Гацаев СаьIид. "Чурт" (шира легенда)

Your browser doesn’t support HTML5

Гацаев СаьIид. Чурт

Гацаев СаьIид. "Чурт"

(шира легенда)

Хьаьвзина букъ тоьхна ша винчу махке,

Вахара ирс леха, леха кхин аьхке,

Кхечира Стамбуле, Иран а евзи,

Ираке, Египте цхьатерра хьаьвзи.

Амма, ирс ца карош Нилан цу йистехь,

Хийла а тIехтили гIамаре бIаьсте,

Винчу шен агIонгахь оццул и шеме -

Генарчу мехкан хи дацара чоме.

Сийначу шен мехкан шовданан метта,

Кхузахь ша хи молуш - муж молуш хета

Iоврехь дIалиттаза, саьрмакаш чохь Iаш.-

Иштта ма яцара шовданийн кортош?!

Хийла шо дIадаьлла, вирзи шен махка,

Дийзи ткъа къеначун бодане тахка:

Сирла дIалаьттара Нохчийчоь - шеме,

ХIаваъ а хетара мазал а чоме.

Ирсе шаьш доьлура ламанаш генахь -

Бала а бацара яьллачу хенан,

Гонаха ловзаре екара эшарш...

"Ас мичахь дайи шу, сан сирла шераш!?

Ирсах со ваьллера, ирс лаха, аьлла,

Кхузара дIавоьдуш, гуш ду и Далла!-

Iаьржа сан корта а сирбелла хIинца,

Ирс лоьхуш леллашехь лар йоцчохь ирсан.

Жималла дIаяьхьна хIетахь ас сайца,

Сайн къена даьIахкаш схьаеа хIинца,

ГIора а кхачийна, кхачийна ницкъ а...

Маржа-яI, ца оьшу генара рицкъа!

Кхузахь хьо, кIеж туьйсуш, кхихкина дахар,

Сихха со дIаэцар - Iожалле дехар!

Стаг вац со тIетовжа, стаг вац со вевзаш..."

Лаьттара воккха стаг, бIарзвелла хьийзаш.

Эццахь дIахьаьжначохь некъан йист кхолуш,

Чурт гира, цхьанна-ма хIоттийна лоруш.

Чурт гира... цунна тIехь, теллича меллаш,

Шен цIе а йийшира, малх хиларх шеллуш.

Махко воI ларарна, вайначун къинна,

ДоьгIна и хиллера мацах цкъа кхунна...

ГIийла, шен ницкъ боцуш кхин дIа гIулч яккха,

Вилхира воккха стаг, гор воьжна, тIаккха:

"Сан мохк... сайн сонталло со бале леци!

Ас хаза жималла къаналлех хийци,

Ирс а ас лийхи сайн, гененгахь, тилла,

Амма и хьоьца бен каро ца хилла.

Хьо бицбеш ца леларх, хьоьх ваьлла лийли,

Хийла ас хин метта сайн бIаьрхиш мийли,

Хьо дага мел беа, кийрахь дог Iеткъаш,

Хьекъална сайн кхетам хьакъ мадду леткъаш...

Юьхь яц сан хьан кийра дIавижа хIинца,

Юьхь яц сан сайна тIе хьан латта эца.

Соьца ахь хьайн гIиллакх лаьцна хиллера,

Амма со, хьох волуш, билггал тиллера".

Бехкала вахана махкана хьалха,

Вирзинарг шен махка кхана дIакхалха

Вахара юха дIа Iожал тIеэца:

"Ирс дацарх сан цигахь, Iожалла хир еца".