"Экстремисташ санна латтабо": Мобилизацих бевдда болу нохчий чубоьхкина Хорватехь

Архивера сурт

Оьрсийчуьра дIабахна хилла болу Нохчийчоьнан масех иттанаш бахархой Хорватехь дIалецна – военкомате тIекхойкхуш кехаташ шайга кхаьчначул тIаьхьа бевдда уьш цигара, тIаьххьаре а миграцин набахте кхаьчна, радикалашца зIенаш йу аьлла шеконашка а лаьцна. ХIинца уьш даймахка берзо мега, цара дуьненайукъара кхерамазалла йехнашехь. ХIинца миграцин набахтехь итт сов стаг ву, кхин а шиъ Хорватино дехар дина Австрехь дIалаьцна.

Лахьан-беттан 21-хь цхьаволчу нохчочунна кхел йира, чохь йаккха тоьхна хан кхин шина баттана йахйира цунна. Набахтехь цхьа бутт герга хан йаьккхина цо. ДIалецначех редакцица къамелдинчо "харцо" йу аьлла Iедало лелориг, иштта дийцина, дуьненайукъара кхерамазалла йоьхуш чуделла арз йухаэца лаам хиларх лаьцна, керлачу пачхьалкхехь и чудалархьама.

Кавказ.Реалиин сайто хорватхойн депортацин набахтехь латтош волчу Нохчийчуьрчу вахархочуьнца къамел дина, иштта меттигерчу Iедале комментари йехна.

"Къоман маьршонна" кхерам

"Тхо дерриг Iеха а дина, оцу центре схьадалийра (мигрантийн набахте. – Ред. билг.). Ковидна анализаш дIа а йелла, дIахоьцур ву элира цхьанга. Вукхунга элира, формалехь болу адам довзаран таллам бийр бу. БархI де даьлча дIахоьцур ву аьлла дош делира соьга. Амма со кхузахь волу цхьа бутт бу, цхьаберш ур-атталла кхин а йеххачу хенахь латтош бу", - дуьйцу шен цIе ца йаккхар дехначу 24 шо долчу нохчочо.

Божарий дIалоьцу, экстремисташ санна латтадо тхо

Лаьцна болчу 11 стагах лаьцна хаьа цунна. Украинера тIом болабелча фронте ваха а ца лиъна, цара санна Оьрсийчоь дIатесна цо. Цуьнан хаамашца, набахтехь латточарах цхьаболчара мобилизаци дIакхайкхийча йина эмиграци. Некъ цхьатерра бара церан: Гуьржийчоьнехула Туркойчу, тIаккха Хорвате. Къамелдечо билгалдоккху, нохчех цхьа а цигахь висса дагахь вацара, Евробертехула лела дагахь хиллера уьш, шайна дуьненайукъара кхерамазалла йеха.

"Божарий бен дIа ца лоьцу, тхо экстремисташ санна латтош ду. Цхьаберш шайн доьзалшца баьхкина, хIусамнаной, бераш рогIерчу мухIажарийн лагерехь латтабо, тхо кху набахтехь лаьцна дуьту. Лаьцначех цхьаннан зуда доьзалхочух йара тIаьххьарчу беттанашкахь, лагерехь дуьненчу велира цуьнан доьзалхо", - билгалдоккху къамелдечо.

Словенин а, Хорватин а доза

"Хадархой эвхьаза лела, питанаш тийса гIерта. Суна масийттаза кхерамаш тийсира, чхьонкарш йеттар йу бохуш кхеро гIертара. Хадархошца къамел дечу йукъанна сан карахь кхача бара, цара и охьатассийтира соьга. ТIейоьхначу бедарех тийсалора уьш. Лазар ду аьлла лоьрийн кехаташ ду сан карахь, амма суна цхьамма а гIо ца до. Масех дийнахь церг лозура сан, лор кхайкха аьлла дийхира ас – цхьа а реакци йац. Кхача вуно ледара бу, сих-сиха консерваш ло", - дуьйцу цо набахтерчу хьолах.

Цо бахарехь, лецначарна хIоранна кара цхьатерра Хорватин МВД-н сацамаш тIехь долу кехаташ делла, цу тIехь дуьйцу, кхерамазаллин а, талларан а Агенталлин хаамашца, "исламан радикализмаца зIенаш латторна шеко хиларна, къоман кхерамазалла ларйархьама, царна дIабаха бакъо ца луш" барамаш лело йиш йу. Къамелдечунна бевзаш болчу 11 мигрантех цхьа а вац радикалан исламан агIонча, йа Шемахь, Мисарахь хилла бац уш, цул сов, Оьрсийчуьра дуьххьара арабевлла царах дукхахберш.

ТIекхочийла дац

Нохчий Хорватехь дIалецна аьлла дуьххьара арахецарш диначул тIаьхьа Кавказ.Реалиин редакцино кехаташ дахьийтира меттигерчу прокуратуре, МВД-га а. Кхайкхамна регистраци йина аьлла жоп деара прокуратурера, амма ши кIира даьлча а жоп ца делла хьукмато. Хьолана тидам бина Хорватин омбудсмено:

"Оцу хьолана тIехула гIуллакх долийна оха, цунна комментари йан йиш хир йу тIаьхьо", - жоп делира Шимонович-Айнвальтер Тенин аппаратехь.

