Дерриг а дика долуш санна сурт хIиттор: Нохчийчуьра къаьмнашна йукъара девнаш

Соьлжа-ГIалахь Iедалхоша хIоттийначу акцин декъашхой, гайтаман сурт

Нохчийчуьра зорбанан министро Дудаев Ахьмада дукха хан йоццуш дIахьедира, махкахь тIаьххьарчу 20 шарчохь цхьа а дов хилла дац йа къаьмнашна а, йа динашна а йукъахь аьлла. Ткъа билггал дуй-те хьал цо ма-боххура, конфликт бохург хIун ду министран кхетамехь, къастийра Кавказ.Реалии сайто.

Цхьана къомах, цхьана динах лаьтташ йу ала тарлучу республикехь хала дац халкъашна а, динашна а йукъара конфликташ дIайевлла баха.

2021-чу шарахь бахархой йухайазбинчул тIаьхьа динчу жамIашца а догIуш, регионера 96 процент бахархошлахь – нохчий, оьрсий цхьа процент сов бу, диссина халкъаш – кхаа проценте ца кхоччуш. Оцу кепара дозуш хилар: цхьа миллион ах миллин нохчий (1 456 792), ахбIе гергга кхечу къаьмнийн векалш (54 032). Динан карта кхин а атта ду: 99 процент бахархой бусалба бу.

Муха кхолладелла кхузаманан Нохчийчоьнан сибат, дийцира Къилбаседа Кавказера къаьмийн йукъаметтигашкахула долу хеттарш луьстучу У.Максима (къамелдинчунна ца лиира йуьззина шен цIе йаккха Оьрсийчоьнан репрессин низамаш бахьана долуш. – Редакцин билгалдаккхар).

"Уггар а хьалха билгалдаккха догIу, шина тIеман [1990–2000-чу а шерашкахь] жамI хилар, Нохчийчоьнан республикех цхьа къам деха мохк хуьлуш, кхечу къаьмнийн, динийн векалш бу бохург статистикан ледарлонан тIегIанехь ду. Цундела ас эр дацара, тахана цигахь къаьмнашна а, динашна а йукъахь девнаш цахилар – Iедалхой хьакъ болуш ду ", - билгалдаьккхира эксперто.

Цунна тIетов Прагера Карловн университетан политологин профессор Аслан Эмиль а, цо билгалдаьккхира, регионехь дине болу хьажам шатайпа хилар.

"Нохчийчохь, цхьа къам, цхьана динехь болу нах бехачу республикехь, халкъашна а, динашна а йукъахь девнаш хуьлийла а дац. Делахь а, масала, хьо Iедална гергахь цара ма-бохху дин лелош вацахь, Нохчийчохь хьан йаккхий проблемаш хир йу", - чIагIдо къамелдечо.

Лулахошца хилла дайна вежаралла

Тахана Нохчийчоьнан къоман, динан васт доллушехь, регионехь тIаьххьарчу 20 шарчохь царна йукъахь девнаш хилла дац боху Дудаевн дешнаш, бакъ дац

Масала, 2005-чу шеран марсхьокху-баттахь дуккха а нах вовшахкхетта летарш хилира Дагестанера Мосхьобан а, Нохчийчуьра Новосельская а эвлашкарчу бахархошна йукъахь, лазийра хIетахь иттаннашкахь нах. "Коммерсант" газето хIетахь йаздарца, йуьхьанца пайдабоццу хIумана тIехула доладелира дов – нохчаша а, суьйлийша а къевсинера хичохь луьйчу меттиг, цул тIаьхьа лета буьйлабелира уьш.

Цул а ши бутт хьалха Оьрсийчоьнан тIеман министраллин 42-чу дивизин спецназан тобано ("Восток" батальон) талламаш бира Бороздиновская цIе йолчу Нохчийчуьра эвлахь – тIемалойх цIанйо эвла бохуш. "Зачисткаш" йечу тобанан куьйгаллехь вара Ичкерин хилла инарла, Оьрсийчоьнан Турпалхо ваьлла Ямадаев Сулим.

Меттигера цхьа вахархо вийра Ямадаевн эскархоша, кхин а 11 стаг дIавигира, стенга вуьгу а ца дуьйцуш. Оцу операцин башхалла хилира, нохчаша оцу станицехь бехачу суьйлишна дуьхьал и дIайаьхьна хиларх. ТIаьхьо Нохчийчуьра дIабаха декхарийла хилира цьш, цхьана ханна хIиттийначу хIусамашкахь дIа а тарлуш.

Бороздиновская эвлахь лазийначийн 125 гергарчу нахехьа сацам бира Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело, Оьрсийчоьнна тIедиллира царна ши миллион евро гергга компенсаци йалар.

