Оьрсийчоьнан Президента Путин Владимира гезгмашин-беттан 21-хь Оьрсийчохь мобилизаци кхайкхийна, "юьззина йоцу" аьлла цIе тиллина цунна. Шортта хеттарш кхолладелла экспертийн а, бакъоларъярхойн а оцу омран хьокъехь: "юьззин цахиларан" билгалонаш – регионашкахула, йа эскархойн категорехула дехкарш, йа тIаме хьийсочу нехан терахь а - кехатехь хьехош дац.
Виза а йоцуш Оьрсийчоьнан бахархой кхача йиш йолчу пачхьалкхашка доьлхучу кеманийн билеташ дIаийцира. "Буьззинчу барамехь" президентана муьтIахь хилар дIахьедира губернаторша.
"Краснодаран махко шена тIедиллина декхарш дерриг кхочушдийр ду", - хьалхарчех цхьамма рапорт йира шен телеграмерчу каналехь Кондартьев Виниамина. Ростован, Волгоградан а кIоштийн куьйгалхоша Голубев Василийс а, Бочаров Андрейс а куьйгалла дира меттигерчу нах дIагулбаран комиссина. Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочо Меняйло Сергейс шен кхайкхамехь пропагандин штампаш йийцира, Кремлан тIеман политика "пачхьалкхан цхьаъалла ларъяран Iалашонца" лелош ю бохуш.
Эмоционале пост арахийцира шен телеграмерчу каналехь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цунна хетарехь, "йолийна леррина операци сихха чекхъяккха" аьтто бийр бу мобилизацино (Украинина тIелатарх иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалша, хуьлучух тIом алар низамо ца магадо. – Билг.). "Сацам ойла йина тIеэцна бу, вуно бух болуш бу", - комментари йина Путинан омрана Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс.
Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкарчу бахархоша муха реакци йира мобилизацина, президентан омрана тIехула яккхийра протестийн акцеш хила йиш юй – и хаттарш Кавказ.Реалиино делира меттигерчу юкъаралхошка а, политологашка а, политикан гIуллакххошка а.
Коровайный Александр, Ейскан кIоштан кхеташонан хилла депутат, Краснодаран мохк
— Кубанехь муха реакци йира мобилизацех лаьцначу хаамна? Дукха нах Iадийна бу, царах доккха дакъа ду Iадийна. Яккхийрачу протестийн акцешка арабевр буй бахархой? Суна ца хаьа. Кхин а дикачу аьттоне ладоьгIуш шайн цIахь уьш Iийча – и аьтто хир бац. Тахана Оьрсийчоь 300 эзар уггар могуш, жигарчу кегийрхойх ялахь, тIаккха къомах хIун дуьссур ду?
Кегийрхойн доккха дакъа оцу мобилизацина, берриг тIемна а дуьхьал ду
Массо хенахь ишттачу темех ларлуш Iара со, Iедалца йийцаре йина йоцчу митингашкахь дакъа лацаре нах ца кхойкхура. ХIунда аьлча со кхета: нехан проблемаш хила мега. Амма тахана коьрта проблема – ур-атталла агрессиве тIамехь дакъа лацарна тIехула морале цатам бац иза, тIаккха коьрта проблема – фронтехь кхалхаран кхерам лекхара хилар. Суна бен дац, маса бехктакхаман гIуллакх сан коча уллур ду, амма хIинца кхин харжам бац, оцу зуламан политикана "хIан-хIа!" алар бен. Мобилизаци йина боцурш арабовла мега, - оцу кIентийн дай-наной, зударий. Вайн кегийрхой кIелхьарабаха беза цара.
ХIаъ, дукха нах кхоьру дIалецарх, гIуданех. ЧIагIъеллачу репрессеша ма-дарра гойту раж протестех кхоьруш хилар. Хьалхарчу рагIнашкахь фронте хьийсо езаш йолу полици тахана маьрша пикетхой дIалоьцуш ю, социалан машанашкахь тIамна дуьхьал болу кхайкхамаш а лоьхуш.
