Делах тешарш алсам бовлуш бацахь а, националистийн могIарш стамлуш ду Оьрсийчохь

Оьрсийчоь -- Набахтера тутмакхаш болчу веана керста мозгIар.

ТIаьхьарчу хенахь дуккха а гайтамашца Оьрсийчохь алсамбевлла националистийн ойланаш йолу нах. Иштта «Левада-центро» бинчу талламца, карарчу хенахь кхечу къомах болчу нахе мостагIалла дуй хьан аьлла хаьттича, 39 процент Оьрсийчура бахархоша жоп делла, наггахь хилахь а, хуьлу шайн иза аьлла.
14 процент нах сих-сиха мостагIалла хаалуш бу шайгахь кхечу къомах болчу нахе. Ткъа 6 процент кхечу къомах болу нах шайн мостагIий хеташ бу.

Ткъа цкъа а кхечу къомах болу нах шайн мостагIий ца хетачу нехан терахь 37 процент бен дац Оьрсийчохь. ЛадогIалаш, 10 шо хьалха цу тайпан нах бара Оьрсийчохь 59 процент.

Левада-центран куьйгалхочунна Гудков Левна хетарехь, цара бинчу талламо гойтуш дерг ду махкахь юкъаралла кхиаран процесс сецна хилар. Вуьшта аьлча, кхиаран метта и юкъаралла галйолуш ю. Гудков тешна ву национализмо оьгIазалла алсам йоккхуш хиларх а, адамаша вовшашна ницкъ бар алсам доккхуш хиларх а, юкъаралла йохор а хиларх.

Национализм яржарца йолу проблема ирлуш хилар гойтуш ду, 10 шо набахтехь а даьккхина, ша Путин Владимира дIахецначул тIаьхьа шен уггаре а хьалхарчу интервьюхь ша националист ву аьлла Ходорковский Михаил а цхьана билгал ваьлла хилар.

«Хьо вмпериалист ву? –олий хотту журналисто цуьнга.
Ходорковский Михаил: «Вац! Со цхьадолчунна националист ву!»

Цу дIахьедарна комментареш еш болчу оьрсаша цу стеган и дIахьедар беламца тIеэцнехь а, жуьгтийчух муха хуьлу оьрсийн националист бохуш, ша дуьйцучух дозалла деш а, дог дуьзна а волчух тера дара Ходорковский.

Ша бохург тIедалийта, Кавказ когакъеллахь йита герз кара а эцна тIаме ваха а кийча ву ша бохуш вара иза. Цунна комментари еш цхьана стага социалан машанехь яздина «кхиазхоша кхуьссуш йолу дош доцу, вуно дастаме йолу понташ кхуйсуш верг ву хене вахана а, хIинцца Оьрсийчурча набахтера араваьлла волу а стаг, цунна ду иза кхин а ирча» аьлла.

Делахь а тутмакхан барзакъ а хийцале Оьрсийчура жимма а нийсонехьа доглозучу либералаша шайн икона лоруш хиллачу цу стагана мехала хетта сихха националисташна сигнал яхийтар, ша шоьца ву щуна аьлла.

Ходоковский Михаил: «Суна хета, масала, Къилбаседа Кавказ дIакъастор цхьа ши гIулч яьккхича миллионаш байина нах бу. Миллионаш байина нах! Цундела суна тIом чIогIа во хIума хета, амма дуьйцург Къилбаседа Кавказ дIакъастар делахь, тIаккха тIом хилийта беза.

Билггала соьга хьо тIом бан гIура ву я вац аьлла хаьттича ... со гIур ву! Къилбаседа Кавказ бахьана долуш. Иза вайн латта ду. Вай иза тIамца даьккхина ду. Кху дуьнентIехь тIамца даккхаза латта дац. Дерриг а латта цхьана хенахь цхьаммо тIамца даьккхина ду. Ткъа Къилбаседа Кавказ вай тIамца яьккхина ю".

Ходрковскиийс дуьйцучун реза болу нах дуккха а карор бу нохчашна юкъахь а цхьаьна. Масала, Маршо Радион цхьана ладогIархочо яздо шена «чIогIа хазахийти Ходарковскийс аьлларг» бохуш. «Шаьш а ду кийча тIом бан Оьрсийчоь шайх дIа ца къастийта, хIунда аьлча шаьш дебаш ду, шайна мохк оьшу, ткъа Оьрсийчоь йоцург шайн кхин мохк бац» бохуш яздо цо.

Хьал иштта делахь а, оьрсийн националисташкара кхерам ца го цхьаболчу кхечу къаьмнийн векалшна, масала, Нохчийчура омбудсменана Нухажиев Нурдина. Хьул а ца деш ша националист ву боху стаг кхераме вац, цу националисташ бу бохчу нахах шайн Iалашонашка кхочуш пайда оьцурш бу кхераме бохуш дийцира Нухажиевс ша Маршо Радионна еллачу интервьюхь.

Нухажиев Нурди: «Ходорковский къу ву. Цунна реклама ян а, цуьнах лаьцна дийца а хьуьнарш дац цуьнан. Зуламаш а дина, шен халкъан масийтта миллиард ахча лачкъийна волу стаг ца хуьлу нацоналист. ЛортIехь националист хилар иза мегар долуш гIуллакх ду.

Ша реза воцучу Путине шех къинхетам бахьара аьлла кехат а яздина, цо араваьккхина стаг ву иза. Нисса дIа ша националист ву боху стаг кхераме вац, цу националисташ бу бохчу нахах шайн Iалашонашка кхочуш пайда оьцурш бу кхераме».

