YouTube-о дIакъовларо нехан тидам тIебахийтина «Доьзал» филмана

"Открытая Россия" сайтан агIон скриншот.

Вевзачу Оьрсийчура хьоладас Ходорковский Михаила латточу «Открытая Россия» фондо яккхина Кадыров Рамзанах лаьцна «Доьзал» цIе йолу филм дIакъевлина YouTube-хь, авторан бакъонаш йохийна аьлла. Латкъам бинарг ву ООО "Т&К Продакшн" олучу юкъараллан долахо Сынбулатов Ильяс. Мичахь карийна цунна билггала шен бакъонаш йохийна меттигаш дуьйцуш дац цо бинчу латкъамехь.

«Открытая Россия» фондо яьккхина «Доьзал» филм» гучуелира Стигалкъекъа-беттан 25-чу дийнахь. Цу филмех, масала, дуьйцуш ду Нохчийчохь долчу Iедалан кепах а, Оьрсийчоьнан федералан Iедалехь республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIалоцучу меттигах а, Кадыровс кхоьллинчу ницкъаллин структурех а, ткъа иштта адамаш лечкъорах а, уьш хьийзорах а лаьцна.

Хууш дара цу филмана Нохчийчура Iедал реза хир доций. Иза цхьа жоп цалуш Iийр цахилар а кхеташ дара. Амма цхьаболчарна хетарехь, Оьрсийчоьнан федералан Iедалша цхьа а тидам а боцуш и филм юьтур хилар а хила мегаш дара.

ХIунда аьлча и филм яккхийтина волу хьолада Ходорковский Михаил зуламда лоруш ву, 10 шо набахтехь а даьккхина иза Путин Владимиран омрица аравалийтинехь а. Цундела, Кадыров Рамзана иза тергам а ца беш йитинехь, кхин дIоггара тидам а боцуш йиса мегаш а яра иза. Ма-дарра аьлча, хIун ду Оьрсийчурча бахахошна, я махкал арахьа бехачу нахана Нохчийчохь хуьлуш долчух цахууш?

Амма Шинарин сарахь YouTube олучу видеон портало дIакъевлира иза. ХIинца Кадыровх лаьцна филм хаьжа лууш волчунна и видео лаьттинчу меттехь хаам карабо авторан бакъонаш йохийна аьлла цхьана ханна дIакъевлина ю иза олий.

«Доьзал» филм дIакъовларо мелхо а, цу филмана реклама йина аьлла хета цуьнан авторехь цхьаъ волчу Давлетгильдеев Ренатана:

Давлетгильдеев Ренат: “Иза керла тидам тIебахийтар а бен цу филмана кхин хIумма а дац. Цуьнга хаьжна боцу нах, хIинца, баккъалла а бакъдолуш, цуьнга хьовсур бу”.

Делахь а массанхьа а иза дIакъовла аьтто бац цхьанне а, иштта ю интернет. Доьзал филм ю дIахIоттийна «Открытая Россия» сайт тIехь.

Цуьнан белхахоша бинчу хаамца, Кадыровх лаьцначу филме иза дIакъовлале хьажнера 900 сов эзар стаг.

"Открытая Россия" юкъаралло латкъам бина, шайн филм дIачIагIар нийса дац аьлла. Цуьнан белхахоша дийцарехь, цара пайда эцна материалаш низам а лардеш, церан долахошкара бакъо а йоккхуш лелийна ю.

Кхин цхьа хIума а ду - Нохчийчура хьал дуьйцуш цу филмехь дакъалаьцначу нехан кхоллам. Интернетехь хаамаш баьржина церах цхьанна Ахмедов Алиханан нана балхара дIаяьккхина аьлла. Нагахь цу тайпаниг нислахь царан гIо дан дагахь ду шаьш аэлира «Доьзал» филман авторех цхьаъ волчу Давлетгильдеев Рената.

Давлетгильдеев Ренат: «Суна хета оха тидамехь латто а беза, гIа дан а деза цу нахана аьлла. Кхузахь хало ю, мел кийча бу и нах тхоьга гIо дайта бохучуьнца йоьзна. ХIунда аьлча, шу кхеташ хир ду, уьш Соьлж-ГIалахь а болуш, цара тхьоца кхин дIа а юкъаметтигаш латтаяхь, царна Iаткъам бийр бу.

Нагахь царна юкъахь шайн доьзалшца, оццу Алиханан масала, Соьлж-гIалара дIабаха лууш нах хилахь, цхьа а шеко а йоцуш, оха гIо дийр ду царна».

Нохчийчура бахархой реза хиларца тIараш детташ бу шайна орцах бовла баьхкинчу оьрсийн бакъонашларъярхойн офис хIаллак еш бохкучу зуламхошна

Цу хеннахь кхин а сингаттаме видеош ю яьржаш интернетехь. Нохчийчура бахархой реза хиларца тIараш детташ бу шайна орцах бовла баьхкинчу оьрсийн бакъонашларъярхойн офис хIаллак еш бохкучу зуламхошна.