ХIун къевсина футболан майданахь оьрсаша а, нохчаша?

Your browser doesn’t support HTML5

ХIун къевсина футболан майданахь оьрсаша а, нохчаша?

Еарийдийнахь Москох Нохчийчуьрчу пачхьалкхан университетан футболистийн Уралерчу федералан университетан тобан декъашхошца матч йоьдучу заманчохь вовшахтийсадаларш хилла.

Youtube-хь яржийначу видеотIехь къеггина гуш ду, буьрканах ловзучу хенахь цхьана тобан футболисто вукху командерчу ловзархочунна хича а йой, цул тIаьхьа боллу ловзархой тIе а тасабелла, летарш жигардовлуш.

Дов къасто юкъабогIу полисхой. Летарш совцийначул тIаьхьа а, вовшашка баганаш лееш, дехха лаьтта дов, ца дуьжуш.

Футболан майданара араволуш гуш ву оьрсийн тобан ловзархо, летаршкахь йохийна, цIийх юьзна бат а йолуш.

ТIаьхьо зорбанашкахь йовзуьйту лазийначу футболистан цIе а.

Иза ву Тарасов Александр.

Лоьраша чIагIдарехь, туьта-хье а лазош, мара а кагбеш, чевнаш йина футболистна. ДегIатIехь кхи гуш томмагIаш дацахь а, Тарасовс балхабо шен сагатден букъ а, чо а.

Москох дарбан хIусамехь Iилла висина Тарасов.

Уралерчу футболан тобан пресс-атташес Зорапетян Павела дийцина цуьнгарчу хьолах лаьцна "Чемпионат.сом" хьостане.

Зорапетяна бахарехь, Уралан ловзархочо нохчийн тобанара тIелатархо тIех шога тIелоцура хIоразза а.

"Ирча сурт дара и!"

"Нохчо дера дIатеттира уралхочо, ткъа вукхо буйнашца дуьхьало йира. ТIаккха шина нохчочо тIелатар дира Тарасовна. Шина гIентара ловзархой: нохчий а, оьрсий а майдана схьа а хьаьвдда, латарш долийра. Мийраш беттара вовшашна тIе. Ирча сурт дара и!"

Иштта дуьйцу хилларг шен бIаьргашца дайначу Уралан тобан пресс-атташес Зорапетян Павела, юх-юха карзахе.

Хьалхарчу таймехь УрФУ-н кхи цхьа ловзархо Ярмошенко Антон а лазийна дарбан цIийне кхачийра.

"Нохчийн ловзархой дукха дера, шога ловзура йоллу матч чекхъяллалц. Ас боху, ирча сурт дара майданахь хIоьттинарг. Юкъалилхинчу полисхошка а ца къасталора уьш дIаса", - дийцина Зорапетяна.

Шайн агIор, Нохчийчуьрчу студентийн командан векало Навурбиев Алика а бакъдо, дов долийнарг УрФУ-н ловзархо хилар.

"Тхо Москох буьрканах ловза даьхкина дара, амма тхешан сий цхьангга а дойуьйтур дац оха"

"ВидеотIехь гуш ерг цхьа жима кийсак бен яц. Соьга дийцира бераша, Екатеринбургерчу ловзархочо тхан накъост дIатеттира бохуш. Цул совнах, юьхьанца дуьйна, маьттаза къамелаш деш хилла цара, къоман сий дойу дешнаш олуш, тхо сийсаздаха гIерташ.

Тхо Москох буьрканах ловза даьхкина дара, амма тхешан сий цхьанга а дойуьйтур дац оха", - иштта къамел дина Нохчийчуьрчу университетан футболан ловзархочо Навурбиев Алика.

Полисхой шен хенна югIагIортар бахьана долуш, шина тобанна юкъара дов кхи гена ца долуш, вовшашна кхи тIех зенаш ца деш дирзина.

Къаьмнийн студентийн футболан лиган президенто Стукалов Андрейс, билгладьаккхина шен Инстаграмерчу агIонтIехь, дукха хьолахь, иштта кегийрхошна юкъахь дIахьочу матчехь гуттар бохург санна хуьлуш хилар цу кепара инциденташ.

Маршо Радион таро хилира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Свердловск кIоштарчу официалан векалца Мамаков Салавдица футболисташна юкъахь иккхинчу конфликтах лаьцна дийцаредан.

Цунна хетарехь, нохчийн ловзархойн собар цатоар, оьрсийн футболхоша шайн меттийн долацадар бахьанашца гIаьттина ду и дов.

"Спорт - спорт ю, цундела иштачу меттигашкахь майралла къовсар, латар хила ца дезара" ​

Мамаков: "Суна иза, бакъдерг аьлча, телевизорчохь бен дуьйцуш хезна а дац. цигахь хIун хилла хууш дац, ма -дарра аьлча.

Вуьшта, суна хетарехь, цигахь дерг хIун ду хьуна аьлча, гIазакхийн шайн меттан дола деш ма баций, наггахь ала цадезарг олу цара, цундела иштта и алар бахьанехь дош дашах тасаделла хиллий-те аьлла хета суна.

Оцу оьрсийн ловзархочо цатовриг аьлла, доладделла аьлла моьттуш ву-кх со церан дов. Бакъдерг аьлча, спорт - спорт ю, ловзар ма дуй и, цундела иштачу меттигашкахь майралла къовсар, латар хила ца дезара". ​

Иштта Маршо Радионо масийттазза гIоьртира Нохчийчуьрчу университетан футболан тобанца а, УрФу-н ловзархошца а зIе таса, хиллачун ма-дарра дуьхье кхиархьама, амма телефон схьа а эцна, жоп ца хазийра тхуна.