"Гаагерчу трибунало кхел йийр ю Путинна". Дагестанерчу акха десантхочо – тIамах, даймахках лаьцна

Алибеков Асхабали, "Дикий десантник" ютуберчу каналера видео тIера скриншот

Новороссийскехь веха Алибеков Асхабали – Iаьржачу хIордан Оьрсийчоьнан флотан тIеман декъан хилла буьйранча ву. Интернетехь "акха десантхо" санна вевзаш ву иза, иштта Путинан критика еш верг санна а. Шиъ административан дIалацар дича араваьлла иза хIокху деношкахь, Iедалан векал сийсазварна а, леринчу хьукматан гIуллакхдар галдаккхарна а бехке винера иза. ТIамна дуьхьала хиларна Iедал тIаьхьдаьлла цунна. Амма колонехь яккха хан тохаро а, эскарна тIехь "харцо кхолларна" гIуда тохаро а, административан гIуллакхаша а ца сецаво иза.

50 шо долу Алибеков Дагестанера Сергокала эвлара вахархо ву. Нохчийчуьра шолгIа тIом болалуш иза спецназан чоьхьарчу гIуллакхийн талларна юкъа вахара, тIом боьдучу дозанехь цо баьккхинарг исс бутт бара. ТIаккха Ставрополехь тIеман декхарш дIахьора цо. Цунах лаьцна зорбанаша дуьххьара яздира, 2007-чу шарахь гIалана йистехь иккхинчу шорттачу нехан летарца боьзначу хиламехь, цигахь лазийнера нохчийн студенташ: Атабаев Гилани велира, Ахматов Заурбек лазийра милицихочо. Оцу хенахь Алибеков и зуламаш талла бохуш вара, МВД-н белхахошна таIзар дар тIедожийра цо.

2018-чу шеран Чиллан-баттахь цо ша Iаьржачу хIордан флотан Новороссийскехь контрактхо волчу юкъанна, махкахь хIоьттина долу политикан хьал емалдеш президентана Путинна критика еш видео дIаязйира цо.

"ЛадогIахьа, Путин Владимир Владимирович! Хьайн цIа гIохьа, зуда йолчу, хIусамненаца дерг листахьа! Йитахь Оьрсийчоь Iадда, йитахь иза! 20 шо ду хьо Iедалехь волу, Украинехь стаг а вац бохуш аьшпаш буьтту ахь, вайн салтий украинхойн къоманна дуьхьала карзах боху ахьа! Ахьа украинхой хIаллакбахь, рогIера муьлш хир бу – белорусхой? ТIаккха татараш? Кешнаш дуьзна кегийрхойх. Массарна бакъдерг девза, лекъна Iа массо а!" – кхайкхам бина "акхачу десантхочо" лаккхарчу буьйранче.

Административан гIуллакхехула дIа а лаьцна ша 20 де чохь даьккхича, Алибеков Асхабалис дийцира Кавказ.Реалиига, "машаре" кхайкхам Оьрсийчохь зулам стенна лору, зуламе омранаш кхочушдан ца лучу эскархоша а, тIамна дуьхьала болу, амма иза хаийта аьтто боцучу оьрсаша а хIун дан деза а.

– Украинехь тIеман агрессии йолоро цец ваьккхирий хьо?

– Дукхачарна санна, и хаттар дийцарийн стоьла хьалха дерзаре а, эскарш чугIоьртарг ца хиларе а дог дохура аса. Хьекъале, бакъхьа инарлаш ма бу, цара Путин хьолах кхетон йиш яра. Амма эскарш дозане тетта долийча, со кхийтира, вуно доккха цхьаъ хирг хиларх.

Путин иза дан хIунда хIоьттина? Набахтехь дукха ойла йора аса. [Украинан президента Владимир] Зеленскийс Будапештехь барт бина йолчу пачхьалкхашца Украинехь зарратан герз хидлар хьехош саммит схьагулорах лаьцна дина дIахьедар хила мега, цо иштта сацам барна коьрта бахьана.

Путин кхеравелла. Украинах зарратан пачхьалкх хилахь, иза тIаьххьаре Москван куьйгкIелара ер ю, цунна хIумма а хьеха йиш хир яц тIаккха. Украинана тIе Iаткъам бан цхьа а меттиг буьссур бац Оьрсийчоьнан.

– Амма официалехь пропагандано "Донбассана бархI шарахь бомбанаш йиттина" бохуш юх-юха дуьйцу, иштта Украинехь гIаскхийн мотт ца буьйцуьйту, бохуш.

