Тбилисерчу Исани кIоштахь Салоси Габриэлан урамехь 20 сохьтехь яхйелла хиллачу лерринчу тIеман операцин йилбазмохь хIинца а тийна бац. Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо бинчу хаамца, иза дIахьош вийна зуламхо хила мега аьлла шеко йолу кхо стаг.
Кхин цхьаъх лаьцна ву. Дараш ду эскархошна а, полисхошна а юкъахь. Полицин лерринчу тIеман тобан цхьа эскархо вийна, чевнаш хилла ву чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан ши белхахо. Йохийна масийттта петар. Цхьаболча хаамашца, царах 8 ерриг аьлча санна юха ян езаш ю.
Your browser doesn’t support HTML5
Цкъачунна билггала хууш дац байинчу зуламхой бу бохучу нехан цIераш. Амма, гарехь, уьш нохчийн тIемалой я цаьрца уьйраш йолу нах хила мега бохуш, яздо зорбанан гIирсаша. Иза иштта хила мега бохург тIечIагIдеш бу хьалхо Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисо шайн лерринчу ницкъалан тобанна герз тоьхнарш «Гуьржийчоьнан махкахой а бац, терроран вовшахтохараллан декъашхой хила мегаш а бу» аьлла, баржийна хаам. Цуьнца цхьаьна, муьлхачу къомах бу и нах дуьйцуш дац.
Гуьржийчуьрчу "Квирис палитра" (КIиранан палитра) газето хаам бира кхаарин дийнахь, Тбилисехь байина нах «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан декъашхой хила мега аьлла. Газето яздарехь, террорхой хила мега аьлла шеко йолу и нах «нохчий бу, къайлаха Гуьржийчу баьхкина болу".
Reuters агенталло бинчу хаамца, Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамазаллин сервисан векло Гиоргобиани Нинонс дIахьедар дина, "гуьржийн леррина сервисаша масийтта кIиранах шайн тидамехь латтош бара и нах, ткъа хIинца дуьненаюкъарчу терроризмаца къийсам латточу органашца цхьаьна болх беш ду шаьш церан хила мега уьйраш толлуш аьлла.
Гиоргобианис дийцарехь, цаьрца тIом болабале хьалха ницкъаллин структураш гIоьртина хилла уьш машарца карабало. Амма и нах реза ца хилла Iедалша бохург дан.
«Грузия online» хьастано бинчу хаамца, карарчу хенахь тIом хиллачу меттехь болх беш бу криминалисташ. Цу цIанна хьалха лаьтташ ю "Кобра" олу БТР а, лерринчу полицин декъан тоба а, ткъа иштта орцанхой а, цIеяйъархой а. Леррина операци дIахьош юкъаерзийна меттиг хIинца а дIахецанза ю эскарша. Герз диттинчу цIа чохь адамаш дац. Луларчу цIеношка цIабоьрзуш бу бахархой.
Тбилисерчу тIеман операцехь вийначех цхьаъ Чатаев Ахьмад хила мега бохуш, яздо цхьамогIа зорбанан гIирсаша, Украинехь волчу гуьржийн эскархочун Макишвили Давидан тIе а тевжаш.
"Соьгахь болчу хаамашца, дIаяьхьначу лерринчу операцехь вийна Чатаев Ахьмад а, цуьнан хадархой а", - яздина Макишвилис Фейсбукехь.
Дукха хан йоццуш Маршо Радионе кхаьчначу хаамца, Чатаев кхелхина хилар бакъдина теша мегар долчу хьастано. И хаам тIечIагIбина бац Гуьржийчоьнан официалан векалша.