ХIинжа-ГIаларчу прокуратурано дов айдина, герзах пайда а оьцуш, нускал дадийначу вахархочунна дуьхьал, хаамбо газето "Новое дело".
Талламчаша дийцарехь, ша вон цIе тIекхуллуш хабар даржор ду аьлла, кхерам а тесна, йоI шена гергаяийтина стага, тIаккха ницкъаша машен чу а хаийна, ядийна.
ЙоI машенчуьра араэккха гIоьртича, «Хьажал кху чуьра араяла!», аьлла, хьалаяьккхина, юьйлина тапча йиллина шена улле.
Дербентан кIоштахь некъан хано сацийна машен, йоI мукъаяьккхина.