Иракъерчу набахтехь елла шен оьмар чекхъяллалц чохь ялло хан тоьхна хилла дагестанхо
Дербентера къона доьзал Иракъе дIабахара 2015-чу шарахь. Дукха хан ялале вийра майра, зуда кхелхина набахтехь. Ши бер дисина церан – 4 шо кхаьчна кIант а, 2 шо долу йоI а. Денанас шена тIеяздина ши бер, амма царех хилларг хIинца а дац цунна хууш.
Ша стуннанна гIодан воьду элира
Эльмирас а, Мухтара а Дербент 2015-чу шерахь йитира. Мухтара шен дега а, нене а ша Докъузпаран кIоштахь ехачу шен стунненан цIийнах куьг тоха воьду аьллера. Шеца цо гIирс стенна ца хьо, хаьттинера цIерачара. Стунненан ерриг а йолуш ю, жоп деллера Мухтара. Дербентехь уггаре дикачу пхьерех ларалора иза.
Шен йишига Надияга доьазза телефон туьйхира Мухтара, воьIан суьрташ а дахкийтира. Цкъа вашас телефон туьйхира цуьнга, "ирча гIовгIа" яра хезаш. "Цуьнан стуннана ехачу ломахь биллина хуьлу мох, цундела ца хилира шек а. Ша бераца некъа тIе ваьлла Iа, элира вашас", дагалоьцу Надияс "Кавказ.Реалиица" къамелдеш.
Надия балха тIаьхьаюьсуш яра, иза нене дIаяла гIоьртира телефон, амма, ца оьшу, къамелдан шен йиш яц, элира Мухтара. "Уьш-м хиллера Азербайджанан дозане кхачна боьлхуш. Гапцах юьртахь машенара охьа а биссина, доза хадо бохкуш", елхарца дагалоьцу йишас.
Надияс хаьттина хиллера, къамелдан йиш а ца хилча, стенна етта телефон. Иштта дара Мухтаран тIаьххьара дешнаш: "Мегар ду хIета, Дала Iалашдойла шу! ТIаьхьо тухур ю ас…".
Сахьийзара Надиян, шеко хьийзара коьрте. Ша балха дIакхаьчча, Мухтарца зIене яла гIоьртира иза – яйина яра цуьнан телефон. Цул тIаьхьа де даьлча, Эльмирин йиша елира Надияца къамеле, ши де а ду йиша а, нуц а шайгара дIабахана, элира цо.
"Эццахь тхо церан хIуманаш кего хIиттира. Дерриг а документаш дIадаьхьинера цара шайца, ткъа Оьрсийчоьнан паспорташ дитинера. Гучуделира вашас шен мел хилла пхьеран гIирс а, несо оха шена мел делла деши а дIадоьхкинийла", дуьйцу Надияс.
"Юхадахка некъ бац"
Массех де даьлча Мухтар велира зIене. Шена къинтIера бовлар дийхира, цIерачех лаьцна элира йишига, "хIинца хьо ю хьуна цаьрга хьажа юьсург".
- Стенна ди ахь иза? Чехка цIадуьйла! – мохь беттара Надияс.
- Юхадахка некъ бац. Сан йиш яцара ца ваха. ТIаьхьо ас дуьйцур ду хьоьга. Со цIера ара ца ваьллехь, шуна а хир дара зен, - жоп делира вашас.
Эццахь хедира зIе.
Журналистца къамеле йолу Мухтаран нана Румият: "Шовзткъа дийнахь цо телефон схьа ца йоьдуш Iийра тхо".
Румията а, Надияс дагалоьцу байна доьзал. Диъ шо ду царна евзачу цхьана зудчун воI Шема дIавахана. Цунах дагаяла яхара иза шиъ. ХIорш чохь а Iаш, шен несаца Скайпехула къамеле елира и зуда. Гучу суьрто кхетийра хIорш, стенгахь ву Мухтар а, цуьнан доьзал а – Надияс вешин беранна эцна шиша дара Скайпехула схьагуш.
Юха, цхьа хан яьлча, Эльмирас аудиомесседж яийтира – уьш Иракъехь бара, юьхьанца Мосулехь Iийна, тIаккха – Тал-ал-Афарехь, дерриг а дика ду шайн, олура.
"Шун йоI лаьцначохь елла"
"Стохка, Марсхьокху-беттан 16-чохь, шен берашна тIера моьнаш, уьш бовза таро луш болу битамаш бийца хIоьттира соьга ваша. "Сан бераш – хьайнаш ду", элира соьга. Ас цец а яьлла, хаьттира, бераш дIадохуш-м дац хьоьгара. Дац цкъачунна, тIаьхьа хIун нисло ца хаьа, элира Мухтара", йоьлхуш дагалоьцу Надияс.
Кхин я телефон а ца туьйхира, я яз а ца дира Мухтара. Йишина Надияна а, нанна Румиятна а хетарехь, вийна иза. Ткъа кху деношкахь юьртдас шена тIе кхайкхина Эльмирин да, аьлла, " шун йоI лаьцначохь елла, цуьнан бераш набахтехь ду".
"Кавказ.Реаллино" бинчу талламо гайтарехь, кхушара, Охан-баттахь, БагIдадерчу кхело ДаIишан тIеман тобанехь леларна оьмар чекхъяллалц набахтехь кхаба кхачийра Эльмира, Мухтара зуда (оццу дийнахь Оьрсийчуьрчу 18 зудчунна изза кхел кхайкхийра).
Мухтаран а, Эльмирин бераш хьаьнца, стенгахь ду, хууш дац гергарчарна. Денанас шена тIеяздина уьш. Тутмакхашкара хьал цунна хеза Нохчийчоьнан куьйгалло бечу балхехула – цунах а йоккхае зуда.
Надиян лерехь диллина лаьтта Эльмирас баьхна "дерриг а дика ду" дешнаш. "Шайн дерриг а дика ду стенна бехира-те цо? Бахийтина-те? Ткъа шаьш шийла, меца Iийна хир бу. ТIом – тIом ма буй. Муха хир ду цигахь дика?" – йоьлху Надия.
Цо дагалоьцу ваша. Полицера цхьа а вацара цуьнга хIума бохуш. Бакъду, цкъа-шозза вигира, маж стенна еха ю хатта. Эльмирига, иза хьиджаб йоьхна стенна лела а хиттинера полисхоша.