Вовшахлетта, делахь а футбол тоьлла

Полша - Полшин полици резинин дендаргаш етташ ю, Оьрсийчоьнан а, Полшин а футболан тобанаш ловзале хьалха Варшавехь хиллачу къепедацаршкахь дакъа лоцуш болу нах дIасалохкуш, 12Манг2012

Европан футболан чемпионат йоьдучу Варшавехь, Полшин а, Оьрсийчоьнан а футболхойн ловзар, 1:1 жамI а долуш, дирзинчул тIаьхьа, шина агIонан фанаташ вовшахлетта. Полицино лаьцна 140 стаг, лазийна латарехь 15 стаг. Амма эххаре а гIуллакх кхин гена ца долуш дIадирзина. Кхин дIа дуьйцу Шамаев Руслана.

Оьрсий а, полшхой а ловзуш бара шинарийн сарахь Варшавехь. Оьрсаша буьрка чутуьйхира ловзаран 37-чу минотехь. Иза коьртаца динарг вара Дзагоев Алан. Полшхоша жоп делира ловзаран шолгIачу декъехь. БилгIалваьлларг вара Блазчиковский Якъуб.

Оццу дийнахь хьалхо хилачу ловзарехь грекийн тобанна тIехь толам баьккхира чехаш. Цу ловзаран жамI дара 2:1. Шайн тобанехь 4 футболан тобанна юкъахь хьалхара меттиг йоккхуш ю Оьрсийчоь. ШолгIачу меттехь ю Чехийн Республика. Полша кхоалгIачу меттехь ю. Таккха ю Греци.

Оьрсийчоь-Полша футболан ловзар доладалале тийсадаларш хилира цу шина пачхьалкхан фанатийн. Полшин Iедалша, Мангал-беттан 12-г1а де Оьрсийчоьнан Де хилар тидаме а эцна, бакъо еллера Оьрсийчурча футболъезархошна стадионе боьлхуш марш ян.

Варшавин Iедалша кхайкхам бира бахархошка, сатухуш хилахьара аьлла. Ткъа Оьрсийчурча фанатийн вовшахкхетаралло дош деллера и марш политикан чулацам болуш хир яц аьлла.

Амма Оьрсийчоьнна реза боцу нах бехачу пачхьалкхехь дIахьуш йолу и акци дукха сиха тасадаларшка йирзира. Оьрсий а, полшхой а вовшах летар бахьана долуш лазийна ву 15 стаг. Полицино дIалаьцна 140 стаг.

Хаамийн гIирсаш дийцарехь, марш мелла а машаран чулацам болуш дIайоьдуш яра Висла-хи тIехула долчу тIайна тIекхаччалц. Цигахь дуьйладелира тасадаларш. Цу меттехь яьккхинчу видео тIехь гуш ду 10-15 стагах лаьтташ йолу масийтта тоба хьерчаш а, уьш дIасалоьхкуш йолу полици а, тIехула лела беркеманаш а.

Оьрсийн марш юхатоха баьхкина болу полшхой маьхьарий детташ бара оьрсий сийсаз беш.
Цулсовнаха футболах ловзар дIадоьдуш къепедацарш лелийра Полшерчу футболъезархоша, полицин белхахошна тIе шишанаш кхуьссуш а, царна цхьацца хичаш еш а.

Амма цу кепара тасадаларш хиллехь а, футболе хьовса баьхкина болу нах реза бара ловзар цу жамIаца дерзарна, хIара Полшера фанат санна.

Полшера футболъезархо: «Ловзар доладалале хIоьттина долу хьал телхина дара, тасадаларш хилар бахьана долуш. Амма дерриг а шен меттахь ду хIинца. Оха самукъа даьккхира, жамI дика ду. Тхуна оьшуш дрег ду кху тобанна юкъара кхин дIа ловза ара довлар».

Вовшашна тIехь ницкъ бар хиллехь а, дукхах болчу Оьрсийчурча футболъезархоша а хестабора чемпионат тIеоьцуш болу полшхой.

Оьрсийчура футболъезархо: «ДоттагIаллин юкъаметтигаш яра. Полшера футболъезархой шайн маьхьарий детташ бара, аха а гIортор йора тхайн тобанна. Дерриг а дика дара. Дика ойла а йолуш, дIасадоьвлира тхо.