Зазадоккху-беттан 4-хь Нохчийн республикан куьйгалхочун 17 шо долчу кIанта Кадыров Ахьмада зуда йалийра. Оьрсийчохь 18 шо кхачале зуда йалор магийна дацахь а, Кадыровн кIантана и магийра. Йерриге регионна дIакхайкхинера и хилам хирг хилар. Амма цу дийнахь замойн машенийн а, цигахь болучеран а суьрташ даха магош дацара. И омра хьешашна а, кхин дIа болчу бахархошна дIаделла дара. Кавказ.Реалии сайтаца къамелехь хиллачу эксперташа дийцира, хьалхо нахана ша цамагийнарш ша шена магош ву Кадыров аьлла.
Оьрсийчоьнан низамашкахь 18 шо кхачанза волчунна керла доьзал кхолла магийна дац. Амма цхьацца агIонаш йу: зуда доьзалхочух йелахь, цушинна бер дуьненчу даьллехь, къоначера дахарна цхьа кхерам хIоьттина меттиг белахь. Нагахь зуда йалош верг эскаре кхайкхина велахь а, и шиъ - йоI, кIант- цхьаьна Iаш делахь а магош ду.
Лакхахь дагардинчарех цхьа бахьана дацара Кадыровн кIентан. Амма Оьрсийчоьнан законехь кхин цхьа некъ бу кегирхошна - нагахь жимхо официалехь болх бан волалахь, йоккха бизнес йеш велахь. Ткъа Кадыровн кIант шен дена гIоьнчаллехь болх беш ву. ДIадаханчу шеран гезгмашан-баттахь дуьйна схьа Оьрсийчоьнан берийн, кегирхойн боламан региональны хьалханча ву.
Цул совнах, меттигарчу Iедалан а йу и зуда йалоран бакъонаш хIиттон. Масала, Нохчийчохь 2014-чу шарахь школашкара дешархошна керла доьзалаш болор дихкира. Кегирхойн дIасакъастарш дукха хилар бахьана долуш. 17шо кхаччалц ца мега аьлла. ХIинца школа йаьккхина аттестат хила деза, дайн, нанойн резахилар а, СПИД-центрера кехат а. Кадыров Ахьмада и дерриге кхочушдира аьлла цхьа хаам боцуш бу.
Ахьмадан Де
2022 шеран стигалкъекъа баттахь боьдуш Украинера тIом болуш даккхий тойнаш хIиттор гIиллакхехь дац аьлла кхайкхина дара. Соьлжа-ГIалара а, Гуьмсера а банкетан залаш лелочарна шаьш болх сацор бу, бац ала ца хиира. Амма UFC- латархочун Чимаев Хьамзатан ловзар ца хIоттош ца дитира.
Кадыров Ахьматан той мелла а хьулдина дIадаьхьира. Хьалха санна гIовгIане, токхе дацара. Цу дийнахь трибунашкахь гуш кхин башха дукха адам доцуш, Соьлжа-гIаларчу ипподромехь говрийн идарш хIиттийра. Диузза йовдийтар говраш. Шозза а Ахьматан говр хьалхаелира. Кхин цхьа совгIат Геремеев Вахин говрана делира.(оппозиционны политикхо Немцов Борис вийна хила тарлочу Геремеев Русланан деваша): цунна делларг совгIат 5, 8 млн р. "Toyota Camry" машен а дара. ШолгIачу йадарехь диллинарг - 7,8 млн р. Mercedes-Benz E-Class. Кхин а шина йадарехь - 3,8 млн р. Hyundai Solaris машенаш.
Кадыровн шича Ибрагимов Турпал-Iела вехачу Гермчигахь фестиваль хIоттийра. "Дайн ловзарш" - нохчийн халкъан ловзарш дIахьош. Хьалхо Шелан-кIоштахь "инзаре доккха ловзар" хир ду аьлла, кхайкхина хиллехь а, цига деънарг 500 гергга адам бен дацара.
