Эстемирова Наталья ерах гIуллакх дIакъевлина ЕСПЧ кхело

Эстемирова Наталья

Бакъоларъярхо, журналист Эстемирова Наталья ерах долу гIуллакх юха а талла Йоккхачу палате гIуллакх дIахьажо реза ца хилла Европан адамийн бакъонашкахула йолу кхел (ЕСПЧ). И бохург ду, Эстемирова йийнарг Оьрсийчоьнан Iедалхой хилар тIечIагIдан аьтто бац аьлла, хьалха бинчу сацамна тIехь совцар. ГIуллакх кхин цкъа листа дIахьажор дехнера Натальин йишас Эстемирова Светланас, хаамбо "Новая газето".

Стохка аьхка ЕСПЧ-но къобалдира, Оьрсийчоьнан Iедалхоша бехкзуламан гIуллакхан материалийн доккхадолу дакъа шайга дIа ца кхачорца Конвенцин 38-гIа артикл йохийна хилар. Цундела ницкъ ца кхаьчна талламбар эвсара хилар тIечIагIдан.

ЕСПЧ кхело тIедожийна Эстемирова Светланина 20 эзар евро компенсаци ялар, иштта кхайкхамбина Оьрсийчоьне талламбар кхин а дIахьо аьлла. Оцу юкъанна кхелана ца гина, оцу зуламна Нохчийчоьнан Iедалхой бехке хиларх дIататта йиш йоцу тоьшаллаш.

2009-чу шарахь Товбеца-беттан 15-чохь лачкъийна йигира Эстемирова Наталья, ша ехачу цIенна гергахь лаьцна. Цуьнан белхан накъосташна хетарехь, полисхоша дина зулам дара иза. Масех сахьт даьллачул тIаьхьа цуьнан дакъа карийра ГIалгIайчохь. Герзаш диттина, йийна хиллера иза.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана цунна кхерамаш туьйсуш хиларх масийттазза хаамбира "Мемориалан" векалша. Талламчийн официалан версица, "тIемалоша бекхам бина" Эстемирована, цо зорбане йоху материалаш бахьана долуш.
Эстемирова йийнарг гIаттамхо лелла Башаев Олхазар ву аьлла, цIе яьккхира Оьрсийчохь талламо, амма иза а дукха ца Iаш вийра.

Бакъонашларъярхоша чIагIдо, Эстемирова ер лартIахь теллина дац бохуш.