"Нохчийн мотт, кхин терго а йоцуш буьсур-те хьо?"

Your browser doesn’t support HTML5

"Нохчийн мотт, кхи терго а йоцуш буьсур-те хьо?"

Iилманчашлахь, яздархошлахь, хьехархошлахь чот йоцуш дукха бу тахана ненан маттехь ялло гIело ган а гуш, цуьнан хьокъехь шайн ойла-хьажам гIар а баьккхина, хетарг хааме даккха, меттигера хьал мел маьрша ду шайна хаарна, цунна орцахбовла ийзалуш Iаш берш.

Мел, муьлхачу барамехь дика тIеIаткъам бан тарло урхаллехь болчара нохчийн мотт дезар а дина дахаре берзо? Цу а, кхечу а лазамечу хеттаршна жоьпаш каро махкахь дика бевзаш болчу кхоллараллин нахаца дагавийларо гойту шайна хетарг хьулам ца беш, Iорадаккха цара бIокъажош хилар.

Нохчий мотт карарчу хенахь, дуьйцийла а йоцуш гIело ловш хилар чуьра дуьйна девзачех ву Новр кIоштера хьехархо, байтанча Цуцаев Iалавди.

Ишколехь бераш ненан мотт бийцаро гойту цунна хетарехь цу маттехь долу хьал мича тIегIанахь ду. Iалавди тешна ву, маттана чу са даийта уггар хьалха юьхьанцарчу классашкахь ненан маттахь хьеха деза аьлла.

Iалавди: “Берашкахь болу мотт бу гIеллуш схьабогIуш. КхозлагIчу классехь пайдаэцна текст схьа а эцна 8-чу классехь зераш дина ас. Ткъе итт дош делира ас цаьрга шайна девзаш доцу дешнаш схьакъастор тIе а дуьллуш. Массара а цхьабосса тIе а бирзина, болх бинехь а уьш цакхеттарг, царна ца девзинарг 8 дош дар-кх.

КхозлагIчу классан текст яра хьуна иза! "Беш" бохург хIун ду хиъча а "бошмаш" бохург хIун ду ца хаьа. Жимма а ахь дешан кеп хийцахь ца девза. Дийца-м дукха дуьйцу, амма нохчийн меттан хьал галдалахь бен толуш дац. Оцу ишколерчу хьалхарчу классийн къаьсттина тидам ца бахь гIуллакх толур дац.

5-чу классан дешархошна нохчийн дешнех кхето оьрсийн маттахь кхетам бала безаш нисло-кх. ТIаьххьа- тIаьхьа нохчийн маттера гIийла хьал дестахь бен кхин толуш дац. Яздархошлахь, Iилманчашлахь, зорбанехь орцам доху…пайда-м бац.


Маршо Радио: Нохчийн маттахь байташ а ека, ненан маттана орца доьху, цхьа мохь-цIогIа санна. Масала оццу Арсанукаев Шайхин,Абдулаев Лечин… Хуьлуш хийцам ма бац..?

Iалавди: "Хуьлуш хийцамма-м бац. И доккха хIума ду. Сайна жоьпаш лоьху ас кху кхолладелла хьолан. Цхьа жоп каро гIерта сан турпалхо.

Доьдуш доцу хи доьрзуш ду Iоме,
ца лелачу новкъа болу бай.
Гергарлонаш мел хиларх а хьоме,
хийра довлу ца лелийча вай.
Маттах долу вай и хаза дийцарш,
цунах болу вай и кхайкхамаш,
Гуламашка, белхешка вай хийшарш,
хетта тIаргIа багахь бинарг къаж…
Вайн мотт тахна гурахь лайн и чимаш,
дешаш долу лаьтта кхачале…
Мотт кхуьур бац чохь –арахь боцу,
буьйцу хезаш тIаьхьенашна и.
Хилча шех апареца доцу, хьер-беро хьовзош доцу хи…"

Маршо Радио: Цхьа цинц тIекхоьссича а, и мотт дахаре берзорехь жима хилла а гIо хир дацара те аьлла, къахьоьгу хир ду-кх ахьа а, хьан накъосташа а?

Iалавди: "Нохчийн маттана дикна доIа санна хетало сунна хIара байт.
Нохчийн мотт буьсур те хьо пондар хилла, синкъерам, ловзарний бен боцуш Iилла,
Дезачу деношкахь айеш хьан байракх, кхин терго хьайн йоцуш буьсур те байлахь.
Вайн къоман дахаран хьоста а лекъна, буьсур те тезетан гIирс а хилла беккъа.
Сагатло, дог Iийжа, гатлуш хьан некъаш, хьан синна хийра верг де-дийне хьекъаш.
Хьох дезар ца оьцу къоначу чкъуро. Нохчийн мотт, хьо лаьцна, муьлхачу гуро?
Мохк бисахь да воцуш, хьо багахь карчо,къоман са хьо кечло, марчо тIехьарчо…»


Нохчийн маттах а, цуьнгара эшаме хьал юххера довза а девзаш, тIех дика кхета а луш, цуьнца,маттаца йозаелла шен а, кхечеран а гIайгIане ойланаш йовзийтинарг вара хьехархо, байтанча Цуцаев Iалавди.