Францехь, маьрша адамаш а дойуш, терроран тIелатарш хиаларх стратегин пайдаэца мегаш ю Оьрсийчоь. Цунах лаьцна Парижехь и бохам хиллачул тIаьхьа дIахьедар дина ЦИАКР олучу Украинера арми а, конверси а, герз дIадаккхар а толлучу центро. Цу центран эксперташна хетарехь, Парижера бохам вуно дика дIатарлуш бу Москохо юьхьарлаьцначу кху дуьенентIехь дуккха а конфликташ хилийтаран стратегица.
ТIеман аналисташна хетарехь, мелла а алсам Евробертехь лаьтташ долу хьал дохор а, Европан а, евроатлантикан а доттагIалла малдар а Гергарчу Малхбалера а, кхечу регионашкара а конфликташ марсаяхар а ду Кремлна оьшург.
Ма-дарра аьлча, Парижехь динчу терроран тIелатаршна Кремлан уьйр хилар тIечагIдан аьтто луш долу тоьшаллаш доцуш ду. Амма интернетехь оьрсийн сегментехь дуьйцучуьнга хьажча, Кремл катоьхна пайдаоьцуш ю Францехь динчу зуламах. Цунах лаьцна элира ша Новый Регион сайтана еллачу интервьюхь ЦИАКР директоран когаметто Самусь Михаила.
Масала, Москох жигара хьехамаш беш ю францхошна Путин доттагI йолчу Ле Пен Маринехьа кхаж таса харжамашкахь, нагахь шайн сий далахь бохуш.
Кхин цхьа хIума а хьоьху гIазакхаша Европерчу нахана. Оьрсийчоьнца цхьаьна духьал йовла еза аьлла хета царна Европера пачхьалкхаш ДАIИШ тобанна, амма цул хьалха «даржера йохо еза «Киевера хунта».
Цу кепара план Iора яьккхианрг ву Оьрсийчура политолог Марков Сергей.
Цкъа делахь, Москох кхерамазала алсам яккъа еза аьлла хета цунна. ШолгIа делахь, Оьрсийчоьно а, Iамерко а, Францино а цхьаьна хIаллак ян еза Исламан пачхьалкх олу тоба. КхоалгIа дан дезарг ду Украина бахьана долуш къийсамаш бар сацадар. "Киевера хунта" хийца еза техникан чулацам болчу Iедалца, аьлла хета Марковна.
Амма цуьнан план Малхбузенна оьшуш яц аьлла хета вевзаш волчу политикан аналистана Пионтковский Андрейна.
Цкъа делахь, Малхбузе ша а ларалур ю Исламан пачхьалкх олучу тобанца, шолагIа делахь, Украина агрессаран караялар вуно боьха гIуллакх ду, амма угарре а коьртаниг Украина ша шен маршонах юхаер цахилар ду бохуш яздо Пионтковскийс Каспаров.ру сайт тIех.
Маршо Радион авторна Вачагаев Майрбекана хетарехь, Парижехь хиллачух пайдаэца гIерташ Францера политкаш а, Исламан пачхьалкх тоба а, Оьрсийчсоь а ю.
Цхьа наггахь верг дIаваьккхича, нохчаша Парижехь хилларг туьдуш бIаьрг буьзира шен бохуш вара Вачагаев Майрбек.
Your browser doesn’t support HTML5