Нохчийн депутато Делимхановс шена тоьхна аьлла, латкъам бина депутато-патриото Журавлевс

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам.

«Цхьааллин Оьрсийчоьнан» фракцин депутаташ Журавлев Алексей а, Делимханов Адам а летта Пачхьалкхан Думехь. ХIинца и гIуллакх толлур ду этикехула йолчу Думан комиссино. Уггаре а луьра таIзар цу тайпа лелар долчу депутаташна парламентан кхеташонашкахь вистхилар дехкар а, бехкеверг емал вар а ду.
Тасадалар хилла Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан керлачу гIишлонехь 15-чу тIегIантехь. «Родина» олучу партин гIантда волчу Журавлев Алексейс чIагIдарехь, конфликт иккхина Кавказан тIом боьдуш кхелхина долчу нохчийн зудаберашна Нохчийчохь хIоттийна хIолламах лаьцна цо прокуратуре дина арз бахьана долуш.


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат Журавлев Алексей.



Коммерсант газете цо дийцарехь, Делимхановс цIеххьана коьртах буй тоьхна цунна. Цул тIаьхьа ши депутат тасавелла. Гарехь, гонах берш а хIиттиина Iийначух тера дац. Леташ болу депутаташ дIасабаха гIоьртинчу Журавлев волчу веанчу цхьана стега, цергаш а йохуш, хIума нисделла.


Журналисташка хилларг дуьйцуш, депутато Журавлевс къаьсттина билгал доккхуш дерг ду шаьш тасаделча Делимхановн дашо тапча охьайоьжар.

Журавлевн зорбанан-секретаро Черепанова Софьяс бинчу хаамца, цуьнан хьаьким дита дагахь вац Делимханов Адама шена тохар. Хилларг иштта дийцира цо, ша зорбанан гIирсашна еллачу интервьюхь.

Черепанова: «Алексей Александрович лифт чура аравелира. Иза ша вара. Цунна тIевеара Делимханов. ГIоьнча оцу хенахь дIаяханера, цхьа гIаролхо бен ца висинера. Делимханов реза воцуш къамелаш дан вовлавелира Алексей Александровича депутата санна дечунна.

Ткъа Алексей Александровича жоп делира, ша депутат ву, шен бакъо ю шена хетачу кепара дупутатан болх бан аьлла. Дов делира церан. Цкъа дуьххьара багайиттира, цул тIаьхьа Делимхановс цIеххьана бетах буй туьйхира...»

Билггала хилларг хIун ду хууш дац. Шен агIора Делимханов Адам комментари ян лууш вац. Цуьнах лаьцна хаам бира Маршо Радиога цуьнан гIоьнчаша. Цара дийцарехь, гергарчу шина-кхаа дийнахь иза цIавоьрзур ву Соьллж-ГIала. ТIаккха дан мега нохчийн депутато зорбанан гIирсашна дIахьедар.

Шен агIор Пачхьалкхан Думан куьйгалхочо Нарышкин Сергейс а емал дина депутаташ латар.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан гIантда Нарышкин Сергей.




Нарышкин: «Цу инцидентан бахьанашка хьажна доцуш, депутаташ муьлхачу политикан партешкара бу а, церан хьуьнарш муха хилла а бохучуьнга хьажна доцуш, суна хетарехь, иза догIуш дац Пачхьалукхан Думан депутатан цIарца».





Депутат Журавлев Алексей "Родина" партин куьйгалхо хIоьттина стохка. Шаьш Оьрсийчоьнан патриоташ лоруш бу цу партин декъашхой. Викепиадиа олучу интерент агIон тIехь иза вуьйцуш ву «Конгресс Русских Общин» олучу Ерригоьрсийчоьнан юкъараллан организацин гIантда санна а.

Вуьшта аьлча, Журавлевна патриотана санна коьрта кхачам бацаркарийна махкахь, цкъа а хилла доцу оьрсийн салтташна дуьхьал тасабеллачу зударшна хIоллам хIоттор.

Делимханов Адама Журавлевна тохар бахьана долуш тахана Оьрсийчура дуккха а нахана хиина 1819-чу шарахь Гезгмашин-беттан 14-чу дийнахь хилларг.
Таханлерчу дешнашца дийцича, цу дийнахь Дади-юьртана уллехь тIематасадалар хилла. «Констититуцин къепе» хIотто веанчу Еврмоловна дуьхьал тийсалуш хилла цу юьртара бахархой. Цу гIуллакхана оьгIаз ваханчу Оьрсийчоьнан турпалхочо операци дIайирзича омра делла и эвла ягаяй дIаяккха аьлла.

Йийсаре лецна эскарша 46 зуда. Уьш кхиина богIу мехкарий а, жима зударий а хилла, къена зударий, я бераш ца хилла. ХIинца шайн дайн а, хIусамдайн а, вежарийн а, кIентийн а Iожалла гина болу и мехкарий буьгуш хилла йийсаре. Амма Теркал дехьа бохуш болчу мехкарша сацам бина, салттий а эцна, хи чохь Iожалла лаха. И мехкарий бу Журавлевс-патриото «оьрсийн салттий байина» террорзой бу бохуш ша прокуратуре бинчу латкъамахь буьйцурш.

Ткъа и бахьана долуш Делимхановс цунна тохарх лаьцна аьлча, Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатийн этикехула йолчу комиссин куьйгалхочо Дегтярев Александр хаам бина, шаьш дийцаре дийр ду хилларг аьлла. Цо дийцарехь парламентан декъашхой сатуьйсуш бу депутаташна майралла карор ю, массерна а гойтуш, куьйге баха аьлла.

ТIаьххьара болчу хаамца, ши депутат Дегтяревс ма баххара, куьйге вахана. Дов дIадирзина аьлла хаам бина Журавлевс Bза тIечIагIдина Делимхановс а.