Вайн юкъаралла дуккха а шерашкахь пропагандина кIелахь яра. ХIаъ, дукха оьрсий хIинца а тешаш бу: вай дуьххьара тIелатар ца динехьара, НАТО вайн тIелетар йара. Къаьсттина тIаме хьийсош болу кегийрхой цунах тешаш бац. Уьш ца хьожу телевиденехула гойтучу пропаганде. Кегийрхойн доккха дакъа, сайн доттагIашца, бевзачаьрца мах хадабо ас, оцу мобилизацина, берриг тIамна а дуьхьал ду.
Сулейманов Джамболат, Европехь йолчу нохчийн "Толам" Комитетан куьйгалхо
– Суна хетарехь, Хьалхарчу дуьненаюкъарчу тIамехь санна Кавказан кегийрхой "Акха дивизина" юкъаоьхуш хир дац тахана долу хьал. Оцу хенахь иза шовкъаца тIеоьцура, паччахьан эскарехь дакъа лацар социалан лифт хетара. Тахан хьал кхин ду: ницкъаллин хьукматашкахь шен карьера кхолла лиъначо иза дина хьалххе дуьйна. Маьршачу хенахь и кхерамазалле а, тайп-тайпанчу даьхнийн беркате кхачош а хетара. ХIинца мобилизацино а, фронте вигаро а даккхийра кхерамаш дахьа.
Кремлан империн амбицеш кхочушхилийта Кадыров кийча ву нохчийн кегийрхой хIаллакхилийта
[Оьрсийн эскаран Украинехь] кхачамбоцу тIелатарийн тулгIенаш чекхъевлла. Нохчийчу а, луларчу республикашка а шортта декъий кхаьчна. Цундела тIом кхин башха къобалбеш бац.
Сих-сиха хаза тарло, нохчий протесте ца бовлу, цуьнан тIаьхьалонаш ца гарна. Хетарехь, [хIинца республикехь] герзаца гIаттам баккъала а хир бац. Дуккхаъчу нахана мобилизаци йолийча, маьржа протест хила тарло. ХIунда аьлча [тIаккха] тIом эзарнаш доьзалех хьакхалур бу.
Армех хьийсош болуш божарий – дай, кегийрхой - майдане ара ца бовла мега. Амма Нохчийчуьра наной баккъала а протесте бовла мега. ТIаьххьарчу [Нохчийчуьрчу] шина тIамехь шаьш майра гайтина нохчийн зударша, федералийн карара шайн кIентий бохура дукхачу зударша, шайн догIмашца тIеман техникана дуьхьало йора. Церан майралла яцара ала йиш яц.
КХИН А ХЬАЖА: Соьлжа-ГIаларчу митингехь зударий дIалецарх дийцина Кадыровс. Церан божарий тIаме хьийсор хьехна цоОцу тайпа протест хIоттахь Нохчийчоьнан куьйгалла халчу хьоле нислур ду. Зударшца бечу тIамо божаршна доьналла ца ло – иза лело йиш яц. Кхечу агIор, Кадыровс сих-сиха Путинан "гIашсалти" олу шех, тIаккха цуьнан омранаш уггар хьалха кхочушдан деза цо. Амма тIаме оццул салти хьийсалур буй цуьнга?
Цул хьалха кадыровхоша ерриг пачхьалкхера "лаамхой" дIагулбора – шаьш нохчий кIезга бара церан рагIнашкахь. ХIинца меттигера бахархой дIагулбан беза, протесташ бахьанехь Кремлан тIедиллар кхочушдан гIуллакх ца хила мега Кадыровн.
Цул сов, Мосаваца юкъаметтиг а лелош, къам тIеман къизаллех, хIаллакхиларх лардо ша, бохуш масийттаза дIахьедора цо. Амма хуьлург - Кремлан империн амбицеш кхочушхилийта Кадыров кийча ву нохчийн кегийрхой хIаллакхилийта.
