Your browser doesn’t support HTML5
Иза гойтуш бу кху деношкахь ВЦИОМ олучу Оьрсийчура юкъараллан хетарг толлучу центро бина таллам. Цуьнца а догIуш, шайн бераш а, берийн бераш арми а, инарлан прокуратура а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а, ФСБ а санна йолчу ницкъаллин структурашка балха бахийта луур дарий шуна аьлла, хаттар дича, «луур дара» аьлла жоп делла 53 процент декъашхоша.
ФСБ-н белхахой шайн бераш хилийта лууш бу коьртачу декъана карарчу хенахь 25-34 шераш долу нах.
Дала жоп доцуш висина 11 процент респондент. Цу талламехь тIе тидам бохуьйтург ду шайн берех милцой а, ФСБ-н белхахой а хилийта луурш коьртачу декъана 25-34 шо долу нах хилар.
Нагахь цу тайпа таллам Нохчийчохь бича ницкъаллин структурашка шайн бераш дахийта луучу нехан терахь кхин а алсам хир дара аьлла хеташ ву вевзаш волу нохчийн юкъараллан жигархо Бадалов Руслан. Цуьнан бахьанаш иштта дуьйцу цо.
Бадалов Руслан: "Прокуратуре бахар а, милице бахар а цхьана агIор шаьш ларбар ду церан. ШолагIа дерг ду белхан меттиг хилар. КхозлагIа ду коррупци-хIума лело аьттонаш хилар. Нах тахана шаьш дуьненчохь йоккху хан юучуьнца, молучуьнца (токхе йолуш), белхан меттиг йолуш, лаккхара алапа долуш яккха лууш бу".
Ша кхиина вогIуш а дара милицехь а, прокуратурехь а болх бар лоруш, цига балха баха нохчийн аьттонаш къезиг хиллехь а, бохуш дуьйцу Бадаловс.
Бадалов Руслан: "Цу хенахь къезиг хуьлуш дацара милцойн школе а, прокуратуре а, суьдхой а нохчий бахар. Лараме дара цига вахар. Хала а дара. ХIунда аьлча, нохчийн къоман векалшна низамаш лардочу органашка бахарехь тоьхна доза дара. Цу хенахь ша ларвар Iалашо йолуш ца воьдура милице. Тапчан метта хумпIар чохь наьрс лело зама яра иза".
Хаджимурадов Сулейман дуккха а шерашкахь Нохчийчохь Iедалан даржашкахь болх бина ву. Шена беза болх къасто белхан меттигаш яц Нохчийчохь, цундела, миччахь дина а, шайн бераш балха дIанисдан лаьа нохчашна бохуш вара иза.
Хаджимурадов Сулейман: "Дас-нанас хIун дийр ду тIаккха? Цабевллачу денна боьлхуш бу-кх уьш цига. Белхан меттигаш ма яц. Хьалха яра республикехь шортта белхан меттигаш. Хьехархойн алапа лахар ду. Лоьрийн терахь а лахлуш ду".
Ша кхуьучу хенахь милцой хила лууш къезиг нах бара, амма хилча а сихха хьаьким хила дагахь деша баха гIерташ хилара кегийрхой, бохуш кхин дIа а дуьйцу Хаджимурадов Сулеймана.
Хаджимурадов Сулейман: "Милицехь болх бан лууш наггахь а бен стаг вацара. МогIарера милцо хила ца лаара. Цига балха водара сихха даржехь хьалавалар Iалашонца".
Мехкан экономика кхиийта хIора шарахь Оьрсийчохь кхолла езаш ю миллион гергга белхан меттиг. Амма миллион балха хIотта луучу нахах 53 процент кегийрхой полице а, ФСБ а, прокуратуре а, кхин йолчу ницкъаллин стуртурашка а балха баха лаам болуш хилча шеко йолуш ду цу хьоло экономика кхиарна гIо дийр бу бохург.
Арахьара талламан сервис а, ФСБ а шайн балхаца ларайо аьлла хеташ бу 40 процент ВЦИОМ-о бинчу талламехь дакъалаьцна респонденташ.
Кхин цхьа хIума а ду. ВЦИОМ-о бинчу талламца, шена тIедехкина декхаш армино дика кхочуш до аьлла хетарш бу 85 процент респонденташ. Арахьара талламан сервис а, ФСБ а шайн балхаца ларайо аьлла хеташ бу 40 процент нах. Ткъа Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу гIуллакхийн министралла дика болх беш ю аьлла хетарш бац 31 процент респонденташ а бен.