– Иштта хаамаш Путинна бийцина, аьлла хета суна. Иза тешийнера, Украинан цхьана дакъо оьрсийн эскарийн чугIортар къобалдийр ду, аьлла. Шаьшша ойла ейша, цхьана маттахь къамел дан муха доьхкур ду, иза суна дан лаахь а? ЦIахь дан йиш ю къамел, гергарчаьрца, кертахь, диаспорна юккъехь, оцу тIе даьлча.

Тхан Кавказехь шортта меттанаш дицлуш ду тIаьххьарчу хенахь, хIунда аьлча ерриг – зурма, кино, школа, жайнаш, интернет – оьрсийн маттахь. Иза вон ду, хIунда аьлча, мотт барна а, националан шатайпаналла йарна тIедуьгу цо. Амма луучарна массочу ханна аьтто бу иза ларбан, шайн доьзалехь бийцичхьана.

Киев кхаа дийнахь схьайоккхур ю, бохуш Путине къамел динчу инарлашна йицъелла украинхойн къоман истории

Хила тарло, Украинан Iедало шайн пачхьалкх ларйархьама, къоман украинхойн мотт хьалхарчу тIегIане биллина хилар. Китай, Японе вай кхаьчча, вайца оьрсийн мотт бица ма ца олий вай.

Хьо йозуш йоцчу пачхьалкхехь вехаш валахь, хьуна жимма мукъане хаа беза церан къоман мотт, иза хьан ненан мотт бацахь а. Оьрсийн мухIажаршца къамел дина аса, цара массара а чIагIдо – оьрсийн мотт цхьамма а ца бихкина, иза дац цигахь. Цундела, мотт ца буьйцуьйту бохург [иза] бахьана бен дацара.

"Донбассана бархI шарахь бомбанаш йиттинера" боху шолгIа дIахьедар, кхузахь доккха хаттар ду вайн эскархошка, Украинан ТIеман ницкъаша тохарш деш хилла бохучунна мичахь ду тоьшаллаш? ТIера барзакъ хийцина ополченцаша, йа цхьа доларчу тIеман кампанино и герзаш нах бехачу кварталашна "мокхачу" дозанера кхийсина ца хиларна тоьшаллаш хьаьнга далур ду. Аса Нохчийчуьрчу тIеман тийсдаларшкахь дакъа лаьцна, суна хаьа иштта хуьлий.

– Дийцарш даран стоьла хьалха, тIом ца беш и хьал листалур дара, аьлла хIунда хета хьуна?

– ТIеман стага санна аса дIабоху, тIеман тийсдаларш ца дича а йиш яра. Дукхачу эксперташа, инарлаша, аналитикаша а боху, дийцарш дан аьтто бара биссина.

Кавказехь дехаш шортта къаьмнаш ду, кхузахь конфликташ ца хила йиш яц. Уьш хилча баккхийра нах схьабогIу, охьаховшу, къамел до. Баккхийчу нахах цхьа а ца кхетахь, уьш хийцабо – барт бан хьуьнар долурш охьахийшабо.

Украинхой а, оьрсий а юккъерчу эзар шерашкахь йолчу историно вовшашца бузу. Амма хIинца украинхой чакхе тIе кхачалц лаьттар бу, иза дан лаам бу цаьргахь. Шен хIусам ларъеш волу стаг, тIелатачул онда хуьлу массочу ханна. Дуьхьало ян бух бу цуьнан.

– Чиллан-беттан 24-хь дIахьедарш динехь а, оьрсийн эскаре Киев ца яккхаелира. Иштта кхаа баттахь Донбассан дерриг латтанаш ца даккхаделира. Дерриг дуьненна шайн гIора ца хилар дIагайтина оьрсийн эскаро?

– Оьрсийн эскар гIеххьа ницкъ болуш дуьссу хIинца а. Оьшучул цунна мах ца хадор сонталла ю. Эшамаш – нийса тIеман гIуллакх дIадахьа ца хуучу буьйранчийн, инарлийн бехк бу. Киев кхаа дийнахь схьайоккхур ю бохуш Путине къамел динчу инарлашна йицъелла украинхойн къоман истории а, цуьнан доьналла а.

– Йоккхачу политикана тIера хьуна дуьхьала лелийна репрессешна тIе довлу вай. Машаре кхайкхар иза Оьрсийчохь зулам стенна лору?

