1944-чу шарахь Даймахках Баьхначийн Дагалецамаш

Хьайбахехь багийначех лаьцначу жайнин авторх цхьаъ волу Гаев Саламат шен архиве хьоьжуш ву,18Чил2012

1944 шеран 23 февралехь сатоссуш, Соьлж-гIалахь а, эвланашкахь а, Iай халла бен тIекхочийла йоцчу, лаьмнашкарчу эвланашкахь а борша нах ишколашка а, клубашка а, эвлан майданашка а дIакхайхкхинера меттигерчу Iедалдайша. ЦIечу Эскаран дезде дара иза, цундела, дагахь хIумма а доцуш цигахь гулбелла уьш. Борша нах башха дукха а ца хилла. ШолгIа дуьненан тIом бара боьдуш, цундела, вовшахкхеттарш дукхах берш баккхий нах а, кхиазхой а хилла. ТIелаьцна герзаш а долуш царна дIакхайхкийна, нохчий а, гIалгIай а арабахарца доьзна Москохара даийтина омар.
Оцу кепара, шайн дуьхьало ян тарло борша нах герзаш кIел хIиттийна, цхьа бIе эзар хиллал салти волавелла дийнна республикехь хIусамаш чохь бисина зударий а, бераш а арадаха. Кечам бан луш ерг 15-20 минот бен яцара. Омар гIазакхийн маттахь дешара, дукхах болу нах цунах ца кхетташехь. Цкъа а нахана юьйцу а ца хезна киртиг яра тIехIоьттинарг.

Iели-юртан яхархочуьнан Солтамурадова Нуиматан 93 шо ду. Амма и де, тахана санна дагадогIу цунна.

Солтамурадова Нуимат: ГIазакхий буьйсанна юккъехь баьхкира тхан чу, регIара ара охьабалийнера уьш. Бераш цхьана маьIIе гулдина, салтий, чоь юьззина охьабийшира. Дукха хан ялале, пирказ а делла, уьш дIабахара. Борша стаг вацара тхан цхьаъ бен. Иза чу воьллина вара. Массо а (божарий) чубоьхкинера. Чохь йиснарг со яра. Са хуьллушехь, хьала а гIаьттина, араялале, берашна яахIума ло аса аьлла, сискал йина, берашка хIума яийта со йоллуш йолуш, чубаьржина уьш (салтий) "давай, давай" бехира. Йоккха стаг яра схьаэца езаш. Марваша а, маьрйиша а дара. Уьш кегий бара. Сан сайн кхо бер дара. И сискал яъалц ца дуьтуш (арадехира). Дукха буьрса де дара, тIедогIуш ло дара. ТIеда, муьста де дара. Куьйга хьовзош йолу чарх аса схьаэцча, салташа иза кхоьссина дIаяхитийра. Цхьа хIума схьа ца ийцира. Халла делан балийца, йоккха стаг хьарчийна, (ворданна) тIейиллира. ТIаккха сайн карахь долу бер а, юргIа а хьарчийна, (вордина) тIедиллира. Сискал таIIийна чумдин чу йиллира аса, совнаха йолчу тIеюху хIуманца. Ворданна тIе дехира тхо оцу массо хIуманца. Тхо дIанисделла довлале, цхьа гIазакхий тIе а бевлла и сискал чумдица дIаяьхьира. Де а дан хIума доцуш, буьртиг ялта схьа ца эцийтира. И декъаза хьал а эцна арадевлира.

Маршо радио: Тахана Герман пачхьалкхехь ехаш йолу Белхтой-эвлара 76 шо долу Саидова Тамара, шен дахарехь шолгIа яьлла цIера. Шоззе а, лаамза.

