Хьо оьшуш воцу мохк?

Белорус - Полшин дозанал дехьабовла гIерта нохчийн мухIажирш, 2017

Аслан Мамсуров

Полшехь гIаьттинчу национализмо сагатдойту меттигерчу нохчашка

Арахьара баьхкина нах, къаьсттина бусалбанаш, ца беза Полшин бахархошна. И цабезам чIагIлуш го цигарчу нохчийн мухIажиршна.

Хьалха а санна, шайна Еропе кхача дисинчу кевне санна хьоьжу Полшига, даймохк дIа а туьйсуш, кхерамзалла лохуш, арабевлла лелачу эзарнашна нохчашна.

Малхбузе кхача бан а бац кхин некъ – Белорусан дозанах чекх а ваьлла, Полшига тховкIело еханний бен. Дукхахболучара дан а до ишта – Полшехь шена саца, ваха охьаха хьаьгIна дуйла а ца хууш.

Социализмах шайн даймохк къаьсстачу шерашкахь цунах къаьстина полшахой бара цхьа зама хьалха нохчашца дика. Цуьнан куйгалхой а хуьлура нохчех дог лозуш, лайна баланаш кхетош.

Амма Iедале баьхкинчу консерваторша а, дуьненан терроризмца къийсам латтабо бохуш, бехк болучунна а боцчунна еш лаьттачу гIелоно национализман хорша берзийна Полшин юкъараллан кхетам, кхачийна хьесап ду нохчашка хилла дегайовхо а.

Ши шо хьалха, Полшехь парламентан харжамаш боьлхуш, нохчех дукхаболучара кхаьжнаш тесира Качиньский Ярославан «Бакъо а, нийсо а» партигахьа – оцу партера ву таханлера президент Дуда Анджей а, премьер-министр Шидло Беата а.

Иза дара гарехь, оцу партино Оьрсийчоьнан империн политика емалъяр, Путин цахестор. Ткъа уьш национал-консерваторш хилар мага а торуш хIума ду аьлла хетара нохчашна.

Амма консерваторш шайн гIайгIанех кхеташ хир бу моттар эрна хилла церан. Оьрсийчоьне болу хьажам ца хийцабелла Iедале баьхкинчийн, ткъа шелъяла йолаялларх телхачу кхаьчна полшахойн шайлахь бехачу нохчийн мухIажиршца лелла гергарло.

«Цкъа а ца хиллачух эшна ду нохчийн хьал Полшехь тахана», - боху Варшавехь пхийттех шо доккхуш волчу нохчийн диаспоран куьйгалхочо Ильясов Шарпуддис.

Цхьа наггахь волчу Къилбаседа Кавказерчу мухIажирна бен ца ло Полшано политикан тховкIело. Иза, Ильянсовна хетарехь, дозу цхьаболу полшахой-нохчий къайлах шайн даймахка лестарца – шена децахь кхерам бу, аьлла, ведда веанчун бакъо яц, даймахка ваха-ван.

Цу тIе, Пошин Iедална хаьа шайн махка кавказхой ца бевллий бен ца кхочийла – аьтто ма-белли цигара дIа Германе, Австре, Франце, я кхечу махка дIабахархьама.

Иза данне а дац харц, дIасабоьлху Полше кхаьчна мухIажирш, ур-атталла цигахь ханна а ца совцуш, кхечу мехкашка, такси а лоций. Ткъа кхочийла уьш Германе, я Франце – цигарчу миграцин хьукматаша, кхаьччначохь мухIажир ваха декхаревечу Дублинан бертаца а догIуш, «юхакхуссу» юхьанца ша кхаьчна хиллачу Европерчу махка.

Махке формалехь санна тховкIело а йоьхий, цигара сихха бовдучу наха халонга боккху Полшина цо мигранташца бен болх, харжаш а йойту пачхьалкхе яккхий. И проблема керла тIеоьхучу нохчаша кхуллуш елахь а, оцу хьолехь полшахоша васйо, бола а боьлла, мотт а хууш, къа а хьоьгуш, бухахь шерашкахь бехачу нохчашна а тIехь.

Ильясов Шарпуддис бахарехь, тIаьххьарчу хенахь националисташа алссам до нохчашна тIелетарш. Еккъа цхьана массех нохчо бен вехаш а воцчу Прушков гIалахь кху муьрехь масситтаза иккхина и и тайпа конфликт.

Дуккхаза а нисделла бусалба духарахь лелачу нохчийн мехкаршна луьйш, уьш емалбеш, царна тIе шеташ етташ а, дуьйцу Ильясовс.

Беларусин а, Полшин а дозанехь дуккха нохчий лаьтта шех чекхбовлийтаре сатуьйчуш. Хьоло кхиийна цигахь буозбунчаш а. Нехан баланах пайда а оьцуш, шаьш «Iедалца дуьйцу», уьш дехьабоху, бохуш, ахчанаш дохурш баьржина. Дукха хьолехь уш нохчий я дагестанхой хуьлу. «Накъосталла дарх» ахчанаш схьа а оьций, бовду, паспорташ лечкъош а нисло.

Буозбунчаш ца хуьлу дукха хьолехь я Полшера а. Амма Ильясов Шарпуддис а, цуьнан накъосташа а мел дукха баьхча а, бовлу жоьлгех теша нах. Кхин сатийса шайн я некъ а, я накъост а ца хиларна.