Юккъерчу Азехь Санна Хьаьким Вазво Кавказехь а

Туркменистан -- Туркменбаши Сапармуратан хIоллам, Ашгабатерчу Юрт-Бахаман Университетана хьалха, 06Мар2009

Юккъерчу Азехь беха нах боьлла, шайн президентийн сурташ массо а маьIIехь хиларна – автобусийн социйлашна тIера урамашкахь кхозучу телаташна а, гIишлойн пенашна а тIекхаччалц. Назарбаев Нурсултанна ша-тайпа хIоллам хIоттош ю Казахстан. Таджикистанехь, шайн президенте «Хьайн Сийлалла» аьллий бен бист ца хуьлу. Юккъерчу Азера политикан културин дакъа-м дац те президент вазвар? Къилбседа Кавказехь муха лелаво хьаким? Вазвина...

ХIора шеран коьртехь даздеш долу «Туркменийн Кузанийн де» билгалдаьккхира хIокху Стигалкъекъа (Май) беттан тIаьххьарчу дийнахь. Дуккха а, куьйга дина кузанаш дара, Ашгабатерчу гайтамехь. Уггар а даккхий а, бес-бесара а кузаш тIера хьоьжуш вара мехкан президент Бердымухамедов Гурбангулы.

Дукха ехачу хенахь туркменийн гойла дара, хIокхул а хьалха, мехкан коьрта гIантахь Iийначу, Ниязов Сапармуратан васт. Ша шех вазвеш дукха хIуманаш лелийра Туркменбашис – массо а туркменийн дас – цуьнан сурташ а, хIуолламаш а массанхьа а бара. Цуьнан ненан цIе елира Оханан (Апрел) баттана. Бердымухамедов Iедале веъча дукха хIума ца хийцаделла.

Туркменийн газеташ а журналаш а арадуьйлу, хьалхара агIо дIалаьцна, цуьнан сурташ а долуш. Мел йолу Iедалан транспорт – автобусаш а, троллей-бусаш а, кира лелон машенаш а – Бердымухамедвон суьрташ тIехь долуш ю.
Оцу кепара, мехкан урхаллехь верг вазвар, Юккъерчу Азин кхечу махкашкахь а даьржина ду.

Цецваллал ехачу хенахь пачхьалкхийн архаш карахь латточу нехан сурташ, дагар а лур доцуш, дага догIучехь а, ца догIучехь а дIадиттина ду. Ерриг а регионехь, керланийн бюллетенаша а, Iедало урхалла дечу телевизионаша – шайн гайтамаш дIаболабо, президентийн цхьанакхетаршна а, къамелашна а тIера.

Туркменистан, Ашгабат, Ниязов Сапармуратан хIоллам
Президенто аьлла боху дешнаш тIехь долу телаташ ду, дарбан хIусамашкарчу палаташна чура долийна, геннарчу эвланашкарчу, автобусийн социйлашна тIекхаччалц дIадиттина.

Iедалан гIуллакххоша – эвланийн администрацешна тIера, лакхарчу даржашкахь болчарна тIекхаччалц, шайн офисаш чохь пенах детта президентийн сурташ. Президенто язъйина книгаш хIиттайо моггIара. Уьш, догIуш ма-хиллара, дезачу кехатах а, мужултах а йина хуьлу.

Казахстанан коьртачу гIалин Астанан бахархоша дийцарехь, мехкан президентан Назарбаев Нурсултанан бIаьргаш, гIалин массо а маьIIера шайна техьуьйсуш санна хета царна. Маршо радион казахийн сервисо чIагIдарехь, гIалара хIора шолгIа телат ду, шеца цуьнан сурт я, цо динчу къамелан я, цуьнан книгин тIера дешнаш тIехь долуш.

Ткъа Таджикистанехь президент вазвар, гуттар а гена даьлла. «Хьан Сийлалла» аьлла бен, таджикаш бист ца хуьлчу, Рахмон Эмомалис омар динера хьастагIа, массо а Iедалан векалшна – шайн офисаш чура шен суьрташ а, шен васт тIехь долу кузаш дIадаха аьлла.
Вуно шорта телаташ дассаделира Душанбехь, президенто аьлларг кхочушдан дIалилхинчу Iедалан векалийн гIоьнца.

Шариф Хироншоха, Таджикистанан коьрта гIалахь туп тоьхначу журналисто бахарехь, уьш даьсса деха лаьттар дац. Iедалан белхахоша вуно маса дIатухур ду цига, президента сурташ.

Шариф Хироншох: Оцу кепара дIахьедар дуьххьара ца дина таджикийн президенто. Нахе, официала кепара цо дехнера, президентан цIе а, цуьнан сурташ а, цо аьлла дешнаш а оьшучехь а, ца оьшучехь а дIа ма деттахьара аьлла. Президенто тIаьххьара дина омар юха а дицлур дуй те моьттуш ву со, кхин а пхеа шарахь.