Курчалой-эвлахь ( Кадыров Турпал-Iелин цIарахчу стадионехь) дIадаьхьира спортан ловзараш. Ножай-йуьртан кIоштарчу Бенахь а (Кадыровн дай схьабевллачу йуьртахь, "Беной" стадионехь)
Кадыровн цIарах йолчу фондо 100 эзар сом луш, совгIат дира Кадыров Ахьмата санна цу дийнахь (зазадоккху-беттан 4-хь) зударий балийначарна. Республикерчу телеканалашкахь дийцира, цу керлачу доьзалша шайна терго йарна Iедална баркаллаш боху, аьлла. Амма социалан-машанашкахула даржийна къамелаш кхечу кепара хезаш дара - республикан цхьаболу нах реза бацара Iедалхоша динчунна. Шаьш и ахчанаш делларш шайл лахара хеташ дина цара и, шайн сонталла йу цара гайтинарг, бохуш.
Кавказ. Реалии редакцин хьостанаша дийцарехь, Кадыров Ахьматан той шинххьа дIахьош дара: Кадыров Рамзанан дай баьхначу Ахьмат- йуьртахь а, Гуьмсерчу ресторанехь а. МаьI-маьIнехь дIахIиттийначу четарша даьхна лаьтташ Ахьмат-йуьртан урамаш дара.
Доккхачу тойнан хьешашна а, республикан бахархошна а видеош йар, суьрташ дахар дихкина дара (Кадыровн доьзална цхьаьна), Амма нускал далош йогIу машенаш гойтуш, кегийри видеош гучуелира интернет-машанашкахь; Царех цхьаъ, масала, репер волчу Юнусов Тимура (Тиматис) чухIоттийнарг. Цигахь дикка гуш ду, 87 машенах лаьтта кортеж дIайахийтархьама, урам шинна агIора ларош хилар. Некъан бохаллица керла доьзал декъалбеш, дIадиттина баннераш дара.
Сарахьо Нохчийчуьра бахархойн Ахьмат-юьртара шатлакхаш ган таро хилира.
Ловзарна бина кечамаш
Зуда йалорал хьалха тайп-тайпанчу пилитикхошца цхьанакхетараш хилира Кадыров Ахьматан. Регионехь а, регионал арахьа а.
Массо цецвоккхуш хаам бар - Кадыров Ахьмат Путин волчу Кремле вар. "Хьалхарчийн болам" цIе лелочу йукъараллин цхьанакхетаран куьйгалхо санна вахана вара иза цига. Зазадоккху-беттан 4-чу дийнахь Кадыров Рамзана Кремлехь даьккхина ши сурт гойтуш, шен телеграм-каналехь довзийтира цунах дерг. Куьйгалхочо схьадийцарехь, кIанте Путина дийцира цуьнан ден дех Кадыров Ахьмадах лаьцна. 2004 шеран стигалкъекъа-баттахь дIакхелхина волчу. "Владимир Владимировичо дуккха а хьехарш дира жимачу Ахьмадна, церан цхьанакхетар официалехь дацара - йаздира Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен телеграмехь.
Цу цхьанакхетаро хьалха дуккха хеттарш хIиттийра. Масала, Къилбаседа Кавказан аналитик волчу Чемберс Гарольда боху, Кадыровн кIант Iедал-белхало хила кечвеш ву. 17 шо бен доцчу Кадыровга Iедалан мукъ кховдо тарло бохучург мелхо а реза вацарца тIеэцна Соьлжа- ГIаларчу "Мемориалан" хиллачу куьйгалхочо Титиев Оюба. "Либеральная миссия" фондан декъашхочо, политолога Жаворонков Сергейс ма-аллара, лакхарчу тIегIанехь Кадыровн кIанта дакъалацаран Iалашо ю - Соьлжа-ГIалахь Путинна муьтIахь бу аьлла, дIагайтар.
КХИН А ХЬАЖА: КIантана совгIат? Стенна вахийтина Кадыровс шен кIант Путин волчу?Зазадоккху-беттан 1-хь Нохчийчу хьошалгIа веара Псков - Махкан губернатор Ведерников Михаил. Иза Кадыровс Соьлжа-гIаларчу шен резиденцехь тIелецира. Ведерниковс "Оьрсийн спецназан университетехь" "герз кхиссира" аьлла, бара хаамаш. Цу университетехь кечбеш бу Украине дIахьежабо йолахой. Цхьаьнакхетарах дуьйцуш йинчу видеохь шен белхалошка резавоцуш нохчийн маттахь Кадыровс олуш дисна: "Цуьнца цхьажимма дуьйлало ма аьллера аса шуьга".
