Къаьмнашна юкъахь цабезам марсабаккхарна Черкесскехь бехке вина хьехархо

Кхарачой-Чергазийчоь -- Дов хаттар

Черкесскерчу гIалийн суьдо бехке вина Кхарачой-Чергазийчурча технологин академин хьехархо Касаев Далхат, къаьмнашна юкъахь цабезам марсабаккха гIертарна. 100 эзар сом гIуда а тоьхна, витина иза суьдхоша, зулам динчул тIаьхьа иза жоьпе озо елла йолу ши шо хан чекхъялар бахьана долуш. Ткъа хIу дина хилла цу стага цу бесса?

Кхо шо хьалха Товбеца-баттахь Касаев Далхата ши артикл зорбане яьккхинера «Кхарачойн-балкхаройн дуьне» цIе йолчу меттигерчу газетехь. Церах цхьаъ яра «Муьлуш а, хIунда а оьшу денбан» аьлла. Ткъа важа яра «Аланийн а, кхарачойн а, балкхаройн а хIолламаш дIабахаран ямартлон план» аьлла.

Талламхошна хетарехь, цу артикалшкахь цхьадолу олуш дерг цабезам кхуллуш а, цхьайолу социалан тобанаш аьшнаш йеш а ду, церан схьайовлар а, дин а бахьана долуш. И бахьана долуш, прокуратуро бехк-такхаман гIуллакх схьадиллинера Касаев Далхатана дуьхьал.

Амма цо ша бехке хилар тIе ца дитинехь а, суьдхой реза хилира прокуроро дуьйцучунна. «Кавказский Узел» интернет-агенталло, Кхарачой-Чергазийчоьнехула йолчу Оьрсийчоьнан Талламан комитетан урхаллин куьйгалхочунна Тараненко Вячеславана тIе а тоьвжаш, дийцарехь, Касаевс язйина йолу артикалш листина меттан говзанчаша.

Цара бинчу сацамца, Касаевс яздинчо сийсаз беш бу керстан мозгIарш. Цул сов, цу говзанчаш дийцарехь, цу артиклан автор цабезам кхолла гIоьртина гIалгIазакхашка, цо хестийна уьш махках бахар а, царна дуьхьал репрессеш лелор а. Кхарачой-Чергазийчоьнан прокуратуран сайт тIехь дуьйцуш ду суьдо бинчу сацамах лаьцна.

Шена дуьхьал таллам дIахьуш а болуш, Касаев Далхата дIахьедар дира, «Муьлуш а, хIунда а оьшу денбан» цIе йолу артикл хьокъехь жоп дала кийча ву ша аьлла. Цо дийцарехь, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан политикан концепцица а догIуш, гIалгIазакхий хьокъехь Iедалша лелош долчо йохош ю мехкан конституци. ХIунда аьлча, конституцица а догIуш, массо а Оьрсийчоьнан бахархой цхьатерра бакъонаш а, жоьпалла а долуш бу махкахь. Изза дара Касаевс шен материалехь дуьйцуш дерг а.

ШолгIа артикалх лаьцна аьлча, Касаев Далхата иза редакцин материал яра бах. Цо шена хетарг яздина хилла, цу хьокъехь артикл кечйеш, амма, иза зорбане яккха кеч а яле, редакторо пайда эцна хилла цуьнах.

Прокуратуро шега кхийдош долу бехкаш нийса ца хета академин хьехархочунна. Ша маьрша вахархо хиларе терра, шен бакъо ю маьрша шена хетарг дийца, шовинизм а, сепаратизм а махкахь ца хилийтар Iалашонца бохуш, дуьйцу цо. Масала, суьдхочо гIалгIазакхий сийсаз бар лаьрра йолу эпизод иштта ю. Дуьйцу Касаев Далхата.

Касаев Далхат: «Аргументы и факты» олучу газетехь дешнера аса Ростох-кIоштахь инарла Красновна хьажийна йолу хIолламан комплекс схьайиллина аьлла. Иза куьйгалла деш хилла Советан пачхьалкхана дуьхьал хиллачу гIалгIазакхийн эскаршна.

