Your browser doesn’t support HTML5
Францерчу харжамийн хьалхарчу гонехь Макрон Эммануэло толам баккхарх синтем хилла Францехь бехачу вайнахана.
Националистийн хьежамаш болу Ле Пен Марин тоьллехь шайгара хьал талхар кхерамца цу махкахь бехачу нохчаша кхечу кандидаташна делира шайн аьзнаш.
Францехь дIахьочу президентан харжамашкахь тоьлларг билгалваккха оьшуш йолу 50 процентал сов цхьа а кандидат ца валарна, цу харжамийн шозлагIа го дIахьур бу тIебогIучу Стигалкъекъа- беттан 5-чохь.
Амма тоьлларг кIирандийнахь дIабаьхьанчу харжамийн хьалхарчу гонехь вацара олийла дац – 23 сов процент аьзнашца хьалхарчу метте ваьлла Макрон Эммануэл.
Цуьнан коьрта конкурент а, дуьхьалонча а йолчу Фронт Национал партин куьйгалхо Ле Пен Марин шозлагIчу метте яьлла, - цунна шайн аьзнаш делла кхаж тесначу францхойн 21 сов проценто.
Цу кепара, хIинцачул ши кIира даьлча Францера коьрта гIант къовсур ду цу шиммо - кхин бен-бен хила йиш йоцуш тайп-тайпана ши адам а, ши политик а долчу Макрона а, Ле Пена.
Верриге а 11 стаг вара харжамашкахь шайн кандидатура хьалхатеттинарг. Царех Оьрсийчоьнан президентаца гергало лелош а, Кремло озабезамаш беш хиларца гIарваьлла ца Iаш, коррупцина бехке веш а, шен хIусамнанна а, доьзална а низамца ца догIучу агIор белхаш а нисдеш, цаьрга саяккхийтарна бехке веш хилла волчу Фийон Франсуас 20 процент ца кхочуш кхаьжнаш даьхна.
Цо хIинцале а шен агIончашка кхайкхам бина, шозлагIчу гонехь Макронна дIалахьара шайн аьзнаш, аьлла. Цунна тIаьхьахIоьттина вогIуш ву иштта Кремлца йовха юкъаметтигаш кхобуш волу аьрро-радикалан боламан куьйгалхо Меланшон Жан-Люк, 19 сов процент аьзнашца. Кхин болчу кандидаташа кхин а кIезгох аьзнаш гулдин
Францехь бехачу нохчашна юккъехь кIеззиг бац цу пачхьалкхан олалла тIеэцна, харжамашкахь дакъалаца бакъойолу нах.
Нагахь санна, Ле Пен Марин шен аьтто-радикалечу агIончашца Iедале ягIахь, церан а, кхечу мигрантийн санна, хьал хаъал талха сахьт доцуш ду.
Ша президент хаьржича мухIажарш чу ца бита дозанаш дакъовла дагахь хилар а, бусалба дин лелор чолхечу даккха дагахь хилар а, ткъа иштта Франци Евробертана юккъера араяккха дагахь хилар а шен программин коьрте латтош йолчу Ле Пене толам ца баккхийтархьама а лоцу кхаж таса йиш йолчу нохчаша харжамашкахь дакъа.
Францерчу Ниццехь бехачу нохчийн, гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо волчу Магомадов Рамзана Маршо радиога дийцира, цу махкарчу нохчаша, доккхачу декъехь, шайн аьзнаш дIаделларг, царна толийта лиънарг а ву харжамашкахь хьалхара меттиг баьккхинарг бохуш.
Магомадов: „Нохчашна а, гIалгIашна а юккъехь дукха бу кхузахь кхаж таса бакъо йолуш а, харжамашка оьхуш а нах. Доккхачу декъехь белхашкахь бу вайнах кхузахь, ткъа балха тIера цу харжамашка кхойкхуш а, боьлхуш а ламаст ма дуй кхузахь. Цхьаццаберш бовла-м бовлу, кхеран харжамашкахь дакъалаца вайн гIуллакх дац, бохуш, амма дукхахберш кхаж тасса боьлхуш бу.
ХIинца кхузахь долчу хьолехь, харжа йиш йолчу кандидаташна юккъехь нохчашна тола лиънарг ву-кх толам баьккхинарг - Макрон“.
Цу юкъана харжамийн хьалхарчу гонехь тоьлла долу шиъ – Макрон Эммануэл а, Ле Пен Марин а шайн агIончаша хIинцале тIейогIучу шозлагIчу турна ира-кара хIиттош ду.
Иштта, Ле Пена элира шен харжамхошка йистхуьлуш, францхошна хьалха лаьтташ берг вуно атта харжам бу аьлла: я цара цхьа а кхерамазалла а йоцуш, дозанаш а доцуш, мигрантех яьккхина йолу Франци хоржур ю, я белхан меттигаш а ларъеш, дозанаш а долуш, кхерамзалла а, суверенитет а йолу пачхьалкхе хоржур ю аьлла.
Шен рогIехь Макрона, шен толам базбан гулбеллачу харжамхошна а, накъосташна а хьалха вистхуьлуш билгалдаьккхира, кIирандийнахь Францехь хилларг историкаллин мехалла йолу хилам бу, аьлла, ша Францин исторехь уггаре а къона президент хир волуш хиларна нундохуш. „Суна лаьа шун президент хила!“ - элира цо.