лаца кхайкхийна ву Iедало. Амма 2013-чу шарахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министран № 213 омрица бехказа ваьккхина ларало, цундела иза леха а бакъо яц полицин.

Амриевх Нохчийчуьрчу хьаькамийн гамо йоьлла 2013-чу шарахь, иза амалт а вина, чIир екха, вешин меттана лаьцча.

Хьостанаша а, ша а АмриевгIара а дийцарехь, цхьана воккхачу полицин хьаькамо Мурадан воккхахволу ваша бехкевина, цо шена кIело йинера, иза ша вен воллура цхьана заманахь, аьлла. Ткъа важа Германехь веха, каравогIийла дац. Цундела бекхам ша жимахчу вешина бийр бу, аьлла, лаьцна кхаьбна Мурад.

Иза Нохчийчуьрчу полицин карара ваьлча, шен Амриевн дехарца, къайлаваьккхина кхебира Каляпин Игоран «Iазапна дуьхьалояран комитето» еххачу хенахь.

Адвокаташа чIагIдарехь, Амриев хуьлийла дацара федералан лехамехь, Брянскерчу полицино йинарг харцо ю, иштта, харц бу Нохчийчуьра оцу гIала иза дIавига баьхкина хьийзарш а.