– И хаттар дала лаьара суна вайн политикашка. Суна хетарехь, къоман батт дIасацон дуьхьа дина иза. Спецоперацех лаьцна дош ала уьш ца бохьийта. Уггар вониг, цо болх беш хилар. Амма Путинна а зен а хуьлуш.

Аса армехь дакъа лоцучу хенахь талларан тобанан буьйранчас олура: "Хьоьца таллар дан гIур ву со". Аса хоьтту "ХIунда? Со хьоьца массо ханна къийсало, критика йо". Цо жоп ло: "Хьо дог диллина стаг ву, хецна хьайн дагахь дерг дуьйцу ахь. Амма биссинарш бист ца хуьлуш Iа, массо хIуманца реза хуьлу тIехьажча. Амма уьш кхин а кхераме бу".

Ницкъахошна хета, цара шаьш къам кхерийна, и тапп аьлла Iаш ду. Иза иштта дац. Кхечу нехан масална тIехь наханна кхетта, духьал валар кхераме хилар – Кремло шен репрессешца дина иза. Амма нах собар деш бу. ТIамна дуьхьала пикет ярна шаьш чу а ца бохкуьйтуш, тебна, ерриг политикана саботаж йийра ю цара, тIаьххьаре Путин харш чохь вуьссур ву.

– Административан дIалецарш долучу хенахь полисхочуьнца къамелаш дирий ахь? Украинехь, Оьрсийчохь хуьлчух лаьцна хIун аьлла хета царна?

– Со спецприемникана "чувогIучу" хенахь белхахоша олура соьга: хьо политикан тутмакх ву, тхуна хаьа уьш харц гIуллакхаш хилар, хаьа баккъала а хьо стенна чувоьллина, амма тхо маьрша нах дац, тхоьга омра до – оха чекхдоккху.

Зуламе омра делча набахте кхачар гIоле ю. Балхара дIаволуш рапорт язъян кхера ца оьшу

Уьш кхета, стаг бехк боцуш чувоьллина хиларх, амма тап аьлла Iа, зуламца къийсам латтон кхоьру. Стенах тасбелла полисхой? Шайн пенсех. Цаьргара пенсии схьадаккха, ураме арабаха – тIаккха уьш къамел дан буьйлалур бу.

Колонера араваьлча со вуно дине вирзира, кхерар – иза сонталла хилар кхетталц догойла айъеллера сан. Коьртана дика воцучу куьйгалхочо омра деллера аьлла нах леш хьайна гуш хилча, тап аьлла Iан йиш яц.

– Тайп-тайпанчу регионашкара сих-сиха хаамаш кхочу, эскархой Украине баха реза ца хуьлу бохуш. Низамца дуьстича, оцу хьолехь хIун дан деза цара? Эскарехула хьайн хиллачу накъосташка хIун эр дара ахь?

– Буьйранчо омра ло: вало, нах байъа. Цара боху, ахьа омра кхочушдан деза. Хьанна хьалха декхаре ву? Даймахкана. Амма омра луш берг цара шайна бехказаллина буьллу даймохк бац, къаной, бераш дац, къаьсттина буьйранча ву. Лайш санна муьтIахь хилар коьрте дуьллу царна куьйгалло, стогалла хIаллакйо царлахь, муьтIахь йолу, хьекъал доцу машен хуьлу царах.

Амма муьлххачу хьолехь а харжам бу. Нохчийчохь цхьа хилам бара сан, салташа цхьа маьрша къано лаьцнера, тIемало волуш санна кеп а хIоттийна, иза вен гIерташ бара уьш. Аса автомат схьа а лаьцна, элира: "Аша цунна цхьа хIума дахь, аса герз деттар ду". Иза дIахийцира.

Тахана а бу эскархойн харжам – нехан омра кхочушдеш нах байъа, йа ша-шена хьалха цIена хила. Омра луш верг ма вац кхераме, и омра чекхдоккхург ву, тапчан лаг тIетаIориг, ракеташ хоьцуш пIел тIетаIориг. Церан карах бойъу цара. Вайн пачхьалкхана тIелетча кхин къамел хир дара. ХIинц кхин хьал ду.

Зуламе омра делча набахте кхачар гIоле ю. Балхара дIаволуш рапорт язъян кхера ца оьшу, куьйгалле хьуна хIумма а далур дац. Уггара вончу хьолехь хьо набахтехь нислур ву, цигахь а нах беха: биъ пен а, дийнахь кхузза кхача а.