Нохчийчохь адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хьал а хьахийра омбудсмено Нухажиев Нурдис 2013 шо чекхдолуш ша бинчу белхан жамI деш.

Нухажиев Нурди: «Уггаре а коьртаниг вайн байна болу нах (уьш схьакарор) бу. Уггаре а коьртаниг вайн дIабоьхкина нах болу меттигаш схьаястар ду. Лаборатори цара ца йиллар ду. ТIемашкахь эшам хиллачу нахана реабилитаци ца яр ду.

Дуккха а пенсехь болу нах бу вай архиваш а яьгна Оьрсийчура пенсионераш оьцучул а масуьйттоза къезиг ахча оьцуш. ХIара аса юьйцуш йолу проблемаш федералан Iедалех йоьзна ю. Диснарг ... Дуккха а шайн бакъонаш ларъян меттигаш ю Нохчийчура бахархойн. Царан уьш ларъян хаа а хаьа».

Кху программан хьалхарчу декъехь вай хьахийначу «Левада-центро» кхин цхьа таллам а бина хIара 2013-гIа шо дIадоьрзуш. Иза бу Оьрсийчрча бахархойн динца йолчу юкъаметтигашца боьзна.

Ишша цу талламца а догIуш дукхах болу Оьрсийчура бахархой шарахь цкъа бен ца боьлху килсашка динца йоьзначу церемонешкахь дакъалаца. Ткъа церан кхолагIа дакъа лелаш дац килсе. Амма шаьш делах тешаш хеташ бу 77 процент Оьрсийчохь бехаш болу нах.

Цхьа бутт хьалха «Левада-центро» бинчу талламо гойтуш ду Оьрсийчурча бахархойх 68 процент нах шаьш православин керстанаш хеташ хилар. Кху тIаьхьарчу 10 шарахь церан терахь алсам даьлла 12 процентана (2002-чу шарахь православин дин лелош болчу нехан терахь дара 56 процент).

Оьрсийчохь шолгIачу меттехь бу Ислам лелош болу нах. «Левада-центро» бинчу талламехь дакъалаьцначу 7 процент наха аьлла, шаьш бусулбанаш ду аьлла (2002-чу шарахь цу тайпаначу нехан терахь дара 4 процент). Цхьа процент Оьрсийчура бахархой бу керста католикийн дин лелош.

Оццула бу шаьш протестанташ ду аьлларш а, иудаизм дин лелош а ду аьлларш а. Ткъа Делах тешаш боцучу нехан терахь ду 19 процент. Вуьшта аьлча, Оьрсийчохь вехачу 144 миллион стагах атеисташ бу 27 сов миллион стаг.

Шаьш Делах тешаш ду бохучу нехан терахь алсам даьллехь а, шайн динехь жигаралла а гойтуш Делах тешачу нехан терахь лахара дуьсуш ду.

Килсашкахь дечу гIуллакхашкахь хIора баттахь цкъа дакъалоцуш ву 14 процент респондент. 2007-чу шарахь уьш бара 20 процент. Дукхах болу керстанах килсашна чубоьлху шарахь цкъа (16%), я шарахь мосуьйттоза (17%). Ткъа 13 % керстанах цу тайпачу далла гIуллакх дарехь хуьлу масийтта шарахь цкъа. Цкъа а килсехь хилаза болчу Оьрсийчура керста нехан терахь ду 35 процент.

Кхин хьал ду Ислам-динца доьзнарг. Кху тIаьхьарчу хенахь бусулба нехан терахь Оьрсийчохь алсам даьлла. Цхьаболчу хаамашца, тахана Оьрсийчохь бехаш бу 20 миллион бусулба нах.

Царахь ламаз-марха лелочу нехан терахь а ду лакхара. Масала, Нохчийчохь тIаьхьарчу шерашкахь хаъал хийцаделла бусулба дин лелор бохуш дуьйцу, Советан Iедал доьхначу шерашкахь Нохчийн Республикан муфтийн наиб хиллачу Ясраил-Хьажас.

Ясраил-Хьаьжа: «Советан заманахь хиллачуьнца буьстича, боккха хийцам хилла. Дуккха а маьждигаш дина Нохчийчохь. Маьрша дин лело аьтто бу. Дин довза а аьтто бу. Цундела дуккха а нах тIебирзина а бу бусулба динна».

Бусулба дин лелочу нехан тарахь алсам даларца хийцалделла могIарерчу бахархоша дIахьош долчу дахаран сурт а бохуш, дуьйцу Ясраил-Хьаьжас.

Ясраил-Хьаьжа: «Тахана Нохчийчохь ламаз ца дар эхь лоруш ду, маларш мелар а эхь лоруш ду. Уьш модера дIадевлла. Ламаз ца деш болу нах къезиг бу махкахь. И хийцамаш хиларан бахьана ду адам Iилма Iамош хилар. Церан аьттонаш алсам бовлар ду».

Кхеташ ду маьждигаш дарх адамаш гIиллакх долуш хилар а, церан оьздангалла хилар алсам долуш ца хилар. Дуккха а кхечу хIуманех а дозуш ду иза. Цу агIор аьлча, тIаьхьарчу хенахь нохчий юкъаралла дикачу агIор хийцаелла олуш къезиг стаг волу махкахь бехачу а, арахь хан яьккхина цIабирзинчу а вайн махкахошна юкъахь.