Your browser doesn’t support HTML5
Довха денош дахкарций урамашкахь, некъашкахь цIано еш, маса хьийза хьехархой а, лоьраш а, кхиболу Iедалан гIуллакхъхой а.
Массо вола а воьлла, могIарера гIуллакх ду махкахь, чIурам тIоьрмигаш кара а лоций, хьехархой, лоьраш, берийн бошмашкара хьехамчаш, кхиболу социалан декъехь хьаш-дезарш луьсту белхахой, нехех, кхеллех урамаш, некъаш дIацIандан арабовлар.
Ма –дарра аьлча-мма, арабаьхна бу уьш, цIано ян декхарийла а бина. Наха шаьш даре дарца ярташкахь, Iедалан балхахь къахьоьгуш мел болчу бахархошна тIедиллина юртдайн аьллар-лаам дахаре берзор.
Шайн доцу декхарш интеллигенцига кхочушдойту цхьаъ, шиъ шо хилла а Iац. Ял йоцу белхаш а дойтуш, шайна ахчанаш схьаоьцуш-м бац те цхьаболу хьаькамаш аьлла шеко кхобурш а бу хьехархошлахь а, лоьрашлахь а. Иштачех ю Новр-ГIалин кIоштера лахарчу классан хьехархо Майнат а.
Майнат: «Некъан бохалла Iохку дуьнентIе мел йолу нехаш: ду шишанаш, чIурам-тIоьрмигаш, кехатан беттанаш, кхийолу боьха мел йолу хIуманаш схьалехьийна ца Iа тхо. Диттийн гонаш оха охку, царна а, керташна а сир –кир а оха до… Оха бечу белхийн чот-хьесап дан тхо доьлча, дукха ахча хуьлу иза… Оцу хьаькамаша и шайна схьа-м ца оьцу те аьлла а хета, хаам- хаац...».
Хьашт-дезарш луьстучу урхаллехь Iаьржа белхалой олу къинхьегамхой долучуха, шаьш дIа дола а доьлла, атта до хIинца-м цIанонан белхаш боху, ца лаахь а лууш санна къахьогучех цхьаболчу бахархоша. Гуттар а царна новкъадогIург ду цIано йина кхо-диъ де доллушехь, юха а урамашкахь а, некъашца а изза нехаш гар.
КIадбоцчу бахьаненна хийла бехк боцу некъахо саца а вой, лан даккха санна хьийзаво некъа низам лардечу а, ца лардечу а полисхоша. Некъаца оьзда воцург лаца хьовса безар-кх, царна детта дезар-кх оцу Оьрсийчохь кхайкхийна долу и гIуданаш. Ишта хьажам бу Теркйистерчу хьехархочун Маретан.
Марет: «Арахь йохлушшехь, массо некъ, урам хаза, дIахьаьжа юьхькIам а болуш, бIаьрг белош, дIацIандина оха. Ахь дIа букъ туххушехь, йоккха юкъ ялале, юха а бехйина карадо некъаш а… Машенашкахь леларш божарий ма бу. Церан йижарий, наной ма бу и цIано йийраш. Полицин белхалой юкъа а ийзийна, доладайта, терго яйта езар-кх некъийн а, урамийн а, садоIучу меттигийн а».
Бакъ а долуш, Нохчийчохь хаддаза дIахьош ду цIанонан белхаш. Масала, цу декъехь, Нохчийчуьрчу хьолаца дуста а ца догIуш, нехийн къорзалгех доьттина хуьлу луларчу ГIалгIайчоьнан я ХIирийн мехкан некъийн агIонаш. Бакъду уьш цIандеш латтахь а, машенаш тIехь леларш хIумма а саготта бац цIано ларьярна. Къаьсттина дастаме, оьзда боцуш лела кегийрхой.