Германин, Австрин прессехь кест-кеста буьйцу нохчий. Я Малхбалерчу тIеман декъашхой санна, я динчу цхьана зуламца дузий.
Европера нохчийн диаспора кху 18 шарахь ца хеддаш юзу керла тIеоьхучу мухIажирша. Атта дац "сехьабевллачийн" терахь карон а – масала, Францехь я Германехь иммиграцин урхаллаша тидамза дуьту тховкIело йоьхуш веъначу мухIажиран къам.
Нохчийн центрша гойту терахьаш юьхьаръэцча, ала тарло Европерчу мехкашкахь беха нохчий 200-300 эзарне кхочу.
Уггаре дукха диаспораш ю Францехь (60 эзар стаге кхоччуш), Германехь (40 эзар гергга), Австрехь (30 эзар), Белгехь (20 эзар), Норвегехь (15 эзар), иштта дIа кхечу пачхьалкхашкахь а.
Хан хене мел йолу, наха тховкIело йоьху бахьанаш хьовха хийцаделла ца Iа, шаьш диаспораш а ю хийцалуш. 2000-чу шерийн юьххьехь Нохчийчуьра уьдурш бухарчу кремлхоша хьийзабен Ичкерин агIончаш хиллехь, хIинца уьдурш, докккхачу декъанна, гуманитаран проблемаша садукъдина, баха аьтто лоьху нах хуьлу.
Европехь, цкъа цигахь, тIаккха кхузахь, санкцийн тептаршка бохуш хаало цхьаццаболу Кадыровн гонера нах. Оцу могIара баха болийна, Европехь карьера а йолийна, Соьлж-ГIала, цигарчу"Ахмат" клубе, дIабахна спортхой.
И проблема юха а айина немцойн прессо.
"Низам талхочийн могIарш бузаш бу Къилбаседа Кавказерчу тобанаша, къаьсттина нохчех болчу декъашхоша", – дIахьедина Германин бехктакхаман полицин куьйгалхочо Нагел Михаэла.
Криминал чIагIъялале цо шайн Iедал кхойкху махкара ситуаци долаэца.
Низамхоша билгалдоккху Германехь даиманенна баха баьхкинчу нохчех лаьтта цхьайолу тобанаш Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца уьйрехь хилар а, цо ахча луш латтош хилар а.
Кадыров куьг Европе кхевдаш хилар хьахочохь немцойн прессо массарел хьалха йоккху цIе ю Дугазаев Тимуран. Европан чемпион-латархо (2011-чу шеран титул) веха Гамбургехь, политика лелайо цигахь шена тIе регистраци йинчу "Terek Box Event" цIе йолчу спортан клубехула.
И тайпа клубаш массийтта яра Европехь, цхьаерш дIакъевлина ю кху ханна. Францехь, масала, Оьрсийчоьнан векалтехула "кадыровхой" тоба тIечIагIъян гIоьртира цигахь веха Таипов Адам. Цунах гIуллакх ца хилла. Амма аьтто баьлла Chechen Alliance ATF центр тIечIагIъян – културан центр. Бакъду, дIасахаьттича, Маршо Радиона ца хааделира Ле Манс гIалахь вехачу Таипов Адама меттигерчу нохчех доладеш.
Австрера нохчий шегахьа баха кхин а кIезиг таро ю Кадыровн – цигарчу мухIажирашца алсамо еха нохчийн къоман маршонан идея. Кадыровн векалш политикан тIегIанара биссийра нохчаша-австрихоша Венехь нохчо Исраилов Iумар вийначул тIаьхьа. Нахана тIехь Iазап латторах тоьшаллаш а деш, Кадыров кхеле озор доьхуш лела Исраилов вийра 2009 шарахь.
Маршо Радиоца зIе кхобучу Европерчу нохчаша дукха хьолехь хоуьйту шайна даймахкара режим товш йоцийла. Амма оцу нахах дукхахберш децIа боьлхуш а, богIуш а лела – цундела ларло Кадыровна а, цуьнан гонна а критика ярх.
Францерчу, Германерчу, Австрерчу, Норвегерчу, Данерчу, Белгерчу, Полшерчу, Британерчу нохчашна хазахета - цара Маршо Радиога дийцарехь – Европерчу мехкаша меттигера криминал кагъеш. Амма низамхоша, гIалат а буьйлуш, бехк-гунахь доцу нах "Кадыровн Нохчийчу" дIахьийсор а ца тов царна.