ХIара шо долалуш Нохчийчуьрчу Iедална критика йарна лачкъийна волчу шина вешин Солсаев Лечин а, Хьамзатан а да кхелхина инсультах. Уьш хIинца а Iедалхойн карахь бу.
И санна дерг дуьххьара хуьлуш дац. Сих сиха хуьлуш ду. Цу репрессийн войланхойн гергарчара, дукха хьолахь, баккхийчара ца лов шайна ницкъбар, боху регионерчу бакъонашларйархоша.
Дечкен-беттан 9-хь хиира, нохчийн Iалхан-ГIалахь ницкъахоша 20 гергга стаг лачкъийна хилар, царех бара Леча а, Хьамзат а СовсаевгIар. Уьш дIалацаран официал- хаамаш бевзаш бацара, амма Кавказ.Реалии сайтан масех хьостано дийцира, экстремизмана бехкебеш хила мега уьш аьлла. "Iадат" телеграм-канало дийцарехь, церан дена инсульт цуьнан ши кIант дIавигарна хилла. Кхелхинчун цIе йоккхуш йац. СолсаевгIеран нана а йу онкологи-цамгарца (4-тIегIа) бала хьоьгуш.
ТIаьхьо гучуделира, СолсаевгIеран вежаршна тIехь къиза ницкъ бина хиллера Нохчийчоьнан куьйгаллина критика йарна – уьш дуьххьара Соьлжа-ГIалин РОВД-н кертахь латтийра, тIаккха экстремизмана дуьхьало латторан центре дIабигира. IADAT-н хаамашца, СолсаевгIарна дуьхьал хIинца харц кхоьллина гIуллакх латтош ду, амма официалехь царна бехкаш дехкина дац.
СолсаевгIар Хьамзат а, Леча а (сурт)
Iедалхоша йуха а шаьш хьийзорна кхоьруш, дIалаьцначийн гергарнаш журналисташца къамеле бовла ца баьхьа. Вежарша цхьа а зулам ца дина, йа царна гIаттийна бехктакхаман гIуллакхаш ца хилла. Республикерчу МВД-хь хиллачух цхьа хIума ца дийцира - хьалхо уьш дIалаьцна латтийначу Грозненск кIоштан ОВД-н гIароллин декъехь СолсаевгIеран хьолах лаьцна цхьана хаттарна цхьа жоп ца делира.
Кхул а масех бутт хьалха, 2022-чу шеран гIадужу-баттахь МурадовгIеран доьзале бохам беара. Нохчийчохь даге лазар а деана велира Мурадов Адам – юьззина йоцу мобилизаци дIакхайкхийча Соьлжа-ГIалахь хиллачу митинган декъашхочун хIусамда вара иза. Адамийн бакъонаш ларйаран "Мемориал" центро йаздарехь, шен зудчунна йеттийтина цуьнга, тIаккха церан 18 шо долу кIант Валид (цхьаболчу хаамашца Абу ву иза) Украинерчу тIаме хьажийна.
Мурадов Адам шен гергара стаг бахьана долуш хьалха а хьийзира. 2020 -чу шеран гIуран баттахь Францино Оьрсийчоьне дIавеллачу Мурадов Даудан деваша вара и. Оьрсийчохь Даудна таIзарш дира, террорехь бехке лерира. Къастанза долчу бахьанца 2021-чу шеран чиллин-баттахь Соьлжа-гIаларчу номер I йолчу СИЗО-хь Дауд кхелхира - гергарчарна, бевзачарна а иза дIаьвшаца вийна аьлла хета. Мурадовн дакъа дIадолла хIинца схьадаланза ду.