Саидова Тамара: Уьш, баккхий нах, са хьуллучу хенахь маьждигаш дуй, цу чу боьхкира. Кхин стенна боьхкина а, хIунда боьхкина а ца элира. Адам гуттар а цец даьллера хIун ду, мила ду ца хууш. ЦIахь долчу адамашка сихха кечло, шу Iуьйранна дIадуьгур долуш ду элира. Стенга дуьгур ду ца элира. Сибрех дIадуьгуш ду аьлла кхайкхош хилларг юьртда вара. "20 кийла хIума ара а яккха, шайна тIе хIуманаш юха, кийчча Iе", элира. ТIаккха массеран а уьйтIа ворданаш юй, куьйга лоцу ворданаш, уьш а эцна, арадохуш дара. Школин кертахь гуллуш дара адам. Цига яьхкина "студебеккерш" олуш йолу аьчган машенаш яра. Царна тIейотта йолийра хIуманаш. Ткъа-ткъа доьзал цхьанна тIе баккхара. ДIахьаьжча и машенаш 30-40 хир яра эвла еана. Цигара гIалий тIе дIахьовсийра.

Маршо радио: Соьлжа-гIаларчу аьчган-некъан вокзале схьагулдина адамаш, хьайбанаш дIасалелочу вагонаш чохь вовшахдетташ, масийтта кIира бехачу новкъа дIахьовсийна. ЦIера ваьлла хилларг а, дарбан цIа чохь хилларг а, кхин шен доьзалах ца кхетийтина.

Шен когаш тIе ира а хIоьттина волалуш воцург, тIе тоьпаш йиттина вийна, я вагийна, Хьайбахахь вагийна 700 хиллал стаг санна. Ткъа, Хьалха мартан кIоштарчу дарбан цIийнара 72 стаг, гена доцчу ор а кхоьссина, уьш дийна боллушехь, тIе латта хьаькхна. Оцу дийнахь дийнна республикехь хIаллакбинчу нехан билггал долу терахь ала тахана цхьа а хIуттур вац. Дукха декъий дисна дIа дохказа. Цул сов, и гIуллакх талла хьовх, хьахо а йиш йоцу иттанаш шераш девлла.

1989-чу шарахь вайнах цIерабахарх лаьцна "Хьайбах" цIе а йолуш, нохчийн поэта Бисултанов Аптис кхоьллина поэма дуьххьара юкъаелира нохчийн кхоллараллехь.


Бисултанов Апти

ГIалартийн хьалхара гуо

(Хьайбахахь багийначийн назма )

ТIапа куйнаш дайрий шуна
гуо беш салтий байрий шуна
Эхартахь бен хир дац баьхна
Къийамат-де дайрий шуна?

Шийла цхьамза гIортор йолуш
цIийза дIаьндарг гIиллакх долуш
некъан баккхал суьлхьа долуш
къаной гулбеш байрий шуна?

Когадахар лайлахь долуш
меттан даар неIалт долуш
тоьпан биргIа зизам долуш
бераш гулдеш дайрий шуна?

Доруш тоьгуш марчо доцуш
доккхуш доькъуш сагIа доцуш
охкуш кечдеш лахьта доцуш
синош догуш дайрий шуна

Къа лерина маршо езар
пхьа лерина Дела везар
шира Нашха нохчийн безам
цIергахь ягош яйрий шуна?


Саидова Тамара: ГIали тIехь вагонашна тIе доьттира. Ло ара а хьаькхна (чу хевшира). Ара даха меттигаш йоцуш - говраш а, бежнаш а дIакхоьхьуш йолу, лакхахь кораш долу вагонаш яра уьш. Цхьана дийнахь бусий машенаш латта а йина, тIаккха новкъа девлира. Яккхий гIаланашкахь сацайора цIерпошт. Ведарна чохь, хи санна чорпа а, вагон чохь волчу ткъа стагана пхи булка бепиг а лора. ДIакхаччалц дIа дахара иштта. Стенга дохуьйту тхуна хууш дацара тхо дIакхаччалц. Иштта, кхин мала хи а дацара, цара делларг бен. Адамашна мезий дан дуьйладелира, бIаьрган негIаршна а цхьана чу а оьхуш.
Велларг, цунна кхин дан хIума а дацара, цIерпошт сецча, "даркх-даркх-даркх"-олий хIума а тухий, велларг мила ву хаттара. Цара (салташа) ара дIакхоссара дакъа, хьуьнан юккъе. Хьалха дIаяханчу цIерпошташна тIера аракхиссина делла адамаш а гуш, тхо дIадахара.