Фатуллаев Милрад, Дагестанера политолог
– Гезгмашин-беттан 21-хь протестан [тIамна дуьхьал] митингаш хилла аьлла Оьсрийчоьнан МВД-но хьахийна йолу 38 гIала тидаме эцча, Дагестанехь а, ерриг Къилбаседа Кавказехь а тийна дара хьал. Блогашкахула юьйцу мобилизаци (Соьлжа-ГIаларчу зударийн митингех лаьцна хаамбора, амма Путино мобилизаци дIакхайкхале йинера цунна анонс. – Билг.).
Проблемаш [фронтехь] юьйлаелча, юкъаралла шеконехь а, цец яьлла а йара
Кхузара юкъаралла тоал цхьаойла йолуш ю, сан зерашца, 50 сов прцент бахархоша къобалдо пачхьалкхан Iедало лелориг. Оцу тобанан цхьана дакъанна хетарехь, юьззина йоцу мобилизаци тIаьхьйиссина, Украинан дозанехь Оьрсийн Федерацин гIуллакхаш кхин а шога хила дезара: и долийна хилча, 150-200 эзар стаг дIавигина Iан ца оьшура, буьззинчу барамехь тIом бан безара, бохуш. Бахархойн доьалгIа дакъа шеконашкахь ду, царах масех процент бен протестан ойланаш йолуш дац, амма кхоьру шайн позици йиллина дIагайта.
Мобилизацин барамаш хуьйцур дуй цо? Фронтерчу хьолах доьзна хир ду. Чиллан-беттан чакхенехь тIеман тийсдаларш къобалдар дуьззинчу барамехь ала мегар долуш дара – хьахийна болу масех процент протесте ойла йолу нах боцург. Логистика яхъяларна а, оьрсийн эскаран тIехьене тохарш дарна бахьанашца хьалхара этап кхачамбоцуш хилча, декъий цакхехьа долийча (беллачу эскархойн терахьехула хьалхара регион йара Дагестан), адамаш ойла йан хIиттира – хIун ду теша цигахь хуьлург?
Хеталора, Оьрсийчоьнан дуьненахь шолгIачу меттера эскар ду, тIаккха "украинхойн хаттар" масех кIирнахь, йа дийнахь листалур ду. Проблемаш [фронтехь] юьйлаелча, юкъаралла шеконехь а, цец яьлла а йара.
КХИН А ХЬАЖА: "Путин Iедалах волу – Кадыров массо хIуманах волу". Нохчийчоьнан куьйгалхочо - Украинехь юхабовлархСуна хетарехь, иштта хьал хIуттур ду юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийча а. Иза нийса чекхялахь – пачхьалкхан куьйгалло ма-баххара – тIаккха фронтера жамIаш [эскарна а, пачхьалкхан куьйгаллина а] эвсара хилахь, хьал иштта хир ду. Чиллан-беттан чакхенера хьал хIоттахь [оьрсийн эскар Киеван кIоштера юхадолучу хенахь санна], дохкобийлар даьржар ду.
Кочегин Евгений, Навальный Алексейн регионерчу штабан хилла волу координатор. Волгоградерчу "Дозор" проектан куьйгалхо
– Мобилизацина Волгоградехь йина йолу хьалхара реакци, ерриг пачхьалкхехь санна, кхаа декъе екъа мегар ю. Мобилизацина кIел а нислуш, амма тIамехь дакъа лаца ца луурш – шайн идейш бахьанца хийла иза, йа ша кIелхьарваккха лаарна хийла, - уьш сихонца пачхьалкхера дIабоьлху.