КХИН А ХЬАЖА: Кадыровн дин: Iазап хьегна хьуьжаран хьехархо Нохчийчуьра ведда2002-чу шарахь полицин декъехь дина къиза таIзарш ца лайна, йалх бутт йукъабулуш дIакхелхира Нохчийчуьра ши вахархо - Алхазов Аюб, Тазабаев Рамзан. Ницкъахоша лачкъийна вигина, хьийзийнчул тIаьхьа ца ваьллачу денна Оьрсийчуьра дIавахначу Хошкалдарчу Алхазов Мубарикан деваша а, стунда а вара и шиъ. Алхазов Мубарик а, цуьнан хIусамнана а кадыровхойн карара бовларца махках бевлира. Германерчу Iедалера шайна гIо дийхира цара. Амма цара уьш тIе ца лийцира.
Кху тIаьхьарчу эха шарчохь тхуна девзийнарш бен дац хIорш. Нохчийчуьрчу бахархошна йина бехха цхьа могIа репрессеш гIара ца йохуш лаьтта. Iедалхоша нах кхера Iамийна боху бакъонашларйархоша. Цу бахьанца гергарнаш дукха хьолахь шайгахь латточу Iазапах дийца ца баьхьа.
Лачкъийначу нехан гергарчаьргара хьал, хилларг гIарадаккхарах царна гIо хуьлу, ца хуьлу дуьйцуш бакъонашларйархошца Кавказ.Реалии сайто дина къамел
Ванслова Екатерина, "Iазапна дуьхьаллонан тобанан" Къилбаседа Кавказерчу филиалан куьйгалхо:
– Нохчийчохь хилларг кхайкхадар гена ца доьду, амма адам тIепаза дайнехь, кхайхкор гIоле долуш ду. ХIума ца олуш IадIаро Iедалхой майра боху. Нагахь уьш и адам дIахеца лерина бацахь, хилларг гIара цадаккхар цаьргахьа долуш нисло. Iедалхой сих-сиха Iалхан-гIала бахкаро гойту меттигерчу Iедалхошна и гIарабийлар тайна цахилар. Коьртаниг - гергарчара цхьаьллиг цхьа зулам ца динийла хаар. Ткъа и хаамаш бахьана долуш баьхкина Iедалхой,- бехке хила тарло. Цундела сихонца адвокаташца а, бакъонашларйархошца, журналисташца а зIене довла деза. Ма-хуьллу, тоьшаллаш Iалашдан а деза.
"Iазапна дуьхьаллон кометатан" декъашхошка гIо дехар бахьанехь нах хьийзор сих-сиха хуьлу: гергарчарнаш дIабигар нисло, бехктакхаман гIуллакх долор ду шаьш бохуш а, вуьшта кхерамаш туьйссу. Амма йукъараллехь резонанс йича, республикехь дIалаьцнарг схьахецна меттигаш а бу тхан. Масала, Умарпашаев Исламан, Амриев Мурадан гIуллакхаш. Амма церан гIуллакхаш Европера адаман бакъонийн кхеле деллера. ХIинца Оьрсийчоь Еврокхеташонера арайаьлла - цу хийцамо хьал халчу даьккхина. Оьрсийчоьнан махкахойн цигахь гIо деха аьтто бац.
Орлов Олег, "Мемориал"- адаман бакъонаш ларйаран центран куьйгалхойх цхьаъ:
– Хилла даьлларг гIарадаккхаро гIо дина меттиг тхан балхахь цхьаъ хилла ца Iа. Оха кхайкхамаш бича йа Iедалхошка кехат йаздича, нах дIахецар нисделла. Кху тIаьхьарчу 5 шарчохь иштта хуьлуш схьадогIура. Амма чиллин-беттан 24-хь (Оьрсийчоьно Украинехь тIом болийчхьана. - ред. билг.) дуьйна схьа и санна дерг хилар суна дага ца догIу.
ГIаравала веза йа ца веза аьлла дийцича (адамаш дIалийцарна- ред. билг), хIораммо а шен ойла йича дика хир ду. Гергарчунна-м хаьа цу гIуллакхах пайда хир боцийла. Шен гергара адамах дог лозу цуьнан. ДIалаьцна латточунна а, шен нахана а, шена а сагатдо. Амма харжа дезаш нисло - текхаргана хьалха йисначу пхьагалан санна.
