"Дийна а, шен когаш тIехь а дIавахара". Кадыровн агIончана хIунда йиттина Туркойчохь?

Гайтаман сурт

Муьлш бу цахуучу наха Туркойчохь йиттина Гикало олучу юьртахь полицин декъан хьаькам хиллачу Эдилов Бесланна.Цхьаболчара чIагIдо, диаспоран цхьахволу векал ве аьлла, цунна тIедиллина хилла бохуш. Хиллачух видео зорбане яьккхинера Security Turkey боламан телеграм-каналехь.

"Дика гIуллакхаш динера аьлла, хьаькам ца хIоттаво…Кхузахь сеца ма сецалахь… Цхьаъ вен хьо кхуза веана аьлла, тхоьгахь информаци ю, хьан бераш бахьана долуш вуьту оха хьо", - боху тIелеттачара.

Эдиловс жоп ло, "цхьанна а вон хIума ца дина" ша, шен хIусамненаца а, берашца а веана ша Туркойчу, "хьаькам хIоттаве ца баьхна" ша.

Юьхь тIехь чевнаш йира полисхо лаьттинчунна, амма тIелеттачара дIахийцира иза.

Нохчийн Iедалхойн векало, ЧГТРК "Грозный" телеканалан директоро Ахмадов Чингиза "мостагIалла" ду аьлла хилларг, цо кхерамаш тесна цунна кIелойинчарна "Iадийча санна боьлхуш, къинхетам бар доьхур ду" цара, уьш муьлш бара хиъначул тIаьхьа.

Шо хьалха Туркойчохь йиттира Нохчийчуьрчу бакъоларъяран органийн Iабдурахьман цIе йолчу белхахочунна. Инцидентах лаьцна уггар хьалха видео яржийначу Security Turkey каналан модераторша чIагIдора, масех шо хьалха даймахка берза луучу, Туркойчуьрчу нохчех веттавеллера иза, церан сингаттамаш ша берзор бу аьлла, чIагIо а еш. Амма Нохчийчу юхабирзинчул тIаьхьа дIалоьцура уьш.

Кавказ.Реалиино къамел дира Security Turkey телеграм-каналан векалца режимца къийсам латторехь магийначу барамех а, иштта иза кхоьллина шо даьллачул тIаьхьа муха хийцабелла боламан болх а.

Билгалдаккхар
Security Turkey телеграм-канал кхоьллина ю Нохчийчуьрчу бахархоша. 2021-чу шеран Марсхьокху-беттан 5-чохь Туркойчу оьхучу нохчийн ницкъахойх а, уьш бахкаран Iалашонех а хаамаш вовшашлахь баржон. Каналан авторшна хетарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан агIончаш сих-сиха богIу кхуза режимна луьйш берш байа Iалашонца. Шайн кхерамзалла Iалашъярхьама каналан модераторш къайлах лела. Боламан балхана юкъаозийна Туркойчуьра нохчийн диаспоран кхинболу векалш а. Каналан авторша чIагIдо, шайн Iалашо – Туркойчоь оппозиционерашна мел а маьрша, паргIат хилийтар ду.

– Шайн постехь аш билгалдаьккхира, Эдилов Беслан Туркойчу ах шо хьалха веана аьлла, амма "бекхам бина" ницкъахочунна хIинцца. ХIун бахьана дара цунна?

– ХIаъ, "тактилан барамаш" цуьнца ах шо даьллачул тIаьхьа бен лелийна бац. Мухха а, хIуъа а делахь а, тхан вежарий гIоьртира цуьнца йист яккха ницкъ а ца беш. Кеп-кепарчу тобанашкахь Бесланах лаьцна хаамаш зорбане бохура, иштта, тхан каналехь а иза гучуваьллий цунна хаийта гIерташ, ша Туркойчу варан бахьанех тхо кхетош, тхоьца зIене вала дезий дIахоуьйтуш. Амма Беслан контакте ца вогIура, конфликт ерзош оха йоху гIулчаш а тергамза юьтура. Сих-сиха Нохчийчу воьдура иза, цул тIаьхьа Антали юхавогIура, кхин дIа шен гIуллакхаш лелош. Эххар а дийзира иштачу методах пайдаэца.

– Видео зорбане яьккхинчул тIаьхьа дуккхаъчара емалдира кадыровхочунна еттар: царна нийса ца хета, къизалло – къизалла кхиайо, ткъа хьийзоро – хьийзор. ХIун эр дара ахь цаьрга?

– Тидам бел, Беслан дийна а, шен когаш тIехь а дIавахна. Цхьаммо а цунна ток ца йеттийтина, цуьнан даьIахкаш ца кегйина, хьийза а ца вина иза цхьацца гIирсашца. Цхьммо а Iазап ца хьегийтина, цунна хьалха цуьнан зуда а ца хьийзийна, Кадыровн Нохчийчохь санна. Цундела, кхузахь тхо реза дац "къизалло – къизалла кхиайо" бохуш, чIагIдарца.

–Эдилов цхьана хIумана бехкевара аьлла, Туркойчохь цуьнан хиллачу Iалашонех тоьшаллаш дуй шуьгахь?

– Бесланан юкъарчу "полисхойн декъехь леларан кехатах" дерг аьлча, иза Нохчийчохь тIаьххьара стаг а вац, Туркойчу диканна веана а вацара олийла ду тхан. Иштта дуккха а наха дийцира тхоьга, нах лечкъорехь а, къизаллаш лелорехь а цо дакъалацарх, делахь а, кхеташ ма-хиллара, тхан йиш яц оцу тешийн цIераш яха а, ма-дарра дийца а.