2012-чу шарахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а конфликт бахьана долуш сацамбира шина махкана йукъахь доза хIоттон. Дов эккхаран бахьана хилира гIалгIайн Галашки эвлахь эккхийтар дина кхо стаг валарх. Соьлжа-ГIалин версица, нохчийн къайлахчу сервисаша гIаттамхой хIаллакбеш дIайаьхьна операци йара и. Делахь а, хIетахь ГIалгIайчоьнан куьйгалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бека дIахьедира, леррина операци йацара аьлла.

2018-чу шарахь Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а Iедалхоша дозанех бертана куьйгашйаздира, оцу тIехула протест гIаттийра гIалгIайх цхьана декъо, оцу бертаца шайн махкана дуьхьал къайлаха бина барт бу аьлла хетта. Дуккха а деношкахь Магасера урамашкахь протесташ лаьттинчул тIаьхьа жигархой нуьцкъаша дIасабохийра, ткъа Евкуров вистхиллачу Конституцин кхело, дозанех хилла барт нийсонца бу элира.

Оцу тIехула мел лахара а бIе жигархо лецира, иттаннашна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дехира. 2021-чу шеран гIуран-баттахь Ессентуки гIалин кхело ГIалгIайчохь хиллачу протестийн ворхI лидер бехкевира бакъоларйаран органийн белхахошна дуьхьал ницкъ баккхарна а, экстремистийн йукъаралла вовшахтохарна а, цу йукъахь дакъалацарна а. ВорхI шарера исс шаре кхаччалц чохь такха хенаш йиттина царна.

Оцу йоллу хеначохь Нохчийчоьнан Iедалхойн дIахьедарша а, ГIалгIайчуьра йукъаралхойн аьзнаша а цу хаттарехула кIорггIера шайн барт цахилар гайтира. И дерриг а бIостане дара "вежараллин халкъаш" ду бахарца. Официалан Соьлжа-ГIалано лелочо а хьал кхин а тIе карзахдоккхура.

2019-чу шарахь дов делира нохчийн-суьйлийн доза бахьана долуш. Кхузахь контекст иштта йу: 1965-чу шарахь Кизляран кIоштара къовсаме долчу дакъойн хьокъехь барт хилла бара, 1983-чу шарахь дийцарш хилира Дагестанан Гумбетан кIошт а, Нажин-Йуьртара Беной эвла а вовшахкхетачуьра зонера дозанийн хьокъехь а.

ХIетте а 2019-чу шарахь дозанаш тIехула претензеш самсайевлира, саццанза дуьйцура цунах лаьцна дагестанхойн хаамийн гIирсашкахь а, социалан машанашкара пабликашкахь а.

Хууш ду масех меттигах реза ца хилла, хIетахь меттигерчу бахархоша сацам бира, шайгара пурба а доцуш дозанаш хуьйцур ду бохуш. Къаьсттина зевне хилира нохчийн Iедалхойн Дагестанаца дозанера билгало карлайоккхуш бина сацам.

Оцу меттигехь нохчийн политикийн риторика пайден йацара вежараллин йукъаметтигашна. Кадыров Рамзана кхерамаш тийсира, социалан машанашкахь дозанех лаьттачу хаттарна тIехула Нохчийчоьнах лаьцна вон комментареш йуьтучийн пIелгаш кегдийр ду аьлла. Ткъа парламентан спикер Даудов Мохьмад кийча вара тIом кхайкхон а.

"ХIара тхан латта ду, тхан доза а ду. Тхо цхьаьнцца а къийсалуш дац…ХIун дан хьийза и нах? Шуна тIом беза? Шайн тIом бан лаьа алий, дIа мукъна а кхайкхадейша", - вистхилира иза дагестанхошка.

Нохчийчоьнел арахьара девнаш

Нохчийчуьра бахархой гунахь болуш, регионел арахьарчу къаьмнашна йукъара девнашна масийттаза йукъагIиртира, йа декхаре хилира иштта йукъагIорта Соьлжа-ГIала, дагадаийтира меттигерчу Асадулла цIе йолчу политолого. Шен фамили хьаха ма йе аьлла, дехар дира цо.

"Шайн историхь хиллачу турпалхойх хезна дукха хьолахь уьш хуьлу Оьрсийчоьнна дуьхьал тIемаш бинчех, къона нохчий кхечу субъекташка а боьлхий, шаьш школехь Iама ма-дарра, меттигерчу телехьожийлехь шайн хезначуьнца лела… Оцу багажца муьлхха а нохчо "цIеран патриотизман" закъалтхо хуьлу, шена гонах мостагIий го цунна",- кхетийра проблемех редакцица къамел дично.