Маршо радио: Шаьш бина некъ дагалоьцу Солтамурадова Нуимата.

Новкъахь дIадоьлхуш цIийнда схьакхийтира тхох. Цара (салташа) елларг йолуш, йоцург - йоцуш, де а кхин дан хIума доцуш, сайна елларг берашна а хьежош, сайниг юха а узуш, халла дIакхечира. Ши кхо буьйса новкъахь яьккхира дIакхаьчначул тIаьхьа, ло дуьллуш, хьийзаш дарц долуш, некъ ца балуш. Эмкалш гора оьгуш, хала дигира цхьана дуьненан йисте. Цхьана боьхачу хIусамна чу доьхкира тхо. Йоккха стаг елира, дIаяхана кIира а далале. Дан хIума доцуш, бIаьрзе хьийзаш дисира тхо.
Шо долуш сан кхо бер делира, виалгIа кIант велира, йоьIан кIант велира. Ваша а велира. 6-7 дакъа дIадоьллира.

Маршо радио: Ерриг Советан пачхьалкхехь а, ЦIечу Эскарца фашисташна дуьхьала тIом беш болу нохчий а, гIалгIай а цхьана, схьа а луьйцуш, дIахьийсийна Казахстане а, Юккъерчу Азе а. Делахь а, 1826 шарахь дуьйна Гуьржийчура ПIаьнгаза чIожехь веха виъ-пхи эзар хиллал нохчи ара ца воккхуш висна. Сихаллехь уьш Советан Iедална бицбелла я, церан тидамехь боцуш ца бисина. Вайнах бохош бу, царна юкъахь ПIаьнгаза чIожернаш цхьана аьлла хезна гуьржий, дуьхьалбевлла. Дуьххьара Гуьржийчохь нохчийн "Дуиси" юрт йиллина волу Дуи, Хангошвили Маккин пхиалгIа да ву. Шен дайшкара хезна Маккина, 23 февралехь дIаяьхьна акци, ПIаьнгаза чIожерчу нохчех хIунда ца хьакхаелла.

Хангошвили Макка: ПIаьнгазана чу кхачале гIуьржийн цхьа юрт ю Мартани олуш. Оцу юьртарчу гуьржаша, хьалха вайнах Гуьржийчу баха схьабаьхкинчу хенахь чIогIа гIо деш хилла. Церан эланаша а вайнахаца цхьа барт бина, схьабаьхкина а ма буй вайнах. Цара цу сохьтана протест йина, хIорш тхан махкахой а бу, уьш дIабала могуьйтур дац, аьлла. Илла а, билла а уьш (Iедалш) нохчий дIабала гIортахь, массо гIовтта а гIевттина митинге девр ду, дуьхьало а йийр ю, аьллера. Шайн хIусамашкахь нохчий даловчкъор бу оха, лур бац уьш, бохуш, иштта, гуьржий дуьхьала бовлар бахьана долуш, кхузара дIа ца буьгуш бисина бара вайнах.

Маршо радио: Азе дIакхаьчча, шаьш дIанисдар дуьйцу Саидова Тамарас.

ДIакхаьчча хIуманаш охьаяссо яра. Хьанехов Минех, Минехов Хьанех аьлла шайн-шайн фамили яьккх-яьккхинарг, охьа а йоккхуш хIума, охьавоьссира.
Тхоьга элира шу цкъа а цIа ца дахийта далийна ду. Казахаша элира. "Цкъа а цIа ца дахийта далийна ду шу", элира.

