Your browser doesn’t support HTML5
Кху деношкахь Гуьржийчохь вехачу Маршо Радион ладогIархочо цхьана видеона тIедигар дайитира тхоьга електронан почтехула. Иза яра YouTube-хь дIахIоттийна йолу видео. Цу тIехь Гуьржийчура Паьнгаза чIожера цхьана эвлахь меттигерчу клубан сцени тIехь илли олуш бара меттигера бахархой. Цара локхург дара «Нохчийчоь» цIе йолу муьлхха а вайн стаганна дагах кхеташ долу илли.
Интренетехь иза хьахош яздо иза нохчийн гимн ю олий. Цо гойту иза девзаш а, нахана дезаш а илли хилар. Ткъа муха нисделира и илли кхоллар? Дагалоьцу цуьнан авторо Димаев Iелас.
Димаев Iела: - "Нохчийчоь" бохучу иллин дешнаш, Дала геч дойла цунна, Хатуев Iабдул-Хьамида яздинера. Сан мукъаман ваша вара иза, вуно доккха похIма долу говза поэт вара. Цо байташ лора суна кест-кеста, хIара тIемаш, хIара хала хенаш яхкале а. Советан заманахь дуьйна илли кхуллуш цуьнга а, кхин а шина-кхаа поэте дехар дора ас, суна шайн хьекъале байташ лахьара аша иллеш кхолла олий.
Къоманна хIун гIо дийр дара-те аьлла олий ойла йора ас тIом боьдуш. Со воккха хьаким а вацара, дIоггара тIемало а вацара...
Дагана тешам луш, цунна там беш цхьа илли кхоьллача нийса хир дара аьлла, Хатуев Iабдул-Хьамиде орца даьккхинера ас. Цо суна дешнаш делира. Хьалхара тIом чекхбаьлча со сайн хIусаме юхавирзина хан яра иза. 1995-чу шарахь доьзал а эцна Дагестанера цIавирзинера со Соьлжа-ГIала.
ХIун дара хьуна ГIалахь гинарг, Iела?
Димаев Iела: - МостагIчунна ма гойла и суна гинарг. Йохийна гIала... Берлин а, Дрезден а, Хирасимо а цхьаьнатоьхча хир долу зе карийра суна цигахь дина. Ас сайн бералла дIакхехьна Соьлж-ГIала сайна цу кепара йохийна гича халахеттера суна. Дала тIе ма даитийла иза цхьанна а.
Сан хIусамера пианино бохийнера, масийтта пиллиг болх беш дацара. Цунна тIера чан дIа а яьккхина... Оьрсийн эскархой Iийна хиллера сан чохь, цундела цайохош йисинера сан петар. Чохь дерг дерриг а дохийна дакъаб дина дара. Амма и пианино битинера цара. Корех телаташ а тоьхна, чай дохдан тема а дина, болх бан волавелира со.
Деле дийхира ас аьтто баре. Цо суна жоп а делира. Ас сихха, ноташ дIа а яздина, кхоьллира и мукъам.
Iела, кхоллараллехь болх бечу наха, похьма долчу муьлхха а стагана вуно чIогIа лаьа ша, реза а волуш, кхоьллина мукъам, байт, сурт катоьхна уггаре а шена юххера хетачу шен накъостана гайта, я хазийта. Ахьа хьанна бовзийтира и мукъам?
Димаев Iела: - Дуьххьара Ташаева Мареме кхаъ баьккхира ас. Иза суна гена йоцуш Iаш яра.
-ХIара илли хьоьга алийта лууш вара со,- элира ас. Соьга иза бIаьргех хиш оьхуш алалур дац, хьо зуда йолун дела хьо йилхича а хIумма а дац аьлла.
Дуьххьара цхьа концерт йолуш Ташаев Марема юкъадаьккхира иза. Цо ЛаилахIа ИллаллахIа аьлча, ша-шайх хьалагIуьттуш нах бара. ТIаккха ойла йира ас, Далла хастам бу-кх, сан ният кхочуш хили-кх аьлла.
Хууш ма-хиллара, мукъам баккхар цхьаъ ду, ткъа ладогIархошка иза дIакхачор ма-моьтту атта гIуллакх дац. Муха нисделира хIинца вайна хезаш долу и илли цу кепара кечдар?
Димаев Iела: - Цу кепара Москох уггаре а дикачу студехь дIаяздира оха иза. Иза кечдеш аранжировка йира Миансаров Андрейс а, Полинович Игора а. Иштта хилир-кх цунах илли. Вайнах гулбелла Москох йина цхьа акци яра "Бохам неха ца хуьлу аьлла". Цигахь лекхира иза. Цуьнга лаадоьгIча бIаьргех хиш девлла боьлхуш дуккха а борша нах хаабелира суна. Иза суна гина сурт ду.
Суна хезна "Нохчийчоь" илли вайна массерна а вевзаш волчу Белгерчу эшаршлакхархочо италхочо Адамо Салваторес хастийна бохуш…
Димаев Iела: - Белгех Руслан бохуш доттагI ву сан Iаш. ЦIера ваьлла дуккха а хан ю иза. Мукъачу деношкахь садоIуш Iаш ладоьгIуш хиллера уьш сан цу иллега. Адам гулделлера боху цуьнга ладогIа. ТIаккха цхьа куц долу стаг тIевеара боху. Ша Салваторе Адамо ву и илле тамашийна хазахетта шена аьлла цо. Ша илланча а ву, мукъамча а ву, ша кхета цуьнах аьлла Адамос.
ТIаккха Руслана аьлла иза иштта нохчийн илли ду, тхан махкачо кхоьллина илли ду иза аьлла. Шена телевизионехула шу дуьйцуш хезна, амма ойла хIинццал кхечу агIор яра шен нохчех аьлла Адамос.
И илли бахьана долуш шена хIинца хаьа шу Iаламат говза а, доьналла долуш а халкъ хилар. Иштта илли кхуллу къам муьлххачу а балех хьалхадера ду, шена цуьнан мах хаьа аьлла хиллера цо.
Ас кхоьллина ца Iаш вайн массара а, вайн халкъ Деле доьхуш,вай массара а кхоьллина илли ду-кх иза. ХIинца а доьхуш, хIинца а цуьнан дикане вай кхачийта лууш.