Цул тIаьхьа Соьлжа-гIалахь тIеийцира сепаратистийн "ДНР"-н хьалханча Пушилин Денис, Оьрсийчоьнан дешаран министр Кравцов Сергей, дешарна а, Iилманна а тIехь терго латточу Федералан урхаллин куьйгалхо Музаев Анзор. ТIаьхьарчу шиннан вар башха тергал ца деш, дитира.
Нохчийн ламасташ?
Кадыров Рамзана хьалха а дора шен доьзалехь болучарна хIара тайпа тойнаш. Масала, шен вешин шина хIантана: Хьамзатна - 2016-чу, Абубакарна-2020-чу шерашкахь. Даздарийн деношкахь урамаш дIалоцций, моггIара схьойогIуш йезачарех машенаш, пайтонаш хуьлура, стигалхула хьийзаш вертолеташ а хаалора. Кадыров Ахьматан той-м кхин башха гIовгIане дацара. Амма меттигарчу бахархойн резабацарш долчун тIе а алсамдевлира, той шен хиларца хьашдоцуш хиларна, аьлла хета эксперташна.
Дозаллаш дар, шен бераш нахана дIаэхьар
Оппозицера "Iадат" боламо ма-дийццара, Кадыровн 17 шо долчу кIантана зуда йалайалле цхьа де хьалха Iедалан белхалой арабевллера. Меттигарчу нехан хIусамашкахула буьйлабелла, лийлира уьш. Кхана хиндолчун суьрташ дахан ца магийнийла дIахьедеш. Цул совнах, республикера кортежан некъаш дихкина дара. Ур-атталла шайн уьйтIара ма хьежа цу машенашка аьлла, чIагIбеллера.
Куьйгалхочо ша нахана цамагийнарш дукха леладо аьлла, дийцира Кадыровна оппозицехь волчу жигархочо Янгулбаев Абубакара
"Цкъа делахь, шен таронех дозаллаш деш ву Кадыров. Шен бераш нахана дIа а оьхьуш. ШолгIа делахь - нахалахь шен кIант зуда йалор кхайкхош. КхозлагIа - дена, кIантана йуккъехь хила догIу гIиллакх лоруш вац. Цу тIехула тIе - нехан дайша, наноша и санна дерг лелийча, уьш йемалбан, сийсазбан, волало",- дуьйцу Янгулбаев Абубакара.
Европерчу диаспоран йукъараллин жигархо волчу Сулумов ЯрагIис редакцин корреспондентаца къамел дира. Цо дийцира, нахана новкъарло йеш, шен тойнаш хIиттор нохчийн гIиллакхашца, ламасташца догIуш цахиларах.
"Зуда йалийна, кIант чуверзор-м, вайна ма-хаъара, Дала магийна гIуллакх ду. Цунна дуьхьала ала хIума дац. Амма [Iедалхоша] нахана новкъарлонаш лелош, дIахьо и шайн тойнаш: некъаш дIакъовлу, массанхьа четарш хIиттадо, гIара-гIовгIа,- и дерриге нохчийн Iадаташца догIуш дац. Йа кхечу къаьмнашлахь а магош доций а хаьа суна. Нахана ахча далар, зуда йалочунна гIо дар, ойла йича, дика хIума ду. Амма иза нахана гIодархьама дина дац, Кадыровс шен возалла гайта лелош ду. ХIумма дикачу жамIашца доьзур долуш а дац,"- боху Сулумовс.
- 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь UFC-латархочо Чимаев Хьамзата зуда йалор хьокъехь доккха той хIоттийра. Республикан куьйгалхочо кхечарна и тайпа тойнаш, харжаш йеш ловзараш хIиттор магийна дацахь а, Чимаевна зуда йалор йоккхачу гIовгIанца дIадаьхьира.
- Нохчийн республикан куьйгалхочун гергара нах - бераш, йижарий, йишин доьзалаш, шичой, маьхчой-лаккхарчу даржашка дIахIиттош хилар Кавказ.Реалии сайто хьалха а моссуьйтуза дийцина дара. Уьш массо схьаецча, 100 сов гергга нислора. И хьал иштта хиларан бехк шена тIера дIатоттуш, регионан куьйгалхочо, элира: "Тхайна тIедехкина декхарш оха дикка кхочушдичхьана, хьенан хIун бала бу? КIезга сагатло сан аша дуьйцучунна, шуна хетачунна".