ЯахIума янне йоцурш бара, йолчара вовшашна яла а лора цхьа жимма. Бежанаш арадаьхначу тоьланашна лаьтта ча а тесна, чу дахийтира тхо. Оцу тIе дIадийшира тхо. Чоь йохъяла йолаелча, пенах хилла текхаргаш аракъеда юьйлаелира. Кортош цара ара а бохий, маьхьарий хьокхий тхо ара а лелхаш, иштта Iийра. Оцу тоьлин чохь ишта шийла а яцара арахь санна. Дуьхьала шаршуш охкара вовший ца гайта, коч-хIума хуьйцуш ца гайта. ТIаккха банин чу дигира тхо лийчон. Йолчуо цIена хIума юхара, йоцчуо, бедарш мезий дойуш йолчу йовха хIуманна чу а туьйсий, юха тIеюхара.

Маршо радио: Исмаилов Султан, Соьлжа-гIалин Старопромыслан кIоштехь вехаш хилла 1944 шо тIекхаччалц. ТIама тIехь когашна чевнаш йина, товаллалц цIаваийтина хиллачу шен деца а, кхин болчу доьзалца а кхаьчна иза Казахстане.

Исмаилов Султан: Тхо кхечира хьуна Чирикский районе, Алматинский областе цхьана дIатесначу ферманашка. Цигахь дIатарвеллера тхан да. Юха бIаьсте елира. Буц гучуяла йолаелира. ТIейолуш йолу буц жIонк ду моьттуш, яара. Цунах дIовш далара. Мацалла цхьаъ ца йиъча ца Iалора. Кара йоггIург яара. ДIаен хIума йолчо, хIума дIаера. Лулахочуьнгара йоккхий а, кхин дерг дой а, цхьа дора. Ма-хаъара, вайн дIаен хIума а яцара. Мацалла тхо долчу ферманашкахула чекхбовлара нах юург лоьхуш. Буьйсанаш яхара. Дан хIума доцуш, меттиг лоьхуш, шайн нах лоьхуш, наной, дай, доьзалш лоьхуш, дIай-схьай оьхуш нах бара. Леш бара дукха новкъахь. БогIуш лаьтташехь, хиина Iашшехь, бала а лера.

Цигахь (Казахстанехь) тхан йиша а егира. Цуьнан 9 шо дара. Тхуна яахIума йо бохуш, пеш латон а йоьлла, шена тIе маьхкадаьтта Iанийнера цо. Дай, ваший, дIо цхьанхьа гена дечиг гулдан ваханера. Тхойшиъ цIахь дара. Тхан йишас ша йогучу хенахь соьга: "Султан, суна тIе хи тохахь", олура. Хи мичахь дара? Мацаллий, къеллий хала дохкуш дара. Ведар делахь я ах ведар делахь а, цхьаъ яра тхан чохь. Сайга далург-м дора аса. Аса тIе хи детташ, хи детташ, гуттар а и цIе алсамъйолуш, тхан йиша цигахь егира.

Маршо радио: Азе дIакхаьчна адам, нийсса ах делира бохуш, кхин дIа а дагалоьцу Саидова Тамарас.

Йохъяла йолаелча картолаш дIаен а, хорбазаш ен а, пастанаш ен а белхаш белира. Амма и балур болуш бацара цхьаберш. Тхо дIакхаьчначул тIаьхьа дукха адам делира. Нийсса ах адам делира. Уьш дIадохка а йиш йоцуш. Тхуний, тхуна белла болчу белхашний юкъахь цхьа Канал цIе а йолуш, доккха хинан канал дара. Доьлхуш цхьа бер хазара, оцу канал тIе тхо хи дан дахча. Сайн ненан дега эли аса "эца меттехь доьлхуш цхьа бер хеза", аьлла. Го бьаккхина вахара цига хьажа тхан ненан да. Хьаьжча, нана яла а елла, цунах декхаш Iаш бер хиллера. И бер а далош схьабаьхкира уьш. Иза пачхьалкхе дIаделира. Тхан ненан да схьа а веана, иза а велха а воьлхуш, чIогIа хало лайра. Массара а лайра, оха лайна ца Iа. Массара а лайра.

Маршо радио: Цхьа жимма хан яьлча, мелла а меттабахка буьйлабелла нах. Вайнахана юкъара интеллигенташ а, артисташ а, Москохарчу Iедалшка кехат яздина, бакъо меттахIоттор доьхуш.