Маршо радио: Назарбаевин царна юкъара схьаэцна долу «Нур» Казахстанерчу банкаша а, бизнесо а, клубаш а лело даьккхина. Фергана.ру вебсайто дийцарехь, церан цIе йолалучехь гуш хуьлу и Нур – Нур-гул кафе, Нур-баса, Нур-Доорфооне Кампани.
Нур-аларх хьалха ца яьлла, президентан политикан парти – Нур-отан а.

Дукха хIума оьшу хIинца Казахстанехь, иза вазвечу нахана юкъахь къаста. Амма, казахийн Iедалан белхахошна дагадеана, иза муха дан деза. Цара а, казахийн бизнесхоша а ойла кховдийна, аэропортана, Нусрултанан цIе тилла еза аьлла.
Цул сов, тIедогIучу шарахь, президентан 70 шо кхочуш, 330 эзар доллар харж хир болу, хIоллам хIоттон а дагахь бу уьш.

Узбекистанан президент Каримов Ислам – литературехь амбициш хиларца вевзаш ву. Цо язъйина бохучу жайнашна, ткъе итт миллион копи йина. Президентан жайнаш хила дезаш ву хIора профессор а, студент а. Ткъа, могIарерчу нахана юкъахь, оцу книгех, «йоьшур йоцу книгаш» олу.

ХIокху хIуманашка ладоьгIча хетало, хIара Ази, Къилбседа Кавказехь а ма гина олий. Къаьсттина, Нохчийчохь. Азехь дерг, басадолуш санна хетало кхузахь. Кадыровн де а, кIентан а сурташ, хIолламаш, бюсташ, телаташ – хIокху дуьнентIехь мел йолу хIума ю Нохчийчохь.

Юккъерчу Азе хьаьжча, ши президент воцург, вуьйш массо а Советан пачхьалкхана юкъайогIучу республикийн куьйгалхой хилла бу. Иза йоьхначул тIаьхьа, и дарж церан карахь дисира. Цундела, царна а, Калыровна а юкъахь башхаллаш ю аьлла, Фуллера Лиза – Маршо радион аналисто цунах иштта кхетийра.

Фуллер: Ма-дарра аьлчи, цара цкъа Iедал шайн кара а эцна, цул тIаьхьа, шайн культ кхолла буьйлабелира и Iедал чIагIдеш. ХIунда аьлча, коммунистийн режимо гIортор еш хилла кхин доцуш дара. Нохчийчохь вайна гуш дерг нийсса пурхнехьа сурт ду. Суна хетарехь, шен да дIа а волавале дуьйна, шен култ чIагIъеш вара Кадыров Рамзан. Кегийчу нехан клубаш кхолла волавелира иза. ТIекхуьучу чкъуран ша дика масала долуш санна дара цуьнан лелар. Премьер-министран когаметта бен ша воцчу хенахь дуьйна а, шен култан бух кечбеш вара иза. Цуьнан цунах мел гIуллакх хилира гайтира, Кремлан, Алханов дIа а ваьккхина, Кадыров куьйгалле хIоттор бен кхин, хIумма а ца дисча.
Нохчийчоь-- Куршлой-эвлана чувуллучехь дIатоьхна ду Кадыров Рамзан тIехь волу сурт, 05ГIа2009



Маршо радио: Цхьана агIора, бусулба нах беха республика ю Нохчийчоь. Исламо, хууш ма-хиллара, магош дац, хIолламаш хIиттор а, сурташ деттар а.
Вукху агIора, массо дин а, Дела а керставеш хиллачу коммунистийн режимехь санна, КадыровгIарна яьхна байташ йоьшу школерчу дешархоша, хIуолламаш хIиттабо. Амма, Кадыров Рамзанан карахь болччул ницкъ хилча, иза йоккха проблема яц.

Фуллер: Кадыров Рамзанан санна, массо а хIума карахь долуш, мел болу ницкъ карахь долу стаг хилчи, нахе, хIун дан деза хьовха, хIун ойланаш ян еза а, Делах муха теша веза а дийцало. Шена хетачу кепара, ислам шена ма-гарра леладойту цо. Иза мел бакъдолчуьнца догIуш дацахь а. Ткъа цунна хетарг, цхьана а кепара догIуш дац, исламо бохучуьнца. Амма, аса ма-алларра, цуьнан карахь ницкъ бу нахе хьаннах а, муха ламаз де а дийца. Цуьнга и хIума дийцийта кийча ю Москох, цо Нохчиййчохь къепе мел латтайо.

Маршо радио: Къепе – хIара ю аьлла къепе Нохчийчохь йоцуш ю, ма-дарра аьлча. ХIинца а луьйцуш, чубухкуш а, бойуш а Нохчий бу. Хьалха иза оьрсийн салташа деш хиллехь, тахана, нохчий бу вовше бойуш. Схьагарехь, Кремлана иза къепе ю.