Коррупцин да ю-те FIFA?

Швейцари - Цюрих, Футболан Ассоциацин Дуьненаюкъарчу Федерацин куьйгалхо Блаттер Йозеф, ГIад4, 2013

Кестта Бразилехь йолалуш ю футболан дуьненан чемпионат. Цуьнца доьзна прессин тидам тIебахана FIFA-н белхана. Футболан Ассоциацин Дуьненаюкъарчу Федерацина а, цуьнан куьйгалхочунна Йозеф Блаттерна а луьра критика йечарех ву вевзаш волу спортан журналист Дженнингс Эндрю. Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь цо комментари йира футболан дуьненаюкъарчу федерацино а, цуьнан президенто Блаттера а лелош долчунна.
Лондонера журналист Дженнинг Эндрю автор ву «Фол! FIFA-н къайлах дахар: кхаьънаш эцар, кхажтосуш бозбунчуллаш лелор, билеташ духкуш харцонаш лелор» цIе йолчу книгин. Цу т1ехь цо дуьйцу цу организацин къайлахчу дахарх лаьцна.

Хьан цхьана артиклан цIе ю «Юй FIFA леррина вовшахкхетта зуламхойн тоба?» аьлла. Муха жоп лу дара ахьа цу хаттарна?

Iилманца «леррина вовшахкхетта зуламхойн тоба» боху кхетам билгалбоккхуш оьшуш долчуьнца йогIуш ю и организаци. Цуьнан ницкъ болу хьалханча ву. Цо инзаре дукха ахча доккху дуьненаюкъарчу футболан матчашка низам дохош билеташ духкуш а, телетрансляци ян бакъонаш юхкуш а. И ахча охьадуьллуш ду FIFA-н банкашкахь йолчу чочьташна тIе. Иза духкуш ду зуламан цу машене болх байтар Iалашонца.

И дерриг а леррина вовшахкхетта зуламхойн тоба олучу кхетаман къелла догIуш ду, хIунда аьлча FIFA-н кхочушдаран комитетан декъашхошна пайда хуьлуш бу цуьнах, ша аьлча, къайлаха билеташ дохкарх. И ахча цара доькъу лахара дIа лакхара цу организацин хьаькиманна тIекхаччалц.

FIFA-хь коррупци хиларх лаьцначу книги тIехь ахьа яздо, хьайгахь бакъдолу тоьшаллаш ду бохуш. Кхела даккха аьтто хиллий хьан и гIуллакх?

FIFA-хь йолу коррупци аса толлуш ю 2001-чу шарахь дуьйна, Германера а, Швейцарера а сайга FIFA-н куьйгалхоша кхаьънаш эцна хиларх лаьцна долу документаш кхаьчначул тIаьхьа. FIFA-но кхаьънаш эцнера Швейцарерчу ISL (International Sport Leisure) олучу маркетинган компанера. Дуьненан футболан чемпионаташкара ловзарш гайта бакъо яларна делла ахча дара иза.

Иза долахь йолу компани ю. Цуьнан архивашка кхача чIогIа хала дара. Амма 2001-чу шарахь иза гIорасиз хилира. И компани дIаяьккха кхоьллинера йозуш йоцу комисси. Цу коммиссин аьтто хилира цу компанин дерриг а кехаташ талла.

Циагхь гучуделира (цунах лаьцна дIахьедар дира Швейцарерчу суьдхочо), ISL компанино 100 миллион доллар кхаьънаш делла хилар, шена юкъахь FIFA а йолуш. Ткъа дукха хан йоцуш гучуделира FIFA кхин а коррупцица доьзначу девнашна юаъозийна хилар. Путинан векалш санна болчу наха FIFA цIена ю бохуш дIахьедарш дарх хьул лур яц и факт.

2018-чу шарахь футболан дуьненан чемпионат дIаяхьар къовсуш туьйлира Оьрсийчоь. И толам бух болуш барий, нийсонца баьккхина бара аьлла хетий хьуна иза?

Ца хета. Вукха агIор хIунда ца еш яра дуьненан чемпионат Оьрсийчохь? Амма оьрсий дукха дика кхеташ бара FIFA шайга эцалур хиларх, цуьнан кхочушдаран комитетан декъашхоша кхаьънаш оьцуш хиларх. Со тешна ву, цхьана дийнахь тхоьгахь тоьшаллаш хирг хиларх и чемпионат цара йоьхкина хиларх лаьцна.