19 шо кхечи пачхьалкхера эскарш официалехь тIе а тосуш, Кремло Нохчийчоьнна дуьхьал шен рогIера къиза тIом болийна. И денош, нохчий-оьрсийн юкъаметтигашкахь юха а гIаьттина шийла мур цкъа а бицбийр бац нохчийн къомо.
1994-чу шеран гурахь, Лахьан-беттан 26-чохь болабелира цхьаболучарна тIом. Теркйистехь вовшахтоьхна «оппозици», аьлча а, герзахойн тоба, хьалхабевлла оьрсийн эскархой а болуш, Соьлж-ГIалина тIелетча, нохчаша вовшийн дуьххьара цIий Iанийча, Iалашо кхочуш хила йолаелира оцу тIеман режиссеран.
Ша юх-юха а хьажа тарлучу кино чохь санна, хууш дара хиндерг. Амма кхиъ цхьа ши кIира даьлча, Оьрсийчоьнан хIетахьлерчу президента Ельцин Бориса динчу дIахьедаро дов маьрша доьрзур доцийла кхетийра. ТIаккха а теша ца луурш а бара.
Массарна а дагахь лаьтта Соьлжа-гIалахь хIетахь цхьа цIеххьана хIоьттина хила тийналла. Наггахь бен адам дацара арахь. Цкъа а ца йинчу кепехь наб еш санна хеталора гIала цунна хуучух тера дара хууш ша хIаллакъхуьлу денош тIегIертийла. Стигал а яра, адамийн дог ойла йоьцуш санна, кхохкаелла.
… Цул тIаьхьа наха шайна гIенах а гойла доцу баланаш лайра, наггахь ца висира цIентIехь баларш доцуш, «федералаш»олучу фашистийн къизалла ланза . Эшарехь санна а доцуш, баккъал а дийнаберш беллачех хьоьгуш дукха а меттигаш яьхкира.
ХIинца, 19 шо даьлча а, нехан коьртехь лаьтта ойланаш: дарий те оццул доккха бахьана дуьненан керлачу исторехь кхин луьра хила йиш а йоцу тIом бала?
Цхьадолчу декъанна, замано къадош ду жоьпаш. Иштта ду, масала, ванне а кIиллойх воцчу политолога Кутаев Руслана ден тоьшалла.
Кутаев: «2005 шарахь цхьана накъосто, сан хьаша волчу, аьллера соьга, тIеман министр хилла Грачев Павел ву хьо ган лаам болуш, аьлла. Цкъа а шозза а элира цо соьга иза, со реза ца хуьлуш. Эххар а и цхьаьнакхетар хилира сан 2005 шарахь, Тула-гIалин йистехь, Грачевн дачехь. Дерриге а ала мегар долуш. и де цхьаьна даьккхира охашимма.
Ша Ельцинна тIе хIунда ца вуьту а дицира цара, бохура. Оьрсийчоьнан газан а, мехкдаьттан а комплексна приватизаци ян кечлуш ду шаьш, ткъа цунна доладеш нохчий бу, тхоьга нохчаша иза дойтур а дац. Цундела оха Нохчийчоьнах цIе латор ю, иза дIаяйъа, цига бохуьйтура бу и долахой. ТIаккха йийр ю приватизаци. …Иштта дийцира Грачевс.
Цо соьга и аьлчий бен суна хиина а ма дац, 95-96 шерашкахь оцу комплексан приватизаци йинийла. Ишшта дийцира-кх соьга Оьрсийчоьнан тIеман министр Iийначу Грачев Павела».
Тамаше ду кхин цхьаъ а. Махкахь карчам хуьлучу хенахь, керлачу хIуманна дуьхьал бовлу даима а санна «интеллегенци» шайх олу нах. Оьрсийчоьнца, наний, берий цIонганца санна, бозабеллачу цара «оппозиции» олу болам кхоьллира. И болам, гIала юккъехьмитинг а йина, дIахIоьттира. Цул тIаьхьа оьрсийн эскаршна тIе а тевжина, тIамца Соьлж-гIали чу а беара.
Нохчийчохь хьалхара тIом дIаболо бахьана даьккхийна нах тахана кхетта шаьш диначух аьлла хета шена боху Кутаев Руслана - шаьш Кремло, бехчалгаш санна, лела а бина, дIатеснийла.
Кутаев: «Церан кара хIума а ца делира. Оьрсаша цкъа а цхьа а хIума цаьрга лан а ца ло. Иза маца, мелца ло? Хьалха а ваьлла, цхьа сацам шен бан йиш йолчу хенахь ло ишттачунна кара Iехош хIума. БугаевгIар, УмхаевгIар, АвторхановгIар хьадалчаш бара нехан ловзаргахь. Тахана а бу. Оцу нехан цхьа дегалазам боцуш хилла аьлла дац иза. Царна тахана-м хаьа шаьш ледина хиллийна. Шайна тIе когаш а хьаькхна, шаьш дIакхийсина дуйла. Кхечарна изза дийриг хиларан шеко яц, Оьрсийчоьнера цхьа дакъа схьа ца даккхахь. Политикан агIор боху ас».
Ширчу нохчийн кицано ма-баххара, дуьмеш детташ белахь а, тIом дика бац. Шина а тIеман тIаьхьалонаш нохчийн амалшка а, синмехаллашка а хьаьжча гуш ю, боху Кутаев Руслана. Амма нохчийн дог доьхна Iан йиш яц. Къам дебон а, кхион а деза, цунна шен дикачу кханене кхача а, дуьненахь шен хьакъдоллу меттиг дIалаца а накъосталла дан деза.
Кутаев: «ТIемаша къам бехдина вайн. Нах халачу хьелашка а хIиттош, бех а беш. Доккха зулам дина вайна. ХIара тIом 20 шарахь боьдуш белахь а, вайн къам ахIе-бIе шарна юхакхоьссина. Йина гIишлош а, дIадийна зезагаш а, асфальт а ца буьйцу ас. Ас дуьйцург кхин ду. Бухахула, къайлах ду лела хIуманаш.
Вайн дуккха а ямарт нах IаьIна динан дайшна а, интеллегенташна а юкъахь. Цхьа хIума ца ала йиш яц. Нохчийн къомах дог а лозу а, синкхетамца болу а нах болуш бу, Дала мукъалахь, ойла еш а бу. Цундела, Дала мукъалахь, сатуьйсийла ду вайн. Дуьненан исторехь нохчийн къомо ша ала деза дош цкъачунна аьлла даьлла а дац, иза ала къам кечлуш хиларх со шек а вац-кх».
Тахана нохчашлахь дуккха а нах бу, вай ваьш бехке дуй те и Iазап ларна, олуш. Ткъа я Кремло а, я оьрсийн къомо а шайна тIе ца эцна цхьа а бехк, шеконе а ца диллина шаьш тIемаш бар нийса некъ бара бохург. 300000 адам а дуьйш (царех 40 эзар бер), лаьттинчу къематденна жоьпаллехь беккъа цхьа нохчий хуьлийла доций-м кхеташ ма дай!
…Амма, уьш заманан хеттарш ду. Хенахь царна жоьпаш хилахь а тамаша бу.