Дагестанерчу Хариб юьрто балахьоьгу ша хьенан ю, муьлхачу кIоштара ю ца хууш
Дагестанера жигархо Хакимов Мурад дукха хан ю Хасу-Юьртан кIоштахь йиллина Хариб юрт административан долалле яккхийта араваьлла лела. "Консенсус" олучу юкъараллин лидер ву иза, схьаваьлла, шен юьртахой а санна, Ахвакхан лаьмнашкарчу Ингредакхера.
Мурадна дукха хан йоццуш карийна шаьш йиллинчу юьртан статус къастош 28 шо хьалха хIоттийна документ. Амма лелаш яц кехатца къастийна бакъо – хьаькамаш кхоьру латта харибхошкахь дита, тарло хьалха церан дай лаьттина гIумкий оьгIазбаха.
Дагестанан атагIешкахь лаьтта Хариб, ткъа административехь ломан Ахвакх-кIоштах тоьхна ю иза. Бахархой доьалгIачу чкъуре бирзина – 170 доьзалехь ву 700 сов стаг.
1937-чу шарахь лаьмнашкахь хала бохкучу нахана латтанаш дала долийра шерачу арахь. Оцу дакъош тIехь шаьш кхиочу рицкъанца адамашка шайн ломара ярташ денъяйта дагахь дара Iедал. "Даиманенна" аьлла делира ингредакххошна латта хIетахь - ца делира, тахана луш ма-хиллара, "ханна". "Кутан" ("жоьла") олу бахрхошна ишта кхаьчначу декъах.
Кутанашкахь бехачара дийцарехь, дукха къахьегна цара шайна делла латта тодеш, ишалех дакъош, дахаре дерзош. Юьхьанца баьхкина шайн дай тоьланаш чохь, эрзашлахь баьхна, боху цара. Хи боьха а, жил-Iалам карзахе а хиларна, дукха нах цомгуш хуьлура, лара оцу заманахь, дагалоьцу меттигерчу къаноша.
"1996-гIа шо тIекхаччалц керлачу меттехь гIишлош йотта, хIусамаш яхка магош хилла жеш, бажа лело деллачу латтанашна тIехь. Амма федералан низам арадаьлла, № 131, цо дихкина и гIуллакх", - дуьйцу "Кавказ.Реалиига" Хакимов Мурада.
ХIинца бакъо яц харибхойн шайн хIусамаш бакъоне яха. Хала ду Хасу-Юьртарчу дарбан цIийнех пайдаэца а – "шу Ахвакхера ду" олу цаьрга. Цхьа пайда боццу кехат даккха а баха безаш нисло 250 чаккхарма юьстахйолчу дай баьхначу кIошта. Изза бала хьоьгу луларчу кхечу яртийн-кутанийн бахархоша а.
Харибехь тахана а яц берийн беш, дарбан цIа, асфальт, мала хи ца тоьу, ца тоьу кхаш лело хи а – якъаелла лаьтта бошмаш, догий дIадовлу гонахара дежийлаш.
Ца хаьа харибхошна шаьш тахана хьаьнга деха деза дахаран хьелаш: Хасу-Юьртан я Ахвакхан кIоштийн дайшка?
Хакимовна хетарехь, "цхьана хIилла долучо" дууш ду юьртан рицкъ. "Шенна 1991-чу шарахь юьртан статус а елла, Хариб лаьтташ хилча, бюджет а ю-кх цунна кхачош", - боху жигархочо, географин карти тIе язйина юрт а гойтуш.
2004-чу шарахь, ГIуран-беттан 28-чохь кхин цкъа а елира Харибна юьртан статус (низаме яьккхира оцу дийнахь Ахвакхера схьабевлла нах беха 25 кутан).
Амма административан долаллехь иккхина кегари бац дIабаьлла. 1991-чу шарахь, совхозаш, колхозаш юхуш, иэдира дерриг а, и хан кхаччалц "Будёновка" яра юьртан цIе, цул тIаьхьа "Хариб" элира", - дагалоьцу Хакимов Мурада.
Харибан истори а йовзуьйтуш, Мурада дукха кехаташ кхехьийтина Дагестанан куьйгалхочуьнга Васильев Владимире, премьер-министре Здунов Артёме, кхечаьрга.
Цхьана кехатна дуьхьал даийтира жоп ХIинжа-ГIаларчу Iедало, аьлча а, латтанийн, долаллин юкъаметтигийн министралло. Цо иштта бохура: Дагестанан къилбаседанера кутанаш (1,5 эзар гектар латта), шайн статусаш а хуьйцуш, Дербентан кIоштарчу 6 эвлан долаяьхна, амма Баба-Юртан, Хасу-Юртан, Кумтор-Калан, Буйнакскан кIошташкарчу кутанашна лойла дац яртийн статус, гIумкашна ца тов иза, цундела царех дерг, хенаца къартор долуш, тIаьхьатеттина.
Жоьпо йиш йохийна хьийза карарчу муьрехь харибхой а, луларчу кхечу "кутанашкара" бахархой а.