Your browser doesn’t support HTML5
Путин Владимиран Малхбузехь волчу коьртачу бертахочо Чехин президенто Земан Милоша шен визит дIайолийна Оьрсийчуьрчу Сочехь, цигара Оьрсийчоьнан президентаца дагавала веана Шеман президент Асад Башар дIавахарца.
Чехин президентан визит лерина ю деа денна. Оцу хена чохь Земан цхьаьнакхета дагахь ву Оьрсийчоьнан премьер-министраца Медведев Дмитрийца, ткъа иштта дакъалоцур ду цо оьрсийн а, чехийн а бизнес-форумехь.
Земанца цхьаьна Оьрсийчу вахана 130 Чехера бизнесхо. Уьш дагахь бу шина пачхьалкхан «махбаран уьйраш шоръян а, мехала контракташ тIеэца а».
Цхьа бутт сов хьалха Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблехь (ПАСЕ) вистхуьлуш, Земана диплотматин скандал эккхийтира, Оьрсийчоьно ГIирма дIалацар «чекхдаьлла гIуллакх ду», ткъа Киево ойла ян еза Москохара «мехкадаьттанца а, газца а компенсаци муха оьцур яр-те ГIирма дIаяьккхарна» аьлла, дIахьедар а дина. Цо иза аьллачул тIаьхьа Оьрсийчоьнан векалша сихонца дIахьедар дира «ГIирман тема дIачаьгIна ю шаьш» аьлла.
Чехин Республикан Конституцица а догIуш, Земан Милоша дIалоцуш долу дарж коьртачу декъана церемонин чулацам болуш ду. Амма иза хуьлу, хIуъа дина а, президентан даржан аьттонаш чорбан гIерташ.
ХIара шо долалуш Земана дIахьедар дира, кхин а ши бутт баьлча, 2018-чу шарахь Дечкен-баттахь хир болчу президентан харжамашкахь дакъалаца дагахь ву ша аьлла. Ма дарра аьлча, цу харжамашкахь тола мегаш ву иза, Чехин ярташкахь а, провинцерчу гIаланашкахь а цуьнан агIончаш дукха хилар а, парламентехь цуьнан болу аьттонаш алсам хилар а тидаме эцча.
73 шо долу Земан президентан даржехь ву 2013-чу шеран Зазадоккху-баттахь дуьйна. Цу хена чохь вуно луьра критика ловш ву иза меттигерчу оппозицера а, адамийн бакъонашларйон тобанашкара а, Чехи Евробартана а, НАТО-на а юкъаръяла еза бохуш, кхайкхамаш барна а, меттигерчу а, махкал арахьарчу а шен оппоненташна лерна а.
Ткъа Земана шен дIахьедаршкахь сийсаз бо иммигранташ а, адамийн бакъонаш ларъярхой а, журналисташ а, оппозицин декъашхой а, уьш бежнаш а ду, кхаьлли а ю бохуш кIоршаме къамелаш деш. Цул сов, вуно онда Iаткъам ловш ву Чехин президент цунна малар дукха дезарна а.
Амма цулла а чIогIа реза бац Земанан критикаш, цо Путин Владимирца лелочу юкъаметтигашна а, Оьрсийчоьнан президенто дIахьочу авторитаран политиках иза воккхавевеш хиларна а.
2016-чу шарахь Земана бехке йира Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ, «бакъо а йоцуш» Шемарчу махкахойн тIамехь дакъалацарна. Оццу хенахь цо лаккхара мах хадийра Оьрсийчоьно цу махкахь дIахьочу «антитерроран операцин».
Земан Москох вахарх лаьцна иштта элира Маршо Радион Оьрсийн сервисана интервью луш ПрахIехь вехачу журналисто Юккъерчу Европера хьал дика девзачу Фиштейн Ефима.
Фиштейн: Путин цу кепара (Земанца цхьаьнакхетарца) гойту шен позицеш Европехь, ша аьлча Юккъерчу Европехь, цо ма дийццара геополитехь чIагIлуш хилар. Тидам бахийта цо дагавала гулбеш берш цунна мехала хеттарг хеташ болу цуьнан доттагIий хиларна.
Селхана Асад Башар веанера иза волчу, тахана Земан Милош, кхана вогIур ву ГIажарийчоьнан президент Рухани Хьасан. Цу тайпачу кампанина юкъахь ган веза-кх чехийн президент, иза хIун сатаг ву бохучух кхета.
Шен пачхьалкх цо вочу агIор гойтуш хиларх иза ца кхета аьлла ца хета суна. Чехехь Оьрсийчохь санна президентан харжамийн кампани дIайолалуш ю. Земан цигахь юха а дакъалаца лууш ву. Амма цуьнца и дарж къовсуш болу нах хир бац Оьрсийчохь санна, иза юха а президент хIоттийта юкъатоьхна болу «тайнагийн спарринг-партнераш».
Чехехь уьш баккъалла а болу кандидаташ хир бу, Земанца цхьана а хаттарехь реза боцу. Иза иштта далахь а Земанан шансаш ю юха шен дарже хаьржина хила. Цуьнан бахьана ду цо популизман гIирсах вуно кхиме пайда оьцуш хилар".
Кхаарин дийнахь Москох Оьрсийчоьнан а, Чехин а экономикан форумехь къамел дира Земана. Шен вистхилар цо дiадолийра Оьрсийчоьнан «Звезда» телеканало гайтинчу материалана критика ярца. Земана дийцарехь, цу материалан автор «котаман санна бен кхин хье боцуш ву».
Лахьан-беттан 21-чу дийнахь "Звезда" телеканало гайтинчу сюжетехь дуьйцуш дара 1968-чу шарахь Оьрсийчоьно гIо дира Чехословакина, цунна оккупаци а йина бохуш. Земана иза «сий доцу эладита» ду элира.
Хууш ма хиллара, 1968-чу шарахь Чехословаки дIалецира «Варшаван барт» юкъарчу пачхьалкхашкара 300 эзар эскархочо, шайца 7 эзар танк а йолуш. Церан коьрта Iалашо яра цу пачхьалкхехь «ПрахIан бIаьсте» олу демократи хIоттор юьхьарлаьцна Iедал ца хIоттийтар.
Чехийн историкаш бинчу талламца, Чехословакина чу эскарш хьажор бахьана долуш цу махкахь вийра 127 вахархо, 500 сов чевнаш хилла вара.
Земан хьераваьлла динозавр а, 20-чу бIешарера реликт а яц, иза Чехерчу оппозицин зорбанан гIирсаша ма дийццара, боху Фиштейн Ефима:
Фиштейн: Ас цхьа цитата ялор ю. Иза Оьрсийчу вахале Земана еллачу интервью юкъара ю. ТАСС агенталлан директоран когаметта дуьхьал велира Земанна, «хьо вуно къона гуш ву, лараме президент» аьлла. Цо аьлларг шена ца хезна а моттуьйтуш Земана жоп делира, "чIогIа алалахь, со хан тIехтилла стаг ву. Ахь мохь туххуш ца алахь, хьох кхетар вац со" аьлла. Оцо гойтуш ду иза хIун стаг ву бохург».
ХIара материал кечйеш пайда эцна Маршо Радион Оьрсийн сервисан артиклах.