Дера иза хало ю. Амма хьуна хьой стаг, латархо хетахь, доьналлица дIаваха йиш ю хьан, лай ца хуьлуш, Гаагерчу трибунало кхел йийр йолчу стагна муьтIахь воцуш. Амма кхел цунна мацца йина а йийр ю.

– ТIамна дуьхьала а болуш, амма цунах лаьцна дош ала, пикете бовла ца хIуттучу рогIерчу оьрсийн бахархошка хIун эр дара ахь?

– Хьайна аравала кхераме хетахь, кхечунна гIо де – баррикадашкахь волчунна тIекхехьа, бовха кхача, лазийначарна гIо де, патармаш схьада. Хьо юрист валахь бакъонан гIо латтаде лецначарна. Хьо журналист валахь – царах лаьцна язде. Кхеле вола, йа колонера уьш арабовлуш дуьхьала гIо. Аьтто балахь ахчанца гIо де. Йийбарна тIе охьа а хина дан йиш ю гIо. Коьртаниг – машарна дуьхьа тIом бар оьшуш хилар, вежарий байъаран тIом сацон догойла хилар а ду.

– Эзарнашкахь жигархой шайн пачхьалкхера лаамаза дIабоьлху. Хьуна хетарехь, уьш Оьрсийчохь оьшуш бу, йа дозанал арахьа?

– Иза дукха хьолах доьзна ду. Цхьахберш латархой хилархьама дуьненчу бевлла бу. Вуьш – лоьраш, инженераш, гIишлош юттурш, программисташ. Баррикадашкахь балар царна стенна оьшу, цигахь царах пайда кIезга хирг хилча? Коьртаниг – хьо дIавахаран бахьана диц ца дар, кхин дIа а зуламца къийсам латтор, изза махкахь деш волчунна гIо латтор а.

ТIетоха лаьара суна, со вуно Делах тешаш стаг ву, аса сайна цкъа а зенаш ца до. Со узуш, молуш вац, могушаллин дахар дIахьо аса, машенахь чIогIа лерина лела со. Цхьа а психическан лазарш ца хилла сан, со талларан резерван старшина санна тIеман чоьтехь ву. Аса иза дуьйцу питанаш ца хилийта. "Акхачу десантхочунна" цхьаъ хилла аьлла шайна гича, хаийла – иза ницкъахоша дина хилар. Уьш суна тIаьхьбевлла лелаш бу. Амма иза хилахь а, сан метта кхин нах хир бу.

***

Чиллан-Охан беттанашкахь Украинерчу тIамехь дакъа лаьцна хилла болчу Краснодарера Росгвардин белхахоша шаьш юха а тIаме бахийтарна дуьхьала рапорташ язйина. Цунах лаьцна Кавказ.Реалиига хаамбина Федералан эскарийн Краснодаран махкара Къоман гвардин коьртачу урхаллехь. Иштта и хаам тIечIагIбина цхьахьволчу эскархочо. Цо бахарехь, шина баттахь Украинехь яьккхинчу ханна кхачийначу алапна реза ца хилла росгвардин белхахой – дийцинчул а кIезга хилла иза.

ТIаьххьарчу ялх шарчохь дуьххьара толлуш ду Нохчийчохь тIамера вадарца доьзна бехктакхаман гIуллакх эскархочун Бугучаев Зеламхана дуьхьала. Материалаш Соьлжа-ГIалин гарнизонан тIеман кхеле хьажийна, амма хиллачун латтамаш билггала девзаш дац карарчу хенахь. Кхелан сайтехь хIоттийначу кехатца а догIуш, Стигалкъекъа-беттан 27-хь схьакъаьчна материалаш – бехкевечун хьокъехь сацам бийра бу Мангал-беттан 6-хь хир йолчу кхелехь. Кхелахочо Шалаев Артема ша толлуш ду гIуллакх.

Шаьш Украине баха реза ца хилча балхара бохорна дуьхьала уггара дукха аьрзнаш деллачех бу ГIебартон-Балкхарайчуьра а, Къилбаседа ХIирийчуьра а эскархой. И жамI дина "Медиазона" гIирсан журналисташа, цара оьрсийн кхелан практика теллина, цхьахболу реза ца хиллачаьрца къамел а дина. Гучудаьлла, Къилбаседа ХIирийчуьра кхелаша оцу тайпа 140 гIуллакхна регистраци йина хилар. Амма кхин дIа тIом бан реза боцучу эскархойн терахьехь лидерийн регионашкахь ю и республика, - вуьйцург пхи бIе стаг ву.