2022-чу шарахь Курганан махкара Частоозерье кIоштахь лийтира нохчий а, оьрсий а, цу йукъахь хиллера дакъалоцуш 400 стаг. Меттигера йоI хьийзийна аьлла йукъаметтигаш къестайора цара. Ши нохчо лазийра цигахь.

2003-чу шарахь такси чохь Нохчийчуьра бахархоша меттигерчу вахархочунна йиттинчул тIаьхьа, ГIебарта-Балкхаройчоьнан коьртачу шахьарахь цхьа могIа тIелетарш дира нохчийн студенташна. БIе стаг вара летаршна йукъахь, 50 сов лазийра.

2005-чу шарахь Астраханан кIоштара Яндыки эвлахь дов хилира меттигерчу гIалмакхошна а, нохчашна а йукъахь, летаршкахь гIалмакхойн жимстаг верна. Шайн махкахо дIавоьллинчул тIаьхьа эвлахула чекхбевлира уьш, шайна кара мел веанчу нохчочунна йетташ, церан хIусамаш йагош. ТIаьхьо 12 нохчочунна а, цхьана гIалмакхочунна а хенаш йиттира.

2010-чу шарахь Краснодаран кIоштара могушалла тайен "Дон" центрехь летарш хилира цигахь садоIучу Нохчийчуьра бахархошна а, меттигерчу нахана а йукъахь. 150 гергга стаг вара оцу конфликта йукъахь. Бахьана дара нохчийн кхиазхошна а, оцу садоIийлан директоран гIовсана а йукъахь даьлла дов. Меттигерчу бахархоша регионера боллу нохчий арабаха бехира.

2013-чу шарахь Саратовн кIоштара Пугачев гIалахь урс хьаькхна вийра 20 шо долу десантхо хилларг. Оцу зуламо протесте бехира оьрсийн бахархой, цара тIедожийра йоллу нохчийн диаспора шайн махкара арайаккхар. Эххар а бехкбиллира стаг верна веа нохчочунна, тIаьхьо хенаш туьйхира царна 14 шаре кхаччалц.

2018-чу шарахь Башкортостанера Темясово эвлахь лийтира, цига балха бахначу нохчашна а, меттигерчу бахархошна а йукъахь дьлла дов дирзира арсаш детташ. Оцу конфликтехь дакъалоцуш хиллера 40 гергга стаг, цигахь йагийра кавказхойн машенаш а, уьш чохь Iаш хилла гIишлош а, уьрсаца чевнаш йира меттигерчу бахархошна.

2019-чу шарахь къаьмнашна йукъара конфликташ йара элира Соьлжа-ГIалано Къилбаседа ХIирийчуьра Черменан постехь хилларг – цигахь "сийсазе талламаш" бира нохчех, латкъамаш бира Йукъараллин палатин куьйгалхочо Денильханов Исмаила.

  • 2021-чу шеран гIуран-баттахь режиссерца Сокуров Александрца хиллачу къовсамехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира дIахьедира: "Вайн пачхьалкхехула ши эзар мехкийн претензеш йу". Цо урхалла дечу 24 шарахь царех цхьаннан а йистйаьккхина йац. Масала, Сунжан а, Малгобекан а кIошташкахула долу хаттар – тахана уьш ГIалгIайчоьнна чу йогIу, амма Кадыровс "тоххара дуьйна нохчийн латтанаш ду" уьш элира.
  • Йерзонза йу Пригородный кIоштахула йолу конфликт а – 1992-чу шеран хиламашна тIехула Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгакIел йуьсу и, 1944-гIа шо кхаччалц Нохч-ГIалгIайчоьнан АССР-н доза хиллехь а. Цул совнах, гIалгIайн жигархоша дIахьедо 2018-чу шарахь Нохчийчоьнан дозанаш къастош хилла барт низамехь бацара.
  • Хьал ира лаьтта ГIалмакхойн а, Астраханан кIоштан а латтанашца долчу хаттарехь а – республикин бахархой тешна бу, лулара регионо бакъо йоцуш шайн декъехь латтош ду и доза аьлла. Къовсам болабелира – 1943-чу шарахь ГIалмакхойн АССР дIа а йохийна, цуьнан доза лулахошна йукъахь декъча.
  • 2012-чу шарахь Къилбаседа Кавказера президентан векалт йолайелира Ставрополь-махкара Нефтекумскан кIоштара дежийлех лаьттачу хаттаран йистйаккха. 1950-чу шерашкахь Дагестанан колхозана дIайеллера уьш. Дежийлашна тIехула къовсам тахана а къастоза бу ГIебарта-Балкхаройчоьнна а, Кхарачой-Чергазийчоьнна а йукъахь.