Цхьацйолчу меттигашкахь дерг тIехIоьттича тийна Iан веза аьлла хета. Йуха, суна хетарехь, гIоле - мелхо а гIараваьлча ду.
Газиева Фатима, Бельгехь йехаш йолу Нохчийчуьра бакъонашларйархо:
– СолсаевгIеран хьал тхуна девзаш дара, оха царех йаз а дира. Амма тхо цаьрца зIене девлча, уьш хIумма ца дуьйцуш, дIасовцу. 28 шо ду со хIара бакъонашларйархочун болх беш йолу. Амма тахана тхо тхьаш хIун дан деза ца хууш, дисна. Цхьа а лар йоцуш хIума ду-кх хIара. И нах вакуумехь санна Iаш ма бу. Цаьрга хIумма дан ма ца ло. ГIад дайна хьал ду иза. Амма, гуш лаьтташехь, нах лечкъабеш, цхьанна кхело бина сацам боцуш бойъуш гича - тхан дист ца хуьлуш Iен бакъо йац. Йа цу гергарчеран а йац иштта Iен бакъо. ХIунда аьлча, тахана СолсаевгIар бу, кхана кхинберш а хила тарло.
И нах вакуумехь санна Iаш ма бу. Цаьрга хIумма дан ма ца ло. ГIад дайна хьал ду иза.
Дуьненйукъара кхел а йу, Европехь шортта бакъонашларйархой а бу. Вай митингашка, демонстрацешка арадовлало. Вайга аннаш тIехь церан цIераш йазйалло, царна хьалхара и митингаш а, дуьхьаллонаш а йало. Амма цу дIалаьцна латточийн гергарчара магийча бен, вайн и дан йиш йац.
Черкасов Александр, бакъонашларйархо:
– Нохчийчоьнал арахьа шена цхьа кхерам боцуш волчо республикехь вехачунна муха, хIун дан деза бохуш хьехарш дар нийса дац. ХIинца дерриге хийцаделла. Цу хьолехь богIуш бац хьалхо бина кхайкхамаш. И кхайкхамаш бан мегар ду, нагахь набахтехь болучаьрца хьан уьйр йелахь. Нагахь цара хьо векал винехь шайна хьалхара и дийца.
Масала, (оьрсийн оппозиционер Алексей) Навальныйх доьзна дерг - цуьнан гIуллакх гIарадаккхар, иза чохь воллушехь, арахь цуьнан болх дIабахьар, - кхеташ хьал ду. Цо ( шен цIарах) и дерриге дIакхехьа пурба делла. Амма адам стенгахь ду а, цунна хIун лаьа а ца хиъча, - цу кепара болх бар нийса ца хуьлу. Цуьнан шен лаамца нисдан деза и. Шена лаахь дуьхьалло йо цо, шена лаахь, къарлой, соцу и.
- Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, дохку бехкаш тIе ца дуьту Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.
- 2019-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Нохчийчохь тIепаза вайна 4 984 стаг. Шен барамашца йаккхийчу Москвахь а, Москван кIоштахь а долчу терахьашца дуьстича, дукха лахара дац иза. Байна нах наггахь бен ца карочу регионашлахь а иштта "лидер" ю Нохчийчоь. Республикехь хIора шарахь бовш болчу 1 700 нахалахь схьакараво 20-30. Къилбаседа ХIирийчохь а, Кхарачой-Чергазийчохь а хьал дика ду, делахь а, цигахь карош вац хIора иттолгIа бен. И зераш 2021-ра шо довш зорбане дехира пачхьалкхан РИА "Новости" агенталло, Оьрсийчоьнан МВД-н диллинчу хьасташна тIетевжина.