Йохийна гIишлош, уьду нах: кхаа провинцин центраш дIалаьцна "Талибано"

"Талибанна" а, овхIанхойн кхерамзаллин ницкъашна а юкъахь тIемаш хиллачул тIаьхьа Кундузехь йохийначу туьканашка хьуьйсуш бу овхIанхой. 2021-чу шеран Марсхьокху-беттан 8-гIа де. Стигалкъекъа-баттахь тIелатарш долийначул тIаьхьа, эскарш арадохуш тIаьххьара мур болийначу хенахь тIалибаша дIалаьцна - 375 эзар бахархойх юьзна гIала.

 

ТIалибийн байракх яржийна Кундузан коьртачу майданахь овхIанхойн кхерамзаллин ницкъашна а, гIаттамхошна а юкъахь тIемаш хиллачул тIаьхьа. Iедалхойн эскаран, схьагарехь, ницкъ тоьъна шайн куьйгакIел сацон аэропорт а, шайн база а, кхинйолу гIалара Iедалхойн коьрта гIишлош тIемалойн караяхна. Бечу хаамашца, Кундузера коьрта набахте а цхьана ю тIалибашкахь

 

Кундузехь йохийначу туьканашна тIехулахь кIур хьийза. ОвхIанистанан тIеман министралло бакъ ца дора, Кундуз йожар, Марсхьокху-беттан 8-чохь дIахьедира, гIалара минаш дIаяха дуьйладелла шаьш аьлла. ТIеман министралло тIетоьхна ишта, гIалин юккъера коьрта галморзе Iедалхойн карахь ю, ткъа къоман телеканалан гIишло а тIемалошкара схьаерзийна аьлла

ТIемаш бирзинчул тIаьхьа сийса йисина йохка-эцаран гIишлош

 

Кундузехь йохийна гIишлош
 

Кунар провинцин Къилбаседанерчу Газиабад кIоштарчу школехь дIатарбина ца бевллачу денна шайн хIусамаш дIатийса дезна доьзалш. 2021-чу шеран Марсхьокху-беттан 7-гIа де.
ОвхIанхойн кхерамзаллин ницкъашна а, тIалибашна а юкъахь тIемаш севцча бевддера уьш.
Исс эзар сов доьзалша шайн хIусамаш йитина оцу провинцехь, тахана юучуьнца а, тховкIелонца а бала хьоьгуш бу уьш

 

Кеманаша тохарш динчул тIаьхьа Лашкаргахера школа, пачхьалкхан Къилбера Гильменд провинцин центр. ТIеман министарлло Марсхьокху-беттан 8-чохь динчу дIахьедарехь боху, тIалибийн позицешна кеманашца бомбанаш йиттира, 54 тIемало вийна, 23 чевнаш йина 

 

Авиатохарш динчул тIаьхьа Лашкаргахерчу библиотекех йисинарг

 

Лашкаргахера йохийна поликлиника. Марсхьокху-беттан 8-чохь провинцин кхеташонан декъашхочо Ахунд Маджида дIахьедира, пачхьалкхан ницкъаша кеманашца тохарш дар бахьана долуш клиника а, меттигера школа а йохийна аьлла


 

Герагера бевдда боьлху бахархой. ТIалибашца луьра тIемаш бинчул тIаьхьа гIалин цхьа дакъа шайн контроле дерзийна овхIанхойн кхерамзаллин ницкъаша

 

ТIалибашца тIемаш бинчул тIаьхьа ОвхIанистанан кхерамзаллин ницкъаша Гератан йистехь гIаролла до
 

ОвхIанистанехь лурдоьлла тIемаш бахьанехь иттаннашкахь гIишлош хIаллакйина, маьрша бахархой уьдуш бу махкара. "Талибанан" тIемалоша дIалецна кхаа провинцин административан центраш, шайлахь Кундуз гIала а йолуш.ТIалибаша Кундузера Iедалхойн коьрта гIишлош дIалаьцначу юкъанна, Iедалан ницкъаша шайгахь латтош ю аэропорт а, тIеман база а. Схьагарехь, "Талибанан" карахь ю иштта Сар-э-Поль, Талукан гIаланаш а. ТIемаш бу беш Къилберчу Лашкар-Гахехь а, Къилбаседа-Малхбузерчу Гератехь а.