Царна набахте, йа фронте кхача ца лаьа
Бахархойн шолгIа дакъа протесташ йан кхийча ду. Тхайн телеграмерчу каналехь оха хаттар дина [кхеташ ду, "Дозорана" тIебазбелларш гайтаме аудитори йац, царах доккха дакъа – диктатурана дуьхьало йаран агIончаш бу], жоп деллачарах дукхачара протестийн акце арабовла кийча хилар хаийтина, административан дIалецарш хилахь а, йа чхьонкарш еттахь а. ХIунда аьлча коьрта тIехула шакарш еттачу даьндаргаша кхин а боккха кхерам бахьа.
Военкомате ида дагахь берш бу волгоградхошлахь, амма протесте бовла дагахь бац уьш. Царна набахте, йа фронте кхача ца лаьа. [Меттигерчу бахархойн] доьалгIа дакъа а ду, хIинца шайх хьакхалур дац моьтту царна. Суна хетарехь, кеста шайн гIалатех кхетар бу уьш, хIунда аьлча мобилизаци – нийсса дIа, йа лач некъашца, гергарчарах, доттагIехула – массарах хьакхалур ю.
Чиллан-беттан чакхенехь дуьйна жигарчу волгоградхойн, берриг оьрсийн санна, Украинерчу тIамах лаьцна ойла масийттаза хийцаелира. ЦIаьххьанчу протесташна тIера адамаш Iаткъаме, гIорасиз хетачу хьоле кхачалц. Гуш ду, мобилизаци йолаеллачул тIаьхьа протестийн тулгIе гIоттург хилар. Полисхоша а, Росгвардин белхахоша а хIун лелор ду – иза хаттар ду, хIунда аьлча, царах дуккха тIамехь хилла, доттагIийн кхалхарш гина.
Долиев Михаил, политолог, ПАРНАС партин Астраханерчу дакъан хьалханча
– Билггал дIаала йиш ю сан, мобилизацин хьокъехь цхьа а протесташ Астраханан махкахь хир яц. РогIерчу урамашкарчу нахаца, белхахошца, гергарчаьрца къамелдича тоьар ду цунах кхета.
Адамашна а, малхбузерчу политикашна а кхета деза: оьрсий тIеман пропагандица цомгаш бу, тIамна а, эшамаш лан а Iамийна бу уьш. Кхечу пачхьалкхашкара бахархоша цаьрца къамелдича царна хуур дара: пропаганда бахьанехь рогIера оьрсий вуно чIогIа тешна бу, "Украинехь оьрсийн эскархоша украинхошца беш бац тIом, Америкаца, НАТО-ца а беш бу", иштта къаьсттина Малхбузе – "нацисташ, фашисташ" хиларх а.
Цунах дуккха а нах теша, хIунда аьлча, и гIурт царна радиохула, телехьожийлехула, социалан машанашкахула, онлайн-зорбанашкахула коьрте боьттина, гонарчу наха а дуьйцу иза.
Малхбузено хIун дан деза оцу хьолехь? Оьрсашна визанаш йалар доло деза сихонца
ХIаъ, тахана ресурсаша аьтто ца ло Путинна къоччуш эскарна герз латто, амма хан ю цуьнан агIонехь. Политикан тIегIанехь еххачу хенахь беха диктаторш, тIаккха маьршачу хьелашкахь хаьржина куьйгалхой сих-сиха хийцало. Цхьайолчу пачхьалкхашкахь Iедале авторитаран ражнаш йогIу, муьтIахь болу ницкъаш а… Ницкъийн баланс йоха мега.
Мобилизацино революци йолор ю, Путинан режим йохо мега бохуш дIахьедарш дечу наха гIалат доккху. Цкъа далахь, пропаганда ницкъболуш ю хIинца а. ШолгIа далахь, Путино хьалха дуьйна лелош йолчу методах пайда оьцур бу, Сталинан методах: мобилизаци йинчу салтешна герз фронтехь бен гур дац, тIаккха царна тIехьа хадеш карахь герз долу заградотрядаш хир ю. Иштта метод жим-жима лелийра [сепаратистийн] "ЛДНР-хь".