ХIинца цунна хIоллам хIоттийна. Цо эргIад вахийтинера со. Цундела аса яздинера и гIалгIазакхий ямартхой бу, ткъа мел наной бисина, цу нехан карах кхелхина болу къентий а боцуш аьлла».

Касаев Далхат юхавала дагахь вац. Шен цхьа а бехк бац, цундела Страсбургерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле латкъам бийра бу ша бах цо.

Касаев Далхат: «Страсбургерчу кхеле дехар дан дагахь ву со, сайн гIуллакх листахьара аьлла. Цара тIе ца дуьту Iедалчаш цу кепара кхелан гIуллакхашна юкъагIертар».

Касаев Далгатана хетарехь, цунна таIзар дан гIертар доьзна ду кхин цхьана, оцу шина артикалца доьзна доцучу, хIуманца.

Касаев Далхат: «Аса хаттар айинера, массо а структурашкахь, ФСБ-хь а, прокуратурехь а, кхечу а ницкъаллин структурашкахь, нийса пропорци хила еза аьлла. Нагахь 45 процент республикехь бехаш кхарачой белахь, ФСБ-хь, масала, 45 процент кхарачо хила веза, 95 процент Рязанера а ца хуьлуш».

КIузахь ца хьахийча ца долу, Оьрсийчохь, ма-дарра дийцича, Iедалша шалхонаш лелош хилар. Муьлхха а Оьрсийчохь ара долуш долу газет схьаэцча а, оьрсаша латтош йолчу интернет-сайташка бIаьрг тоьхча а гуш ду кавказхой аьшнаш беш, царна луьш йолу материалаш зорбане йохуш хилар. Къаьсттина иза хьакхалуш ду нохчех.

Зорбанан гIирсашкахь хьовха, Оьрсийчоьнан энциклопедехь а, Оьрсийчурча лаккхарчу дешаран меттигашкахь пайда оьцучу тептаршна тIехь а бу нохчийн сийзаз беш буьйцуш.

Масала, «Оьрсийчоьнан истори. 1917-2009» цIе йолчу дешаран книжкин авторша Барсенков Александра а, Вдовин Александра а вуно маьттаза буьйцуш дакъош яздинера нохчех лаьцна. Амма Барсенков а, Вдовин а чуволла ара ца бевлира Оьрсийчура прокурораш. Иза ла ца деллачу Нохчийчурча омбудсмена Нухажиев Нурдис дуьхьало йира цу Iилманчашна.

Нагахь и книжкаш ца ехкахь, шаьш суьде доьвр ду аьлла, дIахьедар дира Нухажиевс. Цулсовнаха и гIуллакх шен караэца кийча вара нохчийн вевзаш волу къона адвокат Мусаев Мурад а.

Цу гIуллакхан тIахьалонах лаьцна иштта дуьцу Нохчийчурча коьртачу бакъонашларъярхочо Нухажиев Нурдис.

Нухажиев Нурди: «Церан ректоро а, цара а соьга кехаташ яздина, шайна бехк ца биллар а, къинтIера довлар а доьхуш. 2000 книжка хилла цара, зорба а тоьхна, араяьккхинарг. Iилманчийн кхеташонехь сацам а бина, уьш дешаран процессана юкъара дIа а йохуш, нохчийн къоманна хьалха шайн бехк тIе а лоцуш, цара кехаташ яздича, цуьнах тоам а бина, тхо севцна».

Кхин цхьа хIума а ду. Оьрсийчоьнан Iедалша, хIора шарахь шор а деш, лелош ду экстремистийн материалийн цIейоза.

Таханлерчу денна Оьрсийчохь экстремистийн лоруш ю 1364 материал, шайна юкъахь книгаш а, артикалш а, брошюраш а йолуш. Уьш, ерриг а аьлча санна, ю бусулба динах а, жимчу къаьмнийн векалша шаьш аьшнаш дечу нахана дуьхьало ян гIерташ язйина а, цу юкъатохар кхеташ доцу а материалаш.