Францера бусулбанаш саготта бу махкахь Исламах кхерар алсамдаларна

Франци -- Францин бусулба вовшахтохараллан 27-гIа кхеташо дIахьош Парижехь бусулба духарийн гайтамехь бедаршка хьоьжуш бу зударий, 03Охан2010

Кху кIиранах Францехь, Лион-гIалахь полицино 23 шо долу эскархо лецира, иза меттигерчу маьждигана тIелетар дан кечлуш хила мега аьлла шеко йолуш. Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, иза аьттоагIор партийн декъашхойн ойланаш йолуш хилла.
И жима стаг (цуьнан цIе йоккхуш яц) хьалха а тидаме эцна хилла полицино. Стохка Бордо-гIалахь цо цIе латон мехкадаьтта чохь долу шиша кхоьссина хилла маьждиг долчу агIор. Амма цхьанна а зулам цо долуш дирзина иза.

Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло леррина динчу дIахьедарца, полицино лаьцна волу эскархо ле вина чоьхьарчу талламан коьртачу урхаллан белхахоша. Цунна бехке диллина терроран тIелатар дан дагахь герз латтор а, Делан цIа сийсаз дар а.

France Press агенталло бинчу хаамца, Мархийн бутт чекхболуш и стаг маьждигана тIелатар дан дагахь хилла Лионан дакъа ларалуш йолчу Венисье олучу меттигехь.

И тайпа нах алсамбовлуш бу махкахь аьлла хета Францехь бехачу бусулба диндайшна. Иштта Лионерчу доккхачу маьждиган имамо Кабтейн Камала кхайкхам бина Францин Iедалшка, бусулба нахана синтем хир болу гIулчаш яхахьара аьлла.

Кабтейн Камал: «И ун вай цхьаьне дIадаккха дезаш ду. И хаттар кхочуш дан парламентан комисси хIунда ца кхоьллина вай, исламофобина дуьхьал йолу? Бахьанаш вайна хууш ца хилча цунна дарба муха карор ду вайна?"

Маьждиган тIелатар дан дагахь, тапча а эцна, кечам беш хилла эскархо лаьцначул тIаьхьа чоьхьарчу гIуллакхийн министро Валлс Мануэла юха а билгалдаьккхира Францин Республикан махкахошна мехала долчу хIуманашна дуьхьалваьлла волчу муьлхха а стагаца шаьш кIийсам латтор болуш хилар.

Францин Бусулба кхеташонан исламофобина дуьхьал йолчу комитето бинчу хаамца, бусулба нахана кхерамаш тийсаран терахь алсамдолуш ду махкахь.

Цу комитетан зорбан секретаро Мухьаммад Марвана дийцарехь, цхьаболчу наха кхерамаш тийсина ца Iаш, бусулба нахана хичаш еш меттигаш баьхкина.

Мухьаммад Марван: «Хала хеташ делахь а, хьалха цхьа гуттар а аьрроагIор ойланаш йолчу наха а бен дуьйцуш ца хилла хIуманаш дийцар алсамдаьлла могIарерчу нахана юкъахь а. Цу наха пе биттина ца Iаш, сийсаз а бо бусулба нах, халахеташ далахь а, хичаш а йо царна».

И тайпа хIуманаш хила а мега. Делахь а цкъачунна цу кепара хIуманаш ма моттара дукха дац бохуш дуьйцу, масала, Францехь, Страсбург-гIалахь ехачу вайн махкахочо Ларисас.


Your browser doesn’t support HTML5

Страсбургера Лариса.




Делахь а официалан кепара болчу хаамашца, кху шеран хьалхарчу 6 баттахь бусулба нахаца дин бахьана долуш хиллачу инцидентийн терахь ду 108. Хьалха шарахь хиллачуьнца дуьстича, и терахь алсамдаьлла 35 процентана.