ТIеман хенахь тIеман декхарш тIаьхь дерг, йа герз ца тоьънарг къинхьегаман армешка хIиттор бу, цигахь цхьа хедар чохь болчу кхачанна дуьхьа цаьрга пайда боцу белхаш дойтур ду.
Малхбузено хIун дан деза оцу хьолехь? Оьрсашна визанаш йалар доло деза сихонца. Ур-атталла царна дIабаха аьтто бан беза, уггар хьалха дезертирашна. Путин психопатин адам ду. Литвана, Латвина, Эстонина тIелатар дан хьан новкъарло йийр ю цунна? Шортта даккхийра зенаш деш долу гергз лело хьан новкъарло йийр ю цунна? Путин тешна ву, [оцу гIуллакхна жоп лучу юкъанна] Малхбузенан куьйгалхой къийсамашкахь буьссур бу, цхьа сацам хилале хьалха.
Солженицын Александран а, Шаламов Варлааман а, кхечу яздархоша а яздинарг баккъала долчу дахарехь хуьлуш ду. Къилбаседа Корейх шуна мел хезнарг а хир ду Путинан Оьрсийчохь, бен дац, Iедалехь Путин хир ву, йа муьлхха цхьа Патрушев-Медведев хир ву. Гена мел дели хала хир ду Путинан раж дIаяккха!
"Кубанан тIамна дуьхьал йолчу комитетан" векал
– Хьалхе ду Краснадаран мехкан бахархоша мобилизацина йийр йолчу реакцих лаьцна дийца. ХIинца гуш дерг оцу темин жигара дийцре дар ду, армех вигарх "вадарца" доьзна хеттарш а.
Дерриг дуьненна вай меттиг дIагойтур ю, боху агрессиве риторика яц хIинца
Юкъараллехь хаалуш дац протесташ эшар. Билггал иза дIакхайкхо йиш ю тхан, хIунда аьлча хIинца Оьрсийчохь ду тхо, чуьра хьал гуш а ду. Нахана кара повесткаш кхачаран дуьххьара реакцешка ладоьгIуш ду.
Билггал цхьа хIума ала йиш ю – Украинера тIом къобалбар хIинца дан а дац. Араваьлча тоьаш ду, юкъараллин транспортехь дIасавахча, йа муьлхха кампане, муьлххачу фирме. Дерриг къамелаш мобилизацех лаьцна ду.
Дерриг дуьненна вай меттиг дIагойтур ю, боху агрессиве риторика яц хIинца. Амма тIамна дуьхьал жигара гIуллакхаш лело юкъаралла кийча ю бохург дац иза.
Несват Михаил, Либертарианийн партин декъашхо, Новочеркасскера тIамна дуьхьал йолчу пикетийн декъашхо, Ростован мохк
– Мобилизацех лаьцна Путинан омрано хIинцле а протест гIаттийна. Доккхачу декъанна пачхьалкхера дIавахарца гучуюьйлуш хир ю иза. Ростован махкара оппозицин аре дIацIанйина, Украинаца долчу дозанера ницкъахой Москвара бахкийначу ФСБ-н а, МВД-н экстремизмана дуьхьало латторан центран белхахошца чIагIбиначул тIаьхьа. Со тешна ву, иштта хьал [Украинаца дозанехь йолчу] Белгородехь а, аннекси йинчу ГIирмехь а хиларх.
Бахархойн доккхачу дакъо тIом къобала ца бора. "Цхьа пачхьалкх – цхьа президент" бохуш коча оьллинчу ойлано оьрсийн жима дакъа зомбин хьоле дерзийна, хаамийн вакуум йолчу арене кхачийна.
Амма дукхачу наха жигара дIахоуьйту шайн тIамна дуьхьал йолу дог-ойла. ТIеман баннерш, плакаташ дохор, Z-билгалонаш йолу [Украинина духьал болу тIом къобалбар гойту цо] машенех, инсталляцех цIерш тийсар хааделла Донехь. ТIамна дуьхьал хиларна байъина таксисташ а бу. Донера дуккха жигархой Оьрсийчуьра дIабахана, шайна дуьхьал репрессеш лелорна.