– Шо ца кхоччуш хан ю ахь Туркойчохь болх бен. Оцу заманчохь муха хийцаделла шун агIончийн терахь? Алсамбевлла уьш, йа лахбелла, шун маша а баьржиний?

– Шеко йоцуш, агIончийн а, доглозучийн а терахь дуккха а лакхадаьлла, и бахьана долуш тхан маша а мел а эвсара болх беш лаьтта. Тхан болх хаъал гIоле баьлла. Иштта тхуна лаьа билгалдаккха, нийсоне, бакъоне гIерта хIора а стаг – тхан агIонча ву-кх.

– Нохчийн оппозиционерашна кIело кечъеш вара аьлла, бехкевина стохка ГIадужу-баттахь Туркойчохь лецира ялх стаг. Меттигерчу Iедалхоша дIахьедира, оцу тIехь шайна шун канало гIо дира аьлла. Туркойн Iедалхошца цул тIаьхьаюкъаметтигаш хийцаеллий шун? Муха ю уьш карарчу хенахь?

– Тхо кхеташ ду, туркойн Iедалхоша тхан каналана тIехь терго латтайо, тхан публикацеш тидаме оьцу шайн балха тIехь. Iедалхошца хьалха а санна, юкъаметтигаш дика ю тхан. Оьрсийчоьне хьаьжча туркойн Iедалхоша низамаш лардо.

– ТIом болабелчхьана нах тIетаьIIина Туркойчу дIаэха боьлла. Дукха богIий Кавказан регионашкара? Шайн дахарна кхерам гой шуна цуьнца? Нах дукха мел чу оьху, уьш мича Iалашонца, "тIедахкаршца" богIу, хуийла ма дац.

– ХIаъ, Къилбаседа Кавказера дуккха а нах баьхкина Туркойчу, оха леррина терго латтайо оцу чуоьхучарна тIехь. Оьрсийчоь чоьхьарчу а, арахьарчу а "мостагIех" Iалашъяла гIертачу юкъанна, тхуна болх тIекхетта.

– Шун балхана новкъарло ян хьийзар ю Оьрсийчоьнан къайлаха сервисаш элира аша стохка. Цуьнах Iиттаделлий шу? Iиттаделлехь, муха хаало шуна и Iаткъамбар?

– Тхоьгарчу информацица, тхо арз деш, полици кехат яздан кийча болу нах лоьхуш бу уьш. Шантаж еш, кхерамаш туьйсуш, и дайта нахана тIеIаткъамаш бина меттигаш бевза тхуна.

– Шун болам гучубаьлчхьана Кадыровн рожан критикашна Туркойчохь баха мел а паргIат ду аьлла хетий хьуна?

– Цу тIехь шеко яц, хьал чIогIа хийцаделла дикачу агIор, оха дина а ца Iа цунах тоьшалла. Аш терго йина хила тарло, Кадыровн критикаш баьржаш бу Туркойчохь. И бохург хIун ду, нахана хаало и кхерамзалла. Тхан балхо жамIаш лахь а, хIара юьхь бен яц.

***

Яхначу хенахь дукха а нохчий хIаллакбина Туркойчохь, иштта мехкан суверенитетехьа тIемаш бинарш а цхьаьна, хетарехь Оьрсийчоьнан ницкъахоша.

2008-чу шеран Гезгамашин-беттан I6-чохь Стамбулехь вийра тIемало хилла Эдильсултанов Гаджи. ТIеман декъан хьалханча хилла Джанибеков Ислам вийра 2008-чу шеран ГIуран-беттан 9-чохь. Туркойн полицин цхьахйолчу версица, Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша дина дара иза – Оьрсийчохь дина герз тоьхнера цунна.

2009-чу шеран Чиллан-беттан 27-чохь Стамбулехь вийра кхин а цхьа тIемало, командир Асаев Муса. Къаьстина, нохчийн гIаттамхойн буьйранча хиллачу Умаров Доккин бIанакъаост иза хилла хилар. ТIеман Iалашонашна ахча гулдеш вара Асаев Туркойчохь. Цуьнан кхалхар Оьрсийчоьнан Iедалхой тIаьхьабовларан жамI долчух тера ду элира Стамбулерчу талламхоша.

2011-чу шеран Гезгамашин-беттан 16-чохь Туркойчохь кхелхира Альтемиров Рустам а, Амриев Заурбек а, Мусаев Берг-Хьаьжа а. 2011-чу шеран Дечкен-баттахь Домодедово аэропортехь динчу терактца доьзна шеконашкахь бара уьш. Умаров Доккин тобанхошлахь вара и кхуьй а. 2011-чу шеран ГIадужу-беттан 8-чохь Стамбулехь кIело йира Ичкерин шарIан кхелан суьдхочунна Батукаев Шамсуддина. Цуьнан хадархой ларийра киллер лаца. Иза хиллера Нохчийчуьра вахархо.

2015-чу шарахь Туркойчохь вийра кхин а цхьа нохчо, Садаев Турко. ДIавш тоьхна, яийтина яьшка кхаьчнера цуьнга. Вон а хилла, дарбан цIийне вигира иза, цигахь кхалхар а нисделира. 2015-чу шеран Лахьан-баттахь вийра, Оьрсийчохь йихкинчу "Кавказ-центр" экстремистийн интернет-ресурсан администратор Эдильгиреев Iабдулвахьид.

Халитов Хьасанна а, Шемарчу нохчийн джихIадхойн командирна Ажиев Рустамна а тIелата кечлуш хилла аьлла, бехкевина ялх нохчо лаьцначул тIаьхьа Туркойчоьнан Iедалхоша нохчийн диаспоран лидершна пачхьалкхан хадархой хIиттийна.