Францехь цхьаболчу хаамашца вехаш ву 35 эзар гергга нохчи. Царах дуккха а нах бу маьждигашка лелаш а, шайн духарца а, леларца а шаьш бусулба дин лелош хилар билгалдоккхуш а.

Мел Iаткъам ловш бу и нах шаьш лелош долу дин бахьана долуш аьлла, хаьттира оха Маршо Радион аналисте, дуккха а шерашкахь Парижехь вехачу Вачагаев Майрбеке.


Your browser doesn’t support HTML5

Вачагаев Майрбек




Францин Бусулба кхеташонан исламофобина дуьхьал йолчу комитето кечдинчу рапортехь аьлла ду, дукхах йолчу бусулба нахаца хилла инциденташ йоьзна ю церан бахамах цIераш тийсарца а, бусулба нахах летарца а, уьш, маьттаза бага а етташ, сийсаз барца а аьлла.

Рапортан авторша дийцарехь, дукхах долу цу тайпа девнаш хилла пачхьалхан урхаллашкахь а, цхьацца юкъараллин меттигашкахь а, зударша юьхь къовлуш долу духар лелор бахьана долуш.

Иштта исламофобина дуьхьал йолчу комитето дийцарехь, бусулба зударш и духар доьхна хиларна 9-зза дералла гайтина махкахь кху шеран цхьана Товбеца баттахь.

Оццу баттахь Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Валлс Мануэла емал дира бусулба нахана тIехь цу кепара ницкъ бар алсам далар, дин бахьана долуш нахана тIелетарш деш болчу нахаца, луьран кIийсам латтор бу махко аьлла.

Амма цо элира, салафиташ бохучу нахана исламофоби совгIатана Троя-махкахь йитина говр ю, царна пачхьалкхехь лела низамаш дохо бахьана луш йолу аьлла.

Вачагаев Майрбек масийтта шо ду Францерчу цхьацца дешаран хIусамашкахь лекциш йоьшуш волу. Цо иштта дуьйцу циахь шена гуш долчу суртах лаьцна.


Your browser doesn’t support HTML5

Вачагаев Майрбек





Делахь иза дац бусулба нах халонашнца ца Iиттало бохург бохуш, кхин дIа а дуьйцу Вачагаев Майрбека.



Your browser doesn’t support HTML5

Вачагаев Майрбек





Францерчу нохчашна юкъахь дуккха а бу цигарчу юкъараллехь шайн меттиг а, болх-некъ а карийнарш. Вачагаев Майрбека дуьйцу вайнехан цу махкахь баха болчу аьттонех лаьцна.

Франци а, кхин йолу а Малхбузера пачхьалкхаш юьйцуш Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша, тIкъа царна тIаьххье вайнаха а сурт кхуллу Малхбузе хIинц-хIинца йоьхна дIаер йолуш санна, цигахь массо а зуда а, боьрша стаг а вовше маре вахана, иман а, гIиллакх а, адамалла а доцуш бисинча санна. Мел бух болуш бу и кхетам? Дуьйцу Вачагаев Майрбека.



Your browser doesn’t support HTML5

Вачагаев Майрбек





Французаш шайн орамаш диц дина бохучунна а реза вац Вачагаев Майрбек.



Your browser doesn’t support HTML5

Вачагаев Майрбек





Кху тIаьхьарчу шерашкахь Францин парламентан депутаташа цхьамогIа низамаш тIеэцна, шаьш бусулба дин лелош хилар гойтуш болчу нахах хьакхалуш долу. Иштта 2004-чу шарахь цара дихкира пачхьалкхан школашкахь динца йоьзна симболика лелор. Цу юкъахь дара бусулба кепехь коьртахь йовлакх лелор а.

Ткъа 2011-чу шарахь дуьйна Францехь юкъараллин меттигашкахь мегаш дац ерриг а юьхь къевлина лела. Цхьаболу булсулба нах дуьхьал бу цу низамашна.