Мобилизаци йолийча Ростован махкарчу бахархойн догойла хийцалур ю. Делахь а, и къамелаш чиллан-беттан 24-хь а хуьлура. ХIинца протест ураме арабийларца йоьрзур яц. Со тешна ву, иза еххачу хенахь хирг хиларх. Оьрсийн авторитаризман дакъа чудуьллучу гIуткхан негIарна тIе туху тIаьххьара хьостам хила мега оцу тIамна дуьхьал йолчу протестах.
Донерчу бахархошна доккхачу декъанна маьрша дахар оьшу. ТIеман юьххьехь Путинан дозанера латтанаш лардо бохучех цхьаъ тешаш хиллехь, амма хIинца бахархошна кхетта, леррина операци йолор сонталла хилла ца Iаш, зуламца иэдина гIалат дара. Курскан, Балгородан мехкашкахь лелхийтарш ду, иштта ГIирмехь а, Донан латтанашкахь а.
Путинан амбицеш бахьанехь кара герз а эцна шайн вежараллин къам хIаллакдар ду эхь
Украинехь вала кийча хилар донхошлахь вуно кIезга ду. Дукхачеран цигахь доттагIий, гергарнах а бу. Хетарехь, Iедалан йиш хир яц и факташ тесна йита, тIаккха Украинан дозанерчу латтанаш тIехь мобилизацин ира кIовнаш аьртйан гIертар бу уьш.
Армех дIагулбечу нехан хенара болчу кегийрхошка сан кхайкхам – ма гIо тIаме. ДIагIо, дIалачкъа, "дIаида". Иза эхь дац, Путинан амбицеш бахьанехь кара герз а эцна, шайн вежараллин къам хIаллакдар ду эхь.
- Гезгмашин-беттан 21-чу сарахь Оьрсийчоьнан регионашкахь протестийн акцеш хилла дIакхайкхийначу мобилизацина дуьхьал. Дуккха а нах дIалецарх а, протестхошна тIехь полисхоша ницкъбарх дуьйцу. Уггар яккхийра протесташ Москвахь, Санкт-Петербургехь а хилла, иштта Уралан, Сибрехан а яккхийрачу гIаланашкахь. Оьрсийчоьнан къилбера а, Къилбаседа кавказера а регионашкахь уггар яккхийрачех акци Краснодарехь хилира – "Протокол" гIирсан хаамашца, цигахь дакъалецира 100-150 стага. Масийтта дIалаьцначух лаьцна дуьйцу.
- И мобилизаци муха дIахьор ю, Украинерчу тIамна хийцамаш дийр дуй цо дийцина Conflict Intelligence Team талламан тобанан аналитико Михайлов Кирилло.
- Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкара Украине хьовсо кечбеш салти лоьху Iедало кхайкхамашца а, хIусамашна тIе кехаташ леторца а; Дагестанехь гIудаш йиттина болу машенлелорхой полисхоша сеца а беш, царна "чIогIа хьоьхура" военкомате бахкар.
- Кавказ.Реалиино яздора, Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а регионашкара салти сих-сиха реза ца хуьлу Украинерчу тIамехь дакъа лаца, цигара юхабоьрзу уьш – тIаккха Оьрсийчохь балхара дIабоху уьш "тIеман декхаршна кийча бац", олий. Ишттачу хьоле нисвелира ГIебарта-Балкхаройчуьра Росгвардин 115 белхахо, Владикавказера 50 контрактхо а, Краснодарерчу ОМОН-н "Пластун" ротера 12 эскархо а. Ша дIакхайкхийна йолчу Къилбаседа ХIирийчуьра оьрсийн базера 300 гергга эскархочун аьтто белира, шайн лаамехь Украинера цIабахкарна жоьпаллина кIел ца нисбала.