Дагестанехь Карабудахкент кIоштахь хьуьнхахь вийна пхи стаг карийна Оршот Iуьйранна. Iедалан векалш бинчу хаамца, уьш бу талла бахана хилла болу меттигера бахархой. И нах тIемалоша байина, аьлла, хета царна.
Дагестанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, Оршотан дийнахь сатоссуш хаам кхаьчна хилла Карабудахкент эвлана гена доццуш хьуьнхахь вийна Iуьллуш кхо стаг ву, аьлла. Цу меттиге яханчу талламан тобанна карийна, вовшах а бихкина, герз диттина, байина болу кегийра нах.
Дагестанан талламан комитетан векло бинчу хаамца, вийна карийнарг ву Карабудахкентера КаламутдиновгIера ши ваша а, Исрапилов а, Насухов а, Юсупов а. Царах уггара воккхачуьнан 41 шо хилла, вуьйш бу 30 шаре бевлла хилла кегийра нах.
Карабудахкент кIоштан полицин векалш дийцарехь, КIирандийнахь и пхи стаг талла вахана хилла. Сарахь 5 сахьт долуш царах цхьаммо телефон тоьхна хилла шен вешега шайн машен йоьхна, аьлла.
Шеца накъост а эцна, тIаьхьаваханчу вешина ца карийна таллархой. Телефонехула жоп луш а ца хилла цара. Ткъа Оршотан дийнахь сатоссуш уьш байина карийна орцахбевлла уьш лаха баханчу нахана.
Меттигерчу ницкъаллийн структурийн векалшна хетарехь, цу тайпа хьуьнха бахана болу таллархой байар дуьххьара хьулуш дац Дагестанехь. Цундела уггара хьалхара верси уьш тIемалоша байина хир бу, аьлла, ю и гIуллакх толлуш болчу полицин белхахойн, бохуш, хаам бо Оьрсийчурча РИА Новости олучу хаамийн агенталло.
Оьрсийчоьнан талламан комитетан куьйгалхочо Маркин Владимира бинчу хаамца, таллархой байар къастон Дагестане хьажийна зеделларг долу талламхой а, криминалисташ а.
Кавказский Узел цIе йолчу интернет агенталло дагадоуьйту стохка ГIадужу-баттахь цу тайпа таллархо вер. Цу хенахь муьлуш бу ца хуучу наха, герз а тоьхна, вийнера Буйнакск кIоштара Ишкарты эвлара 62 шо долу Устарханов Зейтулла.
Меттигерчу ницкъаллин структурийн векалш хаам бира и стаг вийначу меттигана гена доццуш тIемалой Iийна йолу меттиг карийна шайна, бохуш. 20I0-чу шарахь ГIура-баттахь ГIебартойн-Балкхаройчохь а карийнера хьунхахь вийна 7 стаг.
Уьш а хиллера цу республике талла баьхкина болу Ставрополь-кIоштара бахархой. Ницкъаллин структурийн версица и нах ларамаза тIеIиттабелла хиллера тIемалойн блиндажна.