Артисташ болуш бар-кх уьш. Айдамировай, Соиповвий, пхи стаггий, пхи зудий дара. Цара яз а дина, Москох кехат хьажийнера. ТIаккха Москохара нах балийна, уьш массо метте хьаьвсира. Оцу Москохара баьхкинчу наха элира нохчашка: "Шу дика дехаш ду. Шун бежанаш ду, шун уьстагIий ду, хаза бераш ду, хIусамаш йина аша. Ма гIо дIа". И аьлча массо а нохчочо шайна дIадаха лаьа аьлла, жоп делира. И шайн бахамаш бита а битина, шайн махка дIадаха лаьа шайна, элира. ТIакха вай цIа а дахкийтира.

Маршо радио: Нехан цIабахаран шен кеп хилла. Исмаилов Султана дуьйцу.

Цхьа очарташ яра (хIетахь). Алматара йодара цIерпошт. Дуккха а адам шайн очарт тIекахччалц бохуш, хьоьжуш Iаш дара. "1-этап, 2-этап, 3-этап" бохуш. Иштта цIадаьхкира. Юха цIакхаьчча, тхан хилла хIусамаш схьа ца лора. Тхан чохь гIазакхий хиллера. Тхол а хьалха ден шича цIавеънера. Цо ахча дIа а делла, схьаэцнера тхан цIенош. Оха иза цунна юха дIа а делира. Юьртахь дара тхо.

Маршо радио: ЦIабирзинчу дукхах болчу нехан чу баха меттиг ца хилла. Делахь а, шаьш цIабезарх баккхий бина а ца бовлуш, дахар нисдан буьйлабелла. Белхтой эвлахь иза муха хилира дагалоьцу Саидова Тамарас.

Чу даха меттиг яцара, тIе даха меттиг яцара. Оцу Белхтой-эвла дIа долхара. Цхьана диттан кIел ховший а, чардакхаш дой а, тоьланашна чохь а Iара. Сиха белхий вовшах а тухий, цхьана дийнахь цхьа цIа даллал, поппаран кибарчигаш еш, юха уьш дIаюттуш, иштта вовшах тоьхна (белхаш бора). Дукха чIогIа самукъане, дукхе-дукха баккхий беш, лакха пондар бацара, "дарк-даркх-даркх" олий, вота а тухуш, хелха бовлара. Пондарца вер вацара оццул хаза. Иштта вовшашна гIо дора. Етт эца йиш йоцчуо газа эцара, газа эца йиш йоцчуо, шиъ цхьана а кхетий етт эцара. И гIазакхий а дIаэха бевлира, тхо алссам схьаэха дуьйладелча. Дуьхьлонаш йора хьаханора, "Шаьш дуьтур дац шу чу" бехира. Кхобуш хьакхарчий йоцург хIума яцара церан. Дечке ца болхара. Кертара стом бохош, схьадоккхий кор дагадой, неI ягош (шаьш чохь ца Iачехь), Iаш бара.

Маршо радио: Iедало цхьана агIор дакъа ца лецира, нахана цхьа жимма мукъане а аьтто барехь боху Исмаилов Султана.

Iедало цхьаьллиг цхьа хIума ца дина. Дера ца дора. Ши-кхо шо даьлча "ссуданаш" яла йолийра. Оха и "ссуда" ца ийцира. Тхуна иза кхача а ца кхечира. Нохчашна белхашка дIахIитта меттигаш яцара. ГIазакхий дIаэцара массанхьа а. ГIазакхашца гIоьртина дара вай. Хилахь Iаьржа белхаш хилара. Дика цхьа хIума дацара оцу хенахь-м.

Маршо радио: БIеннашкахь эзарнашкахь беллачарех лаьцна а, я цIийнах-цIарах баьхна, шерачу латта тIе юхабирзинчаьрга, ур-атталла бехк ма билла а ца аьлла Iедалша. Я оцу хенахь а, я тахана а.

Солтамурадова Нуимат: Цхьа хIума-м ца элира, цхьа хIума дала а ца делира. Ши шай а. Елахь, дIа-м йоккхур яра цара.