Амма хорватхойн машар талларан Центро масехазза МВД-га кехаташ дахьийтира, амма нохчий дIалецарх лаьцна долчу хьолах кхетош жоп ца кхечира цаьрга.

ГIалате политикан сацам хила мега и

"Лаьцна латточу наханна тIекхочийла дац тхан, уьш хIунда дIалецна бу дуьйцуш хаамаш а бац, цундела оцу гIуллакхан билггал комментареш йала йиш йац тхан. Церан хьокъехь кхоьхьуьйтучу кехаташна Iедало жоьпаш луш цахиларо саготта вуьту. Буьззинчу барамехь вуьйцург шовзткеъе итт стаг хилар тидаме эцча, шайлахь тховкIело йоьхурш болуш, Украинехь Путино бечу тIаме нуьцкъаха мобилизаци йарх уьдуш болу нах экстремизмана бехкебеш гIалате политикан сацам хила тарло и", - билгалдаьккхина Центран векало Кекуш Сарас.

Хорватхойн бакъоларйархочунна хетарехь, пачхьалкхехь тховкIело йаларан система "лартIахь йоцу шовзткъа гергга шо ду" – 2006-чу шарахь дуьйна 1036 гIуллакх бен къобал ца дина, амма 2022-чу шарахь Хорватин Iедале ворхI эзар арз кхаьчна.

Хорвате чувоьдучехь

"Йалх шо сов хан йу нуьцкъаха махкара арабахаран а, Хорватехь шена кхерамазалла лоьхург тховкIелонах ваккхаран практика тхуна гуш", - чекхдаьккхина Кекуша.

" Европерчу нохчийн Ассамблейн" векало Дадуев Iийсас Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь дийцина ма-хиллара, Хорватехь лецначу нохчийн билггал долу терахь девзаш дац, хIунда аьлча, Iедало официалехь цхьа а хаамаш ца ло. Лецначаьргара кхочу информаци.

"Динца доьзначу бахьанашца къаьсттина лоьцуш бу нах – маж хилча а, нагахь санна, доьзал балахь – хиджаб йоьхна зуда хилча а. Амма царах цхьа а ур-атталла Оьрсийчохь а экстремизмана, терроралла лелорна а бехкевеш вац, ИГИЛ-ца, йа кхечаьрца воьзна а вац. Цхьаберш масех баттахь Хорватехь латтийнера, тховкIело йаларан сацаме хьожуш, ЦIечу ЖаIаран волонтераш хуьлура уьш, мотт Iаморан дарсашка лелара, доьшийлашка дIатасбала гIертара", - дагардо Дадуевс.

Цо бахарехь, тховкIело йоьхуш дина аьрзнаш йуха а эцна, Европера дIабахар тIедожийнера лецначарна.

"Доккха дакъа Оьрсийчуьра мобилизацих дедда. Лаьцначех цхьамма дийцина соьга, шена дуьхьал ур-атталла дезертирхо ву аьлла гIуллакх долийна хилар. Нагахь санна и дIалахь, цIахь цуьнга хьоьжуш набахте йу", - билгалдоккху бакъоларйаран вовшахтохараллин векало.

ТIаме боьду некъ

Лахьан-беттан йуккъехь и истори кхин дIа йахйелла – Хорватера Австре кхаьчна волу Нохчийчуьра ши вахархо депортацин набахте хьажийра, цигара Хорвате йухаверзо мега и шиъ, тIаккха Оьрсийчу а. Цунах лаьцна дийцина Нохчийн республика Ичкерин дозанал арахьарчу векало Дунаева Розас.

Полицино уьш дIа ца хоьцу, уьш кхин а дIабахарна кхоьруш

"Полицино уьш дIа ца хоьцу, уьш кхин а дIабахарна кхоьруш. Хорвате дахьийтинчу кехате ладоьгIуш Iа ницкъахой, уьш йуха а оцу махка дIабахийта. Хорватино царна тховкIело лур йац – тIаккха и нисс дIа Оьрсийчу боьду некъ бу. Уьш дIабахча церан цIа кадыровхой баьхкинера – гергарнаш оцу кIентех дIакъаьстира", - дийцина Дунаевас.

Къамелдечо иштта чIагIдо, тховкIело йоьхуш делла аьрзнаш йуха а эций, Оьрсийчу йухаберзар тIедожадо лецначарна, армех бига а, нуьцкъаха тIаме хьажо а кхерам лаьтта шайна аьлла цара аьрзнаш динашехь.

Дублинан регламентаца а догIуш, стага тховкIело йоьхуш динчу орзанна жоьпаллехь йу цо дуьххьара арз чуделла йолу регламентан хьалхара пачхьалкх-декъашхо.

  • Украинера тIом болабелчхьана сих-сиха хуьлу нохчашна дуьхьало йеш, йа европхойн пачхьалкхаша депортаци йина меттигаш а. Къилбаседа Кавказера схьабевлла, Оьрсийчоьнан паспорт долчу бахархоша кест-кеста латкъамаш бо, къоман а, динан а билгалонашца шайца дискриминаци лелош хиларх румынхойн миграцин хьукмато. Бакъонашларйархойн хаамашца, къаьсттина иза нохчех хьакхало: царна йан тарло депортаци, йа лаца тарло уьш, официалехь къайлахчу сервисийн лехамашкахь уьш бацахь а, Румынин доза транзитехь хадош хилча а.