Латтанаш низамехь а доцуш дΙасадекъар талла долийна Нохчийчохь. Тахана Соьлж-ГIалахь, масала, лаьттан цхьана декъах массех миллион сом доьху. Эца а оьций, бакъонехь доццушехь, дола а ца деш, тIьахьалонна олий латтадо наха латта .
Хьалха-МартантIера Мовлди шен зудчуьнца Соьлж-гIалахь вехаш волу 5-6 шо ду. Церан цхьа а бера дац. Зуда а, майра а цхьаццанхьа белхаш беш ду. Доккхуш долу ахча, шайн петарах дIадаллал а, юург эццал а ца тоьу бохуш, даима а аьрзанаш до цушимма. Ткъа, юьрта дIа хIунда ца доьду шуьшиъ, цигахь цхьа гектар хиллал керта дIа а тесна шаьш лелаш хилча бохучу хаттарна, льатта тIехь болх бан зама яц хIара, олу цара.
И доьзал хIокху замано а, атта ахчано а Iехийна, хьийзош, дакъаза баьккхина ала мегар ду. Дуккха а бу тахана иштта лела нах, цхьана а хIуманна са а ца гатдеш, лаьтто-м яа хIума ца йоьхура, олуш.
Амма, Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, латтанаш низамехь а доцуш доьхкинчарна а, декъначарна а таIзар дийр ду аьлла, дIахьедар динчул тIаьхьа, юкъараллехь сингаттам гIехьчул алсамбаьлла. Гарехь, гергарчу заманахь, латтанаш декъарца низамаш дохийначу лаккхарчу даржхошна юкъахь литтарш дIадахьа мега. Цунах лаьцна дIахьедар дира Нохчийочьнан куьйгалхочо.
Кадыров Рамзан: «Оцу хьокъехь сацамаш бан безаш а бу, бийр болуш а бу. И сацамаш ца бича, дийцарх, мегаш дац бахарх гIуллакх ца хуьлу. И тайпа накъостий вайна оьшуш бац. Цундела бехкберг юьртда велахь, иза цIа вогIуьйтур ву, цуьнан гIуллакх низамхоша толлур ду. Латта дIасакхийса йиш яц вайн. Иза вайн кIезиг ду. Тахана 10-15 бIе туьманах иза эца а эцна, 50—100 туьманах дохка воллу и оьцуш верг. Ипподромнехь лаьттан цхьана декъах 3 миллион сов сом доккху. Уьш низамехь доццушехь духкуш а ду».
Нохчийчохь наггахь бен доьзал хир бац, тIаьхьалонна аьлла эцна цхьаъ-шиъ дакъа доцуш. Кхузахь ала догIу, нохчийн доьзалш бакхий бу,
кIентий хьалакхиича, уьш бовбаха беза, олий оьцу дакъош. Амма яьрташкахь бехачу дуккха а доьзалийн цхьацца гектараш ду пайда а ца оьцуш лаьтта латтанаш. Латта муха лело деза, масал эца гена ваха а ца веза, Советан Iедалан системано гIолехьа леладора латта, боху Хьалха-МартантIерачу Зиявди цIе йолчу вахархочо.
Зиявди: «Хьалха, даьхни лелочу хенахь, адамашна болх а хуьлура. Дуккха а бошмаш а яра кхузахь.Уьш хIинца дIа а тесна лаьтташ ю, хIокху 15-16 шарахь схьаоьцуш пайда а боцуш. Оцу бошмашкахь болх беш, мел кIезиг а 2-3 эзар стаг хуьлура. Пачххьалкхана пайда а хуьлура, наха рицкъ а оьцура. Iежаш Генарчу Малхбале дIакхоьхьура дохка. Шиъ ферма а яра кхузахь. Нагахь санна лаьтта тIехь болх дIаболабахь, адам паргIат дер ду".
Ша а цхьана хенахь юьртбахаман системехь болх бина волчу Зиявдис къобал до Iедало латта шен Iуьналле юхадало мега бохург.
Зиявди: « Латтаций бен иман-беркат хир дац вайна. Лаьттаца бегаш бан мегар дац. Иза дIасакхийса а мегар дац. Латта дIаса а кхуьйсуш, дохкар-эцар лело йиш яц. Лаьттан сий дан деза, цуьнца болх бан беза».
Гарехь, Нохчийчоьнан Iедалийн баккъал а Iалашонехь ду латтанаш юхадерзор. Амма иза даима а санна бIостанехьа доьрзу, ахча а делла, иза Iедалан даржхошкара эцначу могIарерчу нахана. Тахана Соьлж-гIалин йистехь йолчу цхьана юьртахь дукха нах бу,ахчанаш дIа а делла, лаьттан дакъош а доцуш Iаш. ХIинца и бозбуанчалла гучудалалхь я ахча